Америкин Цхьанакхетта Штаташкахь Гражданийн тӀом (инг.
Иштта а «Къилбаседан а, Къилбан а юккъахь тӀом» олу цунах.
АЦШ гражданийн тӀом | |||
---|---|---|---|
Терахь | 12 апрель 1861 — 9 май 1865 | ||
Меттиг | Къилбера мохк; 1863 — Къилбаседера мохк | ||
Бахьна | Лай бацабеш штаташан сецесси | ||
ЖамӀ | АЦШ толам; Къилбан юхайар; Лолла дIаяккхар | ||
МостагӀий | |||
| |||
БӀаьччаш | |||
| |||
Массон ницкъаш | |||
| |||
Белларш | |||
| |||
Массо белларш | |||
| |||
Медиафайлаш Викилармехь |
ТӀом болабелира Къилбаседан цхьайтта штат Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ чуьра араяла лаам болуш хиларна. Цара кхоьллира Америкин Штаташан Конфедераци, доцца аьлча Конфедераци. Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ урхалла а, цуьнан муьтӀахь хилла штаташах Барт (инг. the Union) олура.
Лолла дара тӀеман коьрта бахьана. Лай бацабар даьржина дара Къилбан Штаташкахь а, Конфедераци чу йогӀуш йолу 11 штаташкахь а. Амма Къилбаседан штаташкахь лолла магийна дацар. Лолла дӀадаккха сацам бина волу Авраам Линкольн Америкин Цхьанакхетта Штаташан президент хаьржинчул тӀаьхьа, Конфедерацин штаташ Барт чуьра арайовла гӀоьртар. Бертан хетарехь, штаташан бакъо яцар дӀакъаста. Лай бацабеш пхиъ штат йисира Бертахь. Царах «дозанера штаташ» олура. Хьалхара, Бертан тӀамехь лолла дӀаяккха Ӏалашо яцар. Дерриг 1862-чу шарахь хийцаделар.
1861-чу шеран 12-чу апрелехь Конфедерацин ницкъаш Къилбера Каролинехь Бертан эскаран карахь йолу Форт Саммер гӀопан тӀелатарца болабелира тӀом. Деа шарахь лаьттира тӀом. Къилбан доккха зенаш дира. 1862 шо кхаччалц къилбаседанан штаташкахь дара латарш. Ткъа 1862-гӀа шарахь дуьйна къилбера штаташкахь.
ТӀаьххьара толам баьккхара Барто. Цо толам баккхарца лолла дӀаяьккхира массо а штаташкахь.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article АЦШ гражданийн тӀом, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.