Ясаков, Къахӏим Ясакович

Яса́ков КъахIим Ясакович (1924 шеран 23 февралехь, РСФСР, Нохчийчоь, Теркан кӀошт ЧӀулга-Юрт) — нохчийн хьехархо, 46 шо ишколан дIаделла.

Тайпана Ӏаларо.

Ясаков, КъахӀим Ясакъан кӀант
ГӀуллакхан тайпа Хьехархо
Вина терахь 1924 шеран 23 февраль({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Вина меттиг ЧӀулга-Юрт, Теркан кӀоштан Нохчийчоьн, РСФСР
Кхелхина терахь 1987({{padleft:1987|4|0}})
Кхелхина меттиг ЧӀулга-Юрт
Корматалла нохчийн меттан хьехархо
Гражданалла ССРС ССРС
Да Ясакъ
Зуда Халипат
Бераш 2 йоӀ, 4 кӀант

Биографи

КъахIим вина 1924-чу шеран 23-чу февралехь. ЧӀулга-Юртара, оцу хенахь цхьаъ бен йоцу, ишколан ворхI класс кхиамца чекхйоккху цо.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалале хьалха иза деша хIутту Эна-Хишкара (цу хенахь иза уггар лоруш хиллачу) Асланбекан цIарах йолу хьехархойн училище.

Новкъа дIаса ваха аьтто боцуш, чIогIа хала зама хилла иза. Шена хуьлуш йолчу халонан ойла ца йеш, шайн цIийнан тIера дIа 80 км гIаш некъ беш дийшира цо. 1941-чу шарера дуьйна 1987 шо кхаччалц (ша валлалц, Дала гечдойла цунна а, массо бусалба стагана а) цуьнан дахар а, ойла а, болх а нохчийн маттаца доьзна дара. Хьехархочун болх дIаболийра цо ЧIулга-Юртарчу ишколехь. 1944-чу шарахь, вайн къам махках доккхучу хенахь, ишколан куьйгалхо вара иза.

Махкаха даьхначул тӀаьхьа

Вайн нахана хийрачу махкахь уггаре халачу а, чолхечу а заманахь КъахӀим дешна стаг хиларе терра сурсаташ юхкучу туькана куьйгалхо хӀоттийра. Цу туьканчуьра гIопасти тӀе кест-кеста мацалла дан хӀума доцуш долу бераш догӀура, царна йукъахь хуьлура цуьнан хилла дешархой. Уьш гича даге ца лалора цаьргахь болу бала а, гӀайгӀа а. КъахӀим Ясковича Iедалх къайлаха туькан чуьра мерза юургаш лора царна. И болх кхаа шарахь бира цо. Иза кхетара оцу гӀуллакхан чаккхе дика йолуш хир доций. Берашна болу деган лазам совбалар бахьана долуш, туька леринчул тӀаьхьа, Къаимна 15 шо хан туьйхира набахти чохь йаккха.

ЦIехьа дирзинчул тIаьхьа

Даймехка цIавирзинчул тIаьхьа, йуха а шен болх дIаболийра цо ЧIулга-Юртарчу ишколехь. Массарна а билгалделира, ша набахти чохь хан йоккхуш, шен нохчийн мотт кIорггера Iамор цо дIатесна цахилар. Цунна карайора дешархошна вас ца йеш, ша-тайпа забаршца йолу методаш бакъонашна тIехь. Цуьнан хиллачу дешархошна цкъа а диц ца ло шен хӀусамнене, Халипате, цо цIахь шортта туьха тесна демех шианнаш кечдайтар. Ткъа бакъо ца йийцина дешархо и даар даа дезаш вара классана хьалха. Дукха ца хуьлура и саннарг тIелаца лууш дешархой.

1966-чу шарахь цо болх беш чекхйаьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт «къоман» факультет.

Ясаков, Къахӏим Ясакович 
КъахIима болх барах долу тешалла

КъахIиман дешархой

Шовзткъа шарахь сов вайн нохчийн матте къайленашна тIекхача гIерташ, оцу балха тIехь дуккха а кхиамаш бина волчу КъахIимна лаара и вайн шира сийлахь нохчийн мотт шена санна, шен дешархошна а безаш хуьлийла. ХIинца а Делан къинхетамца, дийна бу цо нохчийн мотт хьехна цуьнан дешархой.

Царех цхьаберш:

  • Ахтаханов, Руслан Абуевич – нохчийн поэт, Россин йаздархойн бертан декъашхо, Боровик Артеман цӀарахчу премин лауреат, Современни гуманитарни академин проректор.
  • Кадиев Сайд-Мохьмад – «Википедин» нохчийн декъан администратор, хIинца а ишколехь хьехархочун болх беш ву, Теркан кӀоштан администрацин куьйгалхо хилла, автор «АьргIаной тайпана истори а, генеалоги а» жайнан.
  • Наурбиев Мохьмад – массарна а вевзаш хилла волу хьехархо, Теркан кIоштан администрацин куьйгалхо хилла
  • Супьянов Рамзан – техникин Iилманийн кандидат, Теркан кIоштан администрацин куьйгалхо хилла
  • Усманов, Нурлан Сайд-Алиевич – Российн Федерацин Художникийн бертан декъашхо, Российн Халкъан пхьар, Нохчийн Республикин Хьакъдолу художник.
  • Хажмурадов, Ӏайнди Алиевич – нохчийн йаздархо, поэт, 1983 шарахь дуьйна ССРС журналистийн бертан декъашхо, 2014 шарахь дуьйна Российн йаздархой бертан декъашхо, 1976 шарахь Германера Дрезден гӀалахь хиллачу йерригевропан хелхаран фестивалан лауреат, вайнехан «Лаьмнийн Поэма» цӀе йолу хелхар хӀотторна мидал а луш. Къаиман уггаре хьоме хилла волу дешархо ву иза.
  • Ясаков, Руслан Каимович – нохчийн литератор, публицист. КъахIиман кIант а, дешархо а.

Иэс

КъахӀиман цӀарах иза винчу а, веллачу а йуьртахь ураман цӀе тиллина.

Билгалдахарш

Tags:

Ясаков, Къахӏим Ясакович БиографиЯсаков, Къахӏим Ясакович КъахIиман дешархойЯсаков, Къахӏим Ясакович ИэсЯсаков, Къахӏим Ясакович БилгалдахаршЯсаков, Къахӏим Ясакович1924 шо23 февральНохчийчоьРСФСРТеркан кӀоштЧӀулга-ЮртӀаларой

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Свобода (Хустан кӀошт)30 октябрьАксёнова, Лидия ВалерьяновнаЮккъера МалхбалеСен-Жан-ПутжАргветиРозето-ВальфортореТоплиНотгӀ-Дам-де-МонДзялинь (Великопольскан воеводалла)Абу-Бакар, АхмедханШида-Картли (мохк)КрашенСийлахь-езачу Марьяман кхалхар1804 шоЛа-ОротаваГаусс, Карл ФридрихГамогма-Шуа-ХоргаОьрсийн—кавказхойн тӀом 1763–1864ТашуджуЛос-АнджелесХарачойн ЗеламхаЧорштинNickelodeon$1Сиски (Лодзький-Схиднан повет)БетлегемГифу (префектура)ФорлиНохчийчуьра акхаройNGC 6942ТӀомNGC 6994КӀираБалкань (коммуна)ВикихаамашМинводМакедонийн ИскандарБуттийАли Фуат Джебесой (КарабагӀлар)Пасифика (Калифорни)Елизавета IВеданаПалестрина, Джованни ПьерлуиджиНеркин ХндзорескМерфрисборо (Теннесси)ТиблисиУкраинаАшеберг (Гольштейн)ДегӀастаЗударийн накхаПеруСидар (гуо, Айова)Луь (Ландаш)Коьрта агӀоОьрсийГӀой-Чу29 апрельИоганн Себастьян БахКъурайш🡆 More