Эрк Соьлжа

Соьлжа (гӀалгӀ.

Соьлжа
гӀалгӀ. Шолжа
Сурт
Амал
Дохалла 278 км
Бассейн 12 200 км²
Хи дайар 82,9 м³/с (БоргӀане)
ДӀаэхар
Хьост[?] Ушкорт.
 • Эрк долу меттиг Доккха Кавказан дукъ
Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородни кӀошт
 • Локхалла 1200 м
 • Координаташ HGЯO
Хикхоче Терк
 • Эрк чекхдолу меттиг э. БоргӀане (Гуьмсан кӀошт)
 • Локхалла 28 м
 • Координаташ HGЯO
Хин охьане 1,2 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
Регионаш Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийн Республика
Код  ПХР чохь 07020001112108200005420
Соьлжа (эрк) (Кавказ)
Эрк Соьлжа
хьост
Эрк Соьлжа
хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Эрк Соьлжа
Теркан бассейн
Эрк Соьлжа
Сольжа эрк

Дохалла — 278 км, бассейнан майда — 12 000 км². Хьост — Доккха Кавказан дукъан къилбаседа басе 1200 м лакхахь. Хин даржаран йукъара барам 3800 г/м³: шарахь хино охьахьо 12,2 млн тонн латта а, гӀум а. Леладо аренашна хи дуьллуш.

Соьлжан некъ

Соьлжа долало ломан Ушкорт массиверчу шешкара, цигара Учхутан ломан рагӀ йоькъуш, шина Сугулта а, Соьлже а ломан чӀоже кхочу. Кхин дӀа ГӀалгӀайчухула къилбаседехьа доьду 37 км гена. Эккажакъоьнгий-Йурт уллехь Соьлжа арадолу масех генца, 12 км охьадоьду Эльдархан-ГӀала кхаччалц. Кхузахь хи малхбалехьа доьрзий Заки-Эвла кхаччалц охьадоьду, ткъа цигара 85 км охьадахчи Терках кхета.

Хин раж

Соьлжан чохь хи даиман а шорта хуьлу. ЧӀогӀа а, дукха а догӀнаш даьхкичи хи дестий 4 м кхаччалц хьаладала таро ю. Хи деста апрель-май беттанашкахь, Ӏаьнан лайнаш дешачу хенахь а, алсама догӀнаш догӀучу хенахь а. XIX-XX бӀешерашкахь хи гӀорадора, дерриг аьлча санна, цхьаццанхьара хи чехка долу меттигаш йоцурш. Масалаш ду, оьрсийн эскарш шан тӀехула артиллерица а, безачу мохьца а Соьлжех довлуш, амма тӀаьхьарчу хенахь хи гӀорош дац, Кавказехь климат кӀадъялар бахьнехь.

Бахамехь пайда иэцар

XIX бӀешарахь нохчаша Соьлжин бердаш йисттера хьун хьокхий, бӀаьста хи дистича охьайохьуьйтура ГӀизлара йохка. Соьлжан хи леладо аренашна хи дуьллуш, чӀара лоцуш.

Геннаш

Аьрру геннаш: Хьач-хи. Аьтту геннаш: Ӏасс, Валарг-хи, Гиха, Марта, ГӀой, Орга, Бас, Гумс.

Соьлжан тӀиера нах беха меттигаш

Соьлжан тӀехь ю:

Филателехь

Эрк Соьлжа 
«Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист». ССРС конверт. 1965 шо.
Эрк Соьлжа 
«Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист». ССРС конверт. 1972 шо.
  • 1965 шарахь арахийцира исбаьхьаллин марка латийна конверт «Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист».
  • 1972 шарахь арахийцира исбаьхьаллин марка латийна конверт изза цӀе йолуш.

Билгалдахарш

Литература

  • Сунжа — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 

Tags:

Эрк Соьлжа Соьлжан некъЭрк Соьлжа Хин ражЭрк Соьлжа Бахамехь пайда иэцарЭрк Соьлжа ГеннашЭрк Соьлжа Соьлжан тӀиера нах беха меттигашЭрк Соьлжа ФилателехьЭрк Соьлжа БилгалдахаршЭрк Соьлжа ЛитератураЭрк СоьлжаГӀалгӀайн моттКъилбаседа КавказОьрсийн моттТерк

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Сен-ГальмьеКадыров, Рамзан АхматовичФранциМисарРамадан1928 шоЭрзурумАргентинаРиудеканесШамван-ле-Мулен1994 шоРиядБельгиНохчийчуьра акхаройРузма1959 шо.tc.mr1914 шоПриднестровье1897 шоМустлургИсраилМонкада-и-РешакХасстоьмашБадарж1939 шо1890 шоБисмарк, Отто фон1929 шо.tj1945 шоАпиаКорсунь-ШевченковскиМаьт-ЛамГрамматикаЭлиане ЖиардиниNGC 6319Эль-Сегундо (Калифорни)1954 шоШанде.mxДуьненан хьалхара тӀомКурумова, Селима.deАзербайджанАвстриТоронтоТаршаОльзи (Франци)1921 шоНохчийчоьнан историГӀалмиЦийн Халкъан Республика.by1957 шоФибербрунн1965 шоСийлахь Петран КилсКаннаполис (Къилбаседа Каролина)БашкирийчоьАмуран областьМонтемор-у-НовуЛа-Шапель-о-СенБельвиль-ан-БожолеЛа-Ноьвиль-ле-ДогӀанЛупень1793 шоБашасАсуара1983 шоГӀалгӀайчоьТайфонтен1934 шо1999 шо🡆 More