Якубу, Изабель

Якубу Изабель (фр. Isabelle Yacoubou; йина 1986 шеран 21 апрелехь, Годомейхь, Бенинехь) — французийн профессионалан баскетболхо, ловзу центровойн амплуахь.

ХӀинца ловзуш йу французийн «Танго Бурж Баскет» клубехь. Францин къоман гулйина командин йукъахь хилла 2012 шеран Лондонера Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо.

Якубу Изабель
фр. Isabelle Yacoubou
Якубу Изабель 2013 шарахь
Якубу Изабель 2013 шарахь
Францин байракх Танго Бурж Баскет— № 4
Позици Центровой
Харц цӀераш Isa, Baby Shaq
Локхалла 195 см
Йозалла 100 кг
Гражданалла Якубу, Изабель Франци / Бенинан байракх
Йина терахь 1986 шеран 21 апрель({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (37 шо)
Йина меттиг Годомей, Бенин
Драфт КъБА 32-гӀа, 2012, Атланта Дрим

Командаш
  • Францин байракх Тарб Жесп Бигор (2003—2010)
  • Италин байракх Беретта Фамила Скио (2010—2011)
  • Испанин байракх Рос Касарес Валенсия (2011—2012)
  • Российн байракх Спарта&К (Видни) (2012—2013)
  • Туркойчоьнан байракх Фенербахче (2013—2014)
  • Цийчоьнан байракх Хэйлунцзян Ченненг (2014)
  • Италин байракх Беретта Фамила Скио (2014—2018)
  • Францин байракх Танго Бурж Баскет (2019—н.в.)
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
  • Францин чемпион (2010)
  • Италин чемпион (2011)
  • Италин кедан толамхо (2011)
  • Испанин чемпион (2012)
  • Испанин кедан толамхо (2012)
  • Евролигин толамхо (2012)
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Лондон 2012 баскетбол
Европин чемпионаташ
Деши Латви 2009
Борза Польша 2011
Дети Франци 2013
Дети Мажаройчоь / Румыни 2015
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи

Карьера

Якубу Изабель йина 1986 шеран 21 апрелехь Годомей гӀалахь, Бенин, цигахь йехира 2005 шо кхаччалц. 2003 а, 2005 шерашкара кегийрхошна йукъара дуьненан чемпионаташкахь иза ловзура Бенин йукъахь. Французийн Тарб Жесп Бигор дехьайаьллачул тӀаьхьа тӀеийцира Францин гражданалла. Францин зударийн кегийрхойн гулйина командин йукъахь Якубус 2006 шеран Европин чемпионатехь борза а даьккхина, турниран MVP хилира. Коьртачу командехь хьалхара матч левзира 2007 шеран 11 августехь Швеци командин дуьхьаларчу матчехь. Дакъалецира 2012 шеран олимпийн ловзаршкахь, цигахь Францин гулйина команда финале кхечира, цигахь ийшира АЦШ гулйина командина.

2012 шарахь цуьнан Валенсера клуб Рос Касарес туьйлира Евролигехь а, Испанин чемпионатехь а.

2012 шеран 11 апрелехь Якубу йукъара 32-гӀа лоьмарца хаьржира ЗКъБА драфтехь «Атланта Дрим» командо, амма иза ца ловзийтира ЗКъБАхь Европин ловзархошна хӀоттийна хенал йоккха хиларна.

2012/2013 шо доладалале контракт йаздира Москохан областера «Спарта&К» командица.

Кхиамаш

Якубу, Изабель 
Якубу Изабель Лондонехь
  • Европин кегийрхойн чемпионатан MVP (2006)
  • Францин чемпионатан MVP (2009)
  • Европин чемпион (2009)
  • Францин чемпион (2010)
  • Италин чемпион (2011)
  • Италин кедан толамхо (2011)
  • Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо (2011)
  • Испанин чемпион (2012)
  • Испанин кедан толамхо (2012)
  • Евролигин толамхо (2012)
  • Финалистка олимпийн игр (2012)
  • Российн чемпионатан детин совгӀатхо (2013)
  • Европин чемпионатан детин совгӀатхо (2013)
  • Евролигин детин совгӀатхо (2014)

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Якубу, Изабель БиографиЯкубу, Изабель КхиамашЯкубу, Изабель БилгалдахаршЯкубу, Изабель ХьажоргашЯкубу, Изабель1986 шо21 апрельБаскетболБенинФранциФранцузийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Даллас-Сити (Иллинойс)Лелха хӀуманашКолбельШиркШербетли (Чан)Бернерс-Ли, ТимЭль-Мираж (Аризона)СуемУае (Сона а, ЛуагӀа а)Дукузов АсланЭджворт (Пенсильвани)ФугӀметоNGC 5342Сервантес, Мигель деЖоинвилиАксёнова, Анна ВячеславовнаНорт-Тастин (Калифорни)Дерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а деПуьссеАлькобендасАнглуьгӀАхмадов, Муса Магомедович1773 шоЛумпьякеМалиГлускӀазраилКгӀитоХьаьжБексултанов, Муса ЭльмурзаевичБеккас.liМарчюлёнис, ШарунасИкизташ (Милас)Новоселовски (Луганскан область)Натахтари2004 шоӀаламСен-ВиктогӀ-ла-КостМейфлавер-Вилледж (Калифорни)Эйфелин бӀовЛабазанов, Руслан ХамидовичАбхазиСацаран хьаьркашАндриянов (Львован область)Бадуев, СаьӀид СулеймановичЭрмалойчоьМаясКоппонеОлешнаЮсуфМусикХабувкаРингвуд (Нью-Джерси)Исэсаки1859 шоКлирвотерЭволюциГӀезалойчоьАбу ДжаьхӀльБжезьниця (Вадовицкан повет)2011 шоНухьБуьзансеГлассборо (Нью-Джерси)ЕвлеШахматашГӀиллакх2013Камберленд (Мэриленд)1889 шоМалхбален ТиморКавказ🡆 More