Хьуьжар

Хьуьжар (Ӏаьр.

Хьужарера дешар къаьстина а, маьхаза а ду. Хьужарера дешна бевллачеран бакъо ю университете дӀахӀитта.

Хьуьжар
Шердор хьуьжар — Самаркандера уггаре евзачу кхха хьуьжрех цхьаъ, йоьттина 1619—1636 шерашкахь Регистан майданехь

Истори

Дуьххьарлера хьуьжар дӀайиллира 859 шарахь Мароккохь маьждигехь (Аль-Къаравуйин). Хьубжарш йаьржира IXXIII бӀешерашкахь алсама нах ислам дин лелош болчу мехкашкахь, царна йукъахь революцил хьалхарчу Российн цхьацца мехкашкахь (Бухара, Самарканд, Хива, Йуккъера ИйдалтӀие, Башкирийчоь, Кавказ, Къилба Урал, Сибрех, кхин а). Хьуьжар дӀайоьллура дукха хьолахь даккхийчу маьждигашкахь.

Хьуьжарш, идеологин охьатаӀоран гӀирс санна, ладаме институцин маьӀна хилла (вакуфашца цхьаьна), цигахь керла йеана бусалбачеран тӀеман элита дов латто дезаш хилла ораматаш тесна йисинчу, амма экономин агӀора гӀийла йолчу керсталлин институташца (масала, византихошкара схьаяьккхина Анатолехь 1071 шерал тӀаьхьа кхоллаелла Сельджукийн султанат).

Дешаран Ӏамолаш

ХӀинцалера хьуьжарш

Халкъан дешаран система 1960-гӀа шерашкахь, дукхаха болу исламан мехкашкахь, хийцар бахьнехь, кхоллаелла коьрта шина тайпана хьуьжар: дуьненан амалан (халкъан дешаран системан чуйогӀу юккъера йа лакхара йукъара дешаран ишколаш а, динан гӀуллакххой кечбеш, Къуръан Ӏамо хьуьжарш а. Пачхьалкхан а, конфессийн а йоцуш, болх беш йу кӀеззиг долара мехах Ӏамо хьуьжарш. Дуьненан белхан хьуьжрехь Къуръан Ӏамор декхарелахь бу.

Хьуьжарийн архитектура

Хьуьжаран гӀишлойн архитектурин тайпа хӀоьттина бусалба дуьненан малхбалехь XXII бӀешерашкахь (Бухарера Фарджек хьуьжар, X бӀешо, ца йисина); Харгирдера Низамие, Иран, XII бӀешо. XII—XIII бӀешерашкахь хьуьжарш йира Гергарчу Малхбалехь (Димашкъера ан-Нурия аль-Кубра хьуьжар, XII бӀешо, БагӀдадера Мустансирийа, XIII бӀешо), XIIIXIV бӀешерашкахь — къилбаседа Африкехь (Фесера Саффарин хьуьжар, XIII бӀешо, КъахӀирера Хьасанан, XIV бӀешо).

Хьуьжар 
Бухарера Улугбекан хьуьжар

1—2 гӀатлин хьуьжаран йукъайогӀу еакӀуо кертан гуонахьа йолу мутӀаӀалимаш беха цӀа, маьждиг, дешаран чоь. Хьуьжарш цхьаьна кепара елахь а, амма тайп-тайпана областашкара хуьжарш вовшех къаьста планировкица а, конструкцешца а. Йуккъерачу Азехь маьждиг а, дешаран чоь а гӀишлон корпус чохь хуьлу, кевнан шинне а агӀора (ков лаьтта коьрта фасадан семан тӀехь), Шемахь а, Мисрахь а цара дӀалоцу керта агӀора дӀайиллина учеш. Жима Азехь хьуьжаран керт дукха хьолахь къовлу йоккхачу нартолца. Азехь тхьов нартолех хуьлу, Къилбаседа Африкехь — герагца къевлина варкхалан тхьов. Хьуьжар кечйо стукко, тӀулг, дечиг агарца, ткъа иштта аьгна терракотаца а, хит уху экъанца а. Уггаре а дуьненан хазнех ю Фесера Бу-Инания хьуьжар (XIV бӀешо), Бухарера Улугбекан хьуьжар (XV бӀешо), Бухарера Мири-Ӏараб хьуьжар (XVI бӀешо).

Билгалдахарш

Литература

  • Медресе / Бобровников В. О., Стародуб Т. Х. // Маниковский — Меотида. — М. : Большая российская энциклопедия, 2012. — С. 519—520. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 19). — ISBN 978-5-85270-353-8.

Хьажоргаш

Tags:

Хьуьжар ИсториХьуьжар Дешаран ӀамолашХьуьжар ХӀинцалера хьуьжаршХьуьжар ийн архитектураХьуьжар БилгалдахаршХьуьжар ЛитератураХьуьжар ХьажоргашХьуьжарБусалбанигИшколУниверситетӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

МогӀам(6091) MitsuruМаксвелл, Джеймс КлеркАаронсбург (Вашингтон гуо, Пенсильвани)Ота (гӀала, Япон)Ацаламов, Артур Абубакарович8 сентябрьАбердин-Гарденс (Вашингтон)Сен-ГӀеми-ШоссеТолстой, Лев НиколаевичГӀалгӀайн моттАллахӀХӀиндиФранциЦийн Халкъан РеспубликаПискиАзербайджанийн мотт.agБрамкиСитски (Калугин область)Шира ЖелтойчоьБашкирийн мотт28 октябрьДентонДюрер, АльбрехтГӀезалойчоьРингвуд (Нью-Джерси)ФилиппинашТеократиВикилармаКъилбаседа полюсЧехийн моттОкуев ШимаЭлчаУкраинаВикипедиУфа30 январь1943 шо31 августНицше, ФридрихХамхоев, Ваха Висангирин воӀГвадалахараЖуьгтийн абатХьиджазОпаричОперационни системаЧелябинскан областьПелеУдмуртиАгӀбулаг (Шушан кӀошт)Доло (Итали)Нохчийн Республика НохчийчоьNGC 3062Каргапольен кӀоштБарнаулПублий Овидий НазонАхмадов, Муса МагомедовичСамертон (Аризона)Кавказан лаьмнашБоргӀалИндустри570 шоБарабу (Висконсин)🡆 More