Жӏайхой

ЖӀайхой (жӀай.

ЖӀайхой
Жӏайхой
Шен цӀе магӀарулал
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла
  • гергга 1 000 000 стаг

Жӏайхой Росси
912 090(2010)

Жӏайхой Азербайджан
49 800 (2009)
по неофициальным данным — 260 000

Жӏайхой Гуьржийчоь
1 996 (2002)

  • КӀахети
    1 900 (2002)
    • Кварелан муниципалитет
      1 900 (2002)

Жӏайхой Туркойчоь
53 000

Жӏайхой Украина
1 496 (2001)

Жӏайхой Узбекистан
  1 200 (2016)

Жӏайхой Кхазакхстан
1 206 (2009)
Хаам
Мотт жӀайхойн мотт
Дин ислам суннийш
Йукъабоьду кавказан доьзал,
къилбаседакавказан доьзал,
нах-дегӀастанан тоба,
жӀайхойн-Ӏаьндийн-цезийн га,
жӀайхойн-Ӏаьндийн бухара га
Гергара къаьмнаш Ӏаьндий, дидой, чамалинхой, хваршинаш, годоберинаш, каратинаш, гунзибхой
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Барам а, охьаховшар а

Дуьнен тӀиера жӀайхойн барам: берриш 1 млн: Россехь — 850 эз., Азербайджанехь — 50 эз., Туркойчохь — 50 эз.

2010 шарахь бахархой багарбаран терхьашца жӀайхойн дакъа кӀошташкахула:

КӀоштан цӀе Регионан цӀе % жӀайхойн
Ӏахвахойн кӀошт ДегӀаста 99,4 %
ЦӀунтӀан кӀошт ДегӀаста 99,4 %
Харгабин кӀошт ДегӀаста 99,3 %
ЦӀумадан кӀошт ДегӀаста 98,9 %
Шемалан кӀошт ДегӀаста 98,7 %
Гумбетан кӀошт ДегӀаста 98,6 %
КӀляратӀан кӀошт ДегӀаста 98,4 %
Ботлихан кӀошт ДегӀаста 97,5 %
Унсоколон кӀошт ДегӀаста 97,5 %
Хунзахан кӀошт ДегӀаста 97,5 %
ЧӀарадан кӀошт ДегӀаста 97,3 %
ГӀунибан кӀошт ДегӀаста 96,3 %
Казбековн кӀошт ДегӀаста 85,9 %
Кизилюртан кӀошт ДегӀаста 83,4 %
Кизилюрт гӀала ДегӀаста 72,1 %
Шаройн кӀошт Нохчийчоь 54,4 %
ГӀизларан кӀошт ДегӀаста 46,6 %
Южно-Сухокумск гӀала ДегӀаста 46,1 %
Шури-ГӀала ДегӀаста 45,79 %
Тарумовкан кӀошт ДегӀаста 35,8 %
Хаси-Эвлан кӀошт ДегӀаста 31,4 %
Хаси-Эвл гӀала ДегӀаста 30,6 %
ХӀинжа-гӀала ДегӀаста 26,7 %
Шури-ГӀалин кӀошт ДегӀаста 23,5 %
Левашин кӀошт ДегӀаста 22,4 %
Ӏовхойн кӀошт ДегӀаста 21,9 %
Бабаюртан кӀошт ДегӀаста 20,3 %
ГӀизлар гӀала ДегӀаста 20,1 %
Кумторкалан кӀошт ДегӀаста 18,4 %
Каспийск гӀала ДегӀаста 14,7 %
Черноземельскан кӀошт ГӀалмакхойчоь 7,2 %

Беха ДегӀастанан ломан доккхаха долчу декъехь, ткъа кхин а аренашкахь (Шури-ГӀалан, Хаси-Эвлан, Кизилюртан, кхин а кӀошташкахь). ДегӀаста йоцуш, беха Нохчийчохь, ГӀалмакхойчохь, кхин РФ субъекташкахь (берриш — 912 090 ст.). ДегӀастанахь жӀайхой охьаховшаран коьрта область — ЖӀайхойн Койсу (ЖӀайхойн-ор) а, Ӏаьндийн Койсу (Ӏаьндийн-ор),Ӏаьржа-Койсу (Чеэр-ор) а эркийн майданаш. 28 % жӀайхой беха гӀаланашкахь (2002).

ЖӀайхой иштта беха Азербайджанехь (коьртаниг Белоканан, Закаталын, Кахан кӀошташкахь а, Бакохь а), цигахь 1999 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, массеран барам 49,8 эзар стаг хилира. ЖӀайхойн кегийра тобанаш еха Гуьржийчох, гулахь Кварелин муниципалитетехь, кхин а Логодехан муниципалитетехь, Тиблисехь, Туркойчохь, Кхазакхстанехь, кхечу махкашкахь а.

«ЧӀогӀа чолхе а, цхьаьна ца догӀуш а ду тахана, — ала дийзира 2005 ш. реза ца хиларца дегӀастанан Ӏилманчо Б. М. Атаевс, — Российн арахьара жӀайхойн диаспоран барамех лаьцна хаттар. Иза доьзна ду уггаре хьалха, уьш бехачу мехкашкахь политикин а, кхин а бахьнашца бахархой багарбарехь къам ца гайтарца. Цундела далош долу тайп-тайпанчу хьосташца жӀайхойн тӀаьхьенийн барам хетарехь гергара бен ца хаьа, масала, Туркойн Республикехь. Амма нагахь ларахь дегӀастанан малхбалеӀаморхочун А. М. Магомеддадаевн дешнаш, „таханлерачу Туркойчоьнан махкахь 1920-гӀа шерашкахь хилла 30 сов дегӀастанан эвланаш, 2/3 царех лаьтташ хилла жӀайхойх, „оцу махкахь беха дегӀастанхойн-баккхийн наха дийцарехь, тахана кхузахь беха 80 эзар сов дегӀастанхо“, тӀаккха лерича царех 53 эз. жӀайхо хуьлу».

Иштта, уггаре йоккха ССРС хиллачу мехкан дозанал арахьара жӀайхойн диаспора Туркойчохь ю. Цуьнца цхьаьна, лара деза, Хункар-мохк йукъахь хиллачу Шеман а, Урданан а мехкашкахь кӀез-кӀезиг жӀайхойн мухажирийн тӀаьхьенаш хилар, уьш кӀезиг хиларна, меттигерчу Ӏаьрбийн бахархойн оьздангаллан а, меттан а боккха Ӏаткъам хилла, иштта къилбаседакавказхойн, алсама адыгийн а, нохчий а. «ДегӀастанхойн Ӏусманан импере мухажиралла» цӀе йолчу шина томан монографин авторо Магомеддадаев Амирхана тешалла до: «Къилбаседакавказан векалш, царна йукъахь дегӀастанан диаспоро а ладаме роль ловзайо Туркойчоьнан, Урданан, Шеман социалан-экономикин а, йукъараллин-политикин а, синмехаллин-этносан дахарехь… Таханлера Туркойчохь, вайн гарехь, тоьар ду, Туркойн Республикин Тансу Чиллеран правительствехь пачхьалкхан кхерамазаллин министр Мехьмет Гёльхан хилар гайтича а — Кулецма эвлара мухажирийн тӀаьхьенах волу, я Ментеш Ӏабдулхьалим, 1960 шарахь Туркойчохь пачхьалкхан харцам охьатаӀийна, авиаполкан баьчча».

Билгалдахарш


Tags:

ДегӀастаЖӀайхойн моттКавказ

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

1922 шо2000 шоXX бӀешо.byОвенсборо (Кентукки)15 январьРиядХьиджазНохчийчоьнан историПачхьалкх.cvБашасВосегӀеДе-буьйса1901 шо1905 шоИйдалБиотехнологи1939 шоМамакаев, Мохьмад Амаевич.sg1990 шоНава-де-ла-АсунсьонЭйнштейн, АльбертБелорусийн мотт1918 шоМонтемор-у-НовуАльтманштайнВиноградов (Украина)1932 шоЛещин1830 шоГиппократКанаран гӀайренашЦавкисиОбиньи-ан-ЛаннуаМонреальАвстралиЕвропин барт1963 шоХарьковИльясДарбане баппаФилософи1964 шоГезлой-ЭвлаСербашИбраьхӀимНатик (Массачусетс)ЛибериБежӀунан баппаБаскиноШамван-ле-МуленРоссийн империЛи БоМисарОслаАдам1954 шоNGC 4576.moГвиней-Бисау.ytФгӀенуа-ле-ГгӀанКонгрессан библиотека1710 шоКанада🡆 More