Советийн Хилла Аре

Советийн хилла аре, кхин а йевза ЛПД а, Балтиййистан а мехкаш йа гергара дозанал аре (цкъан а ССРС йукъахь хилла йоцу генара дозанал аренах къастош) санна — йерриш а 1991 шарахь Советийн Союз йухуш а, йоьхначул тӀаьхьа а йукъара арайевлла маьрша пачхьалкхаш йу.

Советийн Хилла Аре
Советийн хилла мехкаш лоьмаршца:
Кеп:Ordered list

Советийн хилла пачхьалкхаш йу тайп-тайпана областера талламаш кӀелахь: географин, историн, политикин, экономикин, оьздангаллин.

Бахархой а, меттан хьал а

Советийн хилла аренан бахархой 2015 шеран хьалхарчу декъехь бара 293 миллионал сов стаг. Царех ах гергга оьрсийн этнос дара, бисинчара дукхаха дерг дика буьйцура оьрсийн мотт, уьш бара билингваш (ши мотт буьцурш). Йерриг а советийн хиллачу пачхьалкхашкахь ССРС йоьхначул тӀаьхьа буьйцу алсама къаьмнийн меттанаш. Царна йукъара йаккха мегар ду Белорусси: оьрсийн мотт буьйцу дукхаха болчу бахархоша, иза бахьнехь оьрсийн мотт къобал бира Пачхьалкхан мотт бина, белоруссийчуьнца цхьаьна. Цул сов оьрсийн мотт къоман иеттаца нисса лелаш бу Кхазакхстанехь, ГӀиргӀазойчохь, Таджикистанехь, цхьа могӀа официалан функцеш кхочуш йу Узбекистанехь. Оьрсийн мотт буьйцурш алсама бу Украинехь а, Молдавехь. Советийн хилла аренан мотт буьйцучеран барамца хьалхарчу меттигехь лаьтта славянийн меттанаш (оьрсийн, украинийн, белорусийн), шолгӀачу меттигехь — туьркийн меттанаш (азербайджанийн, алтайн, башкирийн, кхарачойн-балкхаройн, кхазакхийн, гӀиргӀазойн, кхаракхалпакийн, гӀумкийн, ногӀийн, узбекийн, уйгурийн, туркменийн, гӀезалойн, тувинийн, хакасийн, чувашийн, якутийн, кхин а).

Конфессин хӀоттам: керстанаш, бусалбанаш, буддисташ, кхин а.

Пачхьалкхаш а, географин регионаш а

Советийн Хилла Аре 
Советийн хилла пачхьалкхийн тобанаш:
     Росси      Балтийист      Малхбален Европа      Чоьхьара Кавказ      Йуккъера Ази

Советийн хилла пачхьалкхаш йекъало пхеа тобане. Йекъайаларан хьесап, географин а, оьздангаллин а факторийн бух тӀехь ду, кхин а Российца йолу йукъаметтигийн историца а.

Tags:

1991 шоЛааме Пачхьалкхийн ДоттагӀаллаПачхьалкхСоветийн Социалистийн Республикийн Союз

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЭрмалойчоьЭрмалойн моттБадуев, СаьӀид СулеймановичМаршон хӀолламПорт-Клинтон (Огайо)АвстриЛеларМьянмаӀаьржа кӀаХӀиндКалифорниАрубаПортугалиОмиссиАмазонкаАнгкор-ВатАцаламов, Артур АбубакаровичЖелтойчоьСаӀудийн ӀаьрбийчоьСократGoogleАхеджакова, Лия МеджидовнаКаменка (Плюссан кӀошт)КӀайн ЦӀа (Вашингтон)Нурадилов, Ханпаша НурадиловичСветловодскЛель, Екатерина НиколаевнаАЦШ долларДерриге чоьхьара сурсатПуэрто-РикоТехасИнженеран гӀуллакхСалойМаьрша гӀирсашМонтеротондоЭлистаЦебиев, Ахмед МагомедовичПинцолоСоветийн Союзан Коммунистийн партиКазале-МонферратоВагӀей (Сона а, ЛуагӀа а)Гродзиск (Минскан повет)Ронцо-КьенисИйдалДисненский РубежКгӀапоннЛазиноАфрикин бартТгӀуьиЭстони«Норд-Остана» террористаш тӀелатарОвхӀанХьевхьа цӀогуниеАринджКастельфондоНью-ДжерсиСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзШенгелия, Георгий РамазовичИталиАвстралиФакундо АранаСийлахь-воккха Кир II28 июньСен-ТгӀимоэльЛуанда(1588) ДескамизадаНохчийн Республикин шатлакхан илли.jpКоммедзадура🡆 More