Итон-Кхаьлла

Итон-Кхаьлла, Итон-Кхелли (оьрс.

Кхуллу Итон-Кхаьллан йуьртан меттиг.

Эвла
Итон-Кхаьлла
Сурт
HGЯO
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Итон-Кхаьллан
Йуьртан меттиг Итон-Кхаьллан
Юьртда Амаев Лом-Али Григорьевич
Истори а, географи а
Йиллина 940
Хьалхара цӀерш Шулкаг, 1944 кхаччалц — Итон-Кхаьлла
1958 кхаччалц — Ахалхеви
Центран локхалла 773 м
Климатан тайпа Барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 1340 стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий
Динан хӀоттам бусалба-суннийш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87164
Поштан индекс 366404
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96211810001
itum-kale.ru
Картин тӀехь
Итон-Кхаьлла картан тӀехь
Итон-Кхаьлла
Итон-Кхаьлла картан тӀехь
Итон-Кхаьлла
Итон-Кхаьлла картан тӀехь
Итон-Кхаьлла

География

Итон-Кхаьлла 
Итон-Кхаьллан кӀошт картин тӀехь

Эвла лаьтта Орган шина бердаца, цунна чу аьтту га Хьелдихойн-эрк кхетачохь, Шуьйтан 24 км къилба-малхбузехьа, Соьлжа-ГӀалан 75 км малхбузехьа.

Гергара эвланаш: Виедача къилба-малхбалехьа, Кхокхада къилбаседехьа, Тас-ГутӀе (Тасбича) малхбалехь.

Истори

Итон-Кхаьллан къилба йистехь, эвлан гергахь дуккха а юккъера бӀешеран иэсаш — тайпаний бӀаьвнаш, кешнаш а, маьлхан кешнаш а ду. Шира эвла Шулкаг, хӀинца Итон-Кхаьллан дозан тӀехь ю, иза хила тарло М. Ю. Лермонтовн «Ломан эвла гар» суьртан тӀаьхь ерг . Ишта Итон-Кхаьлла йукъа йохуш йу Пхьакхоча. Тахана Пхьакхочара гӀаланаш а, бӀовнаш а архитектурни музей йукъа йолхуш йу.

Итон-Кхаьлла 
М. Ю. Лермонтовн «Ломан эвла гар» 1840—1841.

1858 шарахь Орган аьтту бердаца, Итон-Кхаьллан къилбехьа юьйгӀира «Евдокимовн чӀагӀо».

Зазмерк эвлан гергахь, чуволучехь диллина ду Башан-кхеллахь дерг санна тӀай, некъ араболу арене, лаьмнаш агӀонашка дӀасахуьлу, садаӀа атта хуьлу. Сихха гучудовлу Итон-Кхаьллан тӀулгийн саьккалш. Евдокимовн чӀагӀо лаьтта цуьнца цхьаьна асанехь, кӀеззиг аьттухьа, Органан аьтту бердаца. Цунна тӀекхачале, дезара кхин цхьаъ кхозу тӀайн тӀехула довла, иза долчохь говрара дисса дезара.

1944—1957 шерашкахь, нохчий а, гӀалгӀай а арабаьхначул тӀаьхьа, эвла дӀаелира Гуьржийн ССР йукъа цӀе Ахалхеви а тиллина. Нохчий цӀа бирзинчул тӀаьхьа шен цӀе меттахӀоттийра. 1967 шарахь кхузахь кхоьллира Органан историн-археологин музей-заповедник.

Итон-Кхаьллара болало Нохчийн Республика Ичкерис болийна автонекъ Итон-Кхаьлла — Шатили.

ШолгӀа нохчийн тӀом болуш, 2000 шеран 10 февралехь Итон-Кхаьлла каралецира федералан ницкъаша.

Бахархой

Бахархойн дукхалла
199020022010201220132014201520162017
110029161068111411481193122712581288
201820192020
130813151340


    Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран терхьашца:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 689 64,51 %
оьрсий 122 11,42 %
жӀайхой 81 7,58 %
лаьзгий 50 4,68 %
табасаранаш 47 4,40 %
гӀумкий 24 2,25 %
азербайджанаш 15 1,40 %
кхин берш 40 3,75 %
берриш 1 068 100,00 %

Сийлаллаш

Дукхаха долу цӀенош доьттина шарбанза тӀулгах, поппар хьаькхна, кир тоьхна, хуьлу йиллина уче. ЦӀеношна уллера декъан гуо бо лохачу тӀулгийн кертах. Юьртахь ду тодина маьждиг.

Цхьаьна меттехь хӀоттийна Российн Турпалхочун Узуев Мохьмадан бюст. Циггахь лаьтта Орган дозан тобан Узуев Мохьмадан цӀарах дозанера гӀап.

ГӀарабевлла эвлахой

  • Узуев Мохьмадд Яхъян воӀ (1917—1941) — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо. Российн Турпалхо (веллачул тӀаьхьа, 1996 шо).
  • Исаев Хьусейн Абубакарович (1960—2004) — Нохчийчоьн Пачхьалкхан кхеташонан хилла председатель. Кхелхина 2004 шеран 9 майн Соьлжа-ГӀалара терактехь.

Галерей

Билгалдахарш

Литература

Tags:

Итон-Кхаьлла ГеографияИтон-Кхаьлла ИсториИтон-Кхаьлла БахархойИтон-Кхаьлла СийлаллашИтон-Кхаьлла ГӀарабевлла эвлахойИтон-Кхаьлла ГалерейИтон-Кхаьлла БилгалдахаршИтон-Кхаьлла ЛитератураИтон-КхаьллаИтон-Кхаьллан кIоштНохчийчоьОьрсийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Северенс (Колорадо)Нохчийчоьнан историУфаХьаьжВикипедиКапитализм2004 шоМадинатКоьрта агӀоПрагаМинск4 декабрьНохчийчуьра олхазаршДуьнеАль-ХалилМаврикиИнгалсан моттХӀинди24 декабрьКонгрессан библиотека7 сентябрь2003 шо24 августГригорийн рузмаСанта-Крус-де-Тенерифе1950 шоФранциШолгӀа дуьненан тӀомПомпеиВашингтон (Гуо Колумби)ЕйнибулагДжулвез (коммуна)2014 шоГегель, Георг Вильгельм Фридрих20 январьТуьрк1904 шо1911 шоЭрзянийн моттСеда ДудуркаеваОьрсийн моттБахьрайнОраматаш25 августМаслаченко, Владимир НикитовичВовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламУмханов, Шарип ИсаевичЙоккха БританиЦӀерпоштГарабуджаг (эвла, Куьрдаьмиран кӀошт)1966 шоИстмалаМонтана2002 шоОбаргДегӀаста4 январьТаьӀна-цӀен29 декабрь17 июньИсламан календарьФеллини, ФедерикоФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)Саввина, Ия Сергеевна1983 шоКуц-аьзниIP-адрес🡆 More