Космонавтикан Де

Космона́втикан де — даздора хьалха ССРСхь, ткъа тӀаьхьа Россехь а, кхечу Советийн хиллачу мехкашкахь 12 апрелехь.

Терахь хӀоттийна дуьххьара адам космосе хьаладахарна сий деш.

Космонавтикан Де
1965 шеран «Космонавтикан денна» лерина Советийн поштан марка

Истори а, даздар а

1961 шеран 12 апрелехь советийн космонавт Гагарин Юрий космосан «Восток-1» цӀе йолчу кеманахь хьалахецна «Байконур» космодромера, дуьненахь дуьххьара Дуьне планетан орбитан гуо баьккхина. Дуьнена гергарчу космосан есаллехь тӀома лелар хилира 1 сахьт 48 минот.

Советийн Союзехь Ӏида хӀоттийна ССРС Лакхара Советан Президиуман омарца 1962 шеран 9 апрелехь. Даздо Космонавтикан де цӀарца. И Ӏида хӀоттийна шолгӀачу ССРС космонавта Титов Германа кховдорца, иза дехарца вистхилира ССКП ЦК 1962 шеран 26 мартехь.

Оццу дийнахь, 1968 шеран ноябрехь хиллачу 61-гӀа Дуьненайукъара авиацин федерацин Инарлин конференцин протоколца (п. 17) а, 1969 шеран 30 апрелехь ССРС авиацин спортан федерацис кховдорца Дуьненайукъара авиацин федерацин сацамца а, даздо Дерриг дуьненан авиацин а, космонавтикан а де.

Российн Федерацехь космонавтикан де даздо 1995 шеран 13 мартан № 32-ФЗ «Российн тӀемлойн сийн а, иэсан терахьийн а деношха» цӀе йолу Федералан законан 1.1 статьяца.

Адам космосе дахаран дуьненайукъара де

2011 шеран 12 апрелехь Космонавтикан 50 шо кхачаран юбилейн лерина салют

2011 шеран 7 апрелехь ВКЪКХ Инарлан Ассамблейн леррина хиллачу пленаран ховшаршкахь тӀеэцна резолюци, цуо официалан кхайкхийна 12 апрель Адам космосе дахаран дуьненайукъара де. Резолюцин соавтор хилира 60 сов пачхьалкх.

Оцу дийнан кхин хиламаш

Адам дуьххьара космосе дахана нисса ткъа шо даьлчи, 1981 шеран 12 апрелехь йолийна америкин «Спейс Шаттл» программица дуьххьарлера пилоташ болу тӀомалелар.

Шиннен а сийна дуьненан дукхачу гӀаланашкахь 2001 шарахь дуьйна дӀахьо суьйренан мероприяти «Юрьевн буьйса». ДӀахьуруг бу правительствон боцу кхоллам Космосан чкъоьран консультативан совет (Space Generation Advisory Council), цуо цхьаьнатуху дуьненан 60 махкара декъашхой.

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Космонавтикан Де Истори а, даздар аКосмонавтикан Де Адам космосе дахаран дуьненайукъара деКосмонавтикан Де Оцу дийнан кхин хиламашКосмонавтикан Де Хьажа кхин аКосмонавтикан Де БилгалдахаршКосмонавтикан Де ХьажоргашКосмонавтикан Де12 апрельАдамКосмосан есаллаРоссиССРС

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Грот-ЗюндертАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташПхьагалИсмаилов, Абу ТуриевичАбу Бакр ас-СиддикъЦуруев, Шарип Мовладович2008 шоКоробчицыАбаканОкуев, Шима ХамидовичЧупина (Свердловскан область)632 шоШамтосе-суьгӀ-ЛуагӀБолгарашТуркойчоь2009 шоМоскохHTMLДерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а де1793 шоАбсолютизм2010 шоФерменташИталиАллахӀСтепанки (Черкассин область)ГӀезалойчоьСатуев, Хусейн Джунидович1991 шо1990 шоГацаев, СаӀид Асланбекан воӀИнгалсСебиев РамзанЗарзарЛенин, Владимир ИльичСаратовКриштиану Роналду1894 шоВселенниАляскаЙайладжик (Девели)ХорватиМонголиАргӀаной2012 шоТаьӀна-цӀенБадуев, СаьӀид СулеймановичИнтермашаГайтукаева, Бана МустафаевнаФранциПертика-АльтаДуб (Ржатиборжске Гори)ЧехиЗовашен1950 шоАнастойКрамаров, Савелий ВикторовичСтранеКейМать (фильм, 1926)Нохчийн мотт🡆 More