Скоков, Юрий Владимирович

Ско́ков Ю́рий Влади́мирович' (1938 шеран 20 июнь, Владивосток — 2013 шеран 5 февраль, Москох) — Российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, дуьххьарлера Российн Федерацин Кхерамзаллин кхеташонан секретарь (1992—1993).

Скоков Юрий Владимирович
Российн Федерацин Кхерамзаллин кхеташонан секретарь
 — 1993 шеран 10 май
Президент Ельцин Борис Николаевич
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг Шапошников Евгений Иванович
Вина терахь 1938 шеран 20 июнь({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Вина меттиг Владивосток, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2013 шеран 5 февраль({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (74 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
ДӀавоьллина
Парти Нийсонан Росси
Дешар
СовгӀаташ
Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Орден «Сийлаллин Билгало» Скоков, Юрий Владимирович
Пачхьалкх Скоков, Юрий Владимирович Росси

Биографи

Вина ЧГӀХК эпсаран доьзалехь. Да гӀуллакхехь хилла Маньчжурехь, правительствон совгӀаташ а хилла цуьнан.

Дешар а, болх а

1961 шарахь чекхйаьккхина Ленинградан электротехникин институт говзаллица «радиоинженер», техникин Ӏилманийн кандидат.

19611969 шерашкахь — Калининера ССРС Дуьхьалонан министраллин № 2 йолу ӀТИ Ӏилманан белхало. 1969 шарахь дуьйна болх бина ССРС Минэлектротехпроман Токан хьостан йерриг союзан ӀТИ. 1977 шарахь — Краснодар гӀалара «Сатурн» заводан директор. 1986 шарахь хӀоттийна ЙӀТТХьИ инарлин директор, хилла ӀАЦ «Квантан» инарлин директор, ткъа цул тӀаьхьа пачхьалкхан отраслашна йукъара «Квант-ЭМП» цхьаьнакхетараллин урхаллин председатель (Электроприборашйаран а, машенашйаран а, арахецаллера а Ӏилманан, техникин кооперативан йерригсоюзан ассоциаци).

1988 шарахь хилира АМБИ-банк (Акционерийн коммерцин отраслашна йукъара интеграцин банк) йилла дагадаийтанчарех цхьаъ.

Политикин гӀуллакх

ССКП Москохан гӀалин комитетан декъахо хаьржина.

19891991 — ССРС халкъан депутат.

19901991РСФСР Министрийн Кхеташонан хьалхара гӀовс.

1991 шеран 19 июлера — 1991 шеран 12 сентябрь кхаччалц — РСФСР пачхьалкхан хьехамча — РСФСР Президент волчура Федерацин а, мехкийн а Кхеташонан секретарь.

Скоков хилира Ельцинан хийца йиш йоцу гӀоьнча; гӀараваьлла стаг воцушехь, цуо кхоьллира шен патронан оьшу йуьхьанца хӀун дер ду ца хуу бунтхочун дуьхьала хилла «чӀогӀа бахамхойн» а, регионийн элитийн а база.

Максим Артемьев, Forbes

1991 шарахь — РСФСР Президент волчура пачхьалкхан кхеташонан декъахо.

1991 шеран 12 сентябрера — 1992 шеран 3 апрель кхаччалц — РСФСР пачхьалкхан хьехамча — РСФСР Кхерамзаллин кхеташонан структурин а, низаман а гӀуллакхан статусан болх кечбаран РСФСР президент волчура Комиссин секретарь.

1991 шеран 19 сентябрера — 1992 шеран 3 апрель кхаччалц — РСФСР Кхерамзаллин кхеташонан система йаран белхан РСФСР президентан гӀоьнча.

1992 шарахь цуьнан кандидатура хӀоттийра Российн правительствон председателан дарже. Халкъан депутатийн гуламехь рейтинган кхаж тосуш (РФ Президентана Б. Ельцинан рекомендацин амал йара цуьнан) цунна уггаре дукха кхаж тесира (637), амма Правительствон коьрте Е. Гайдара кховдорца хӀоьттира Черномырдин Виктор, рейтингехь шолгӀа хилла волу (627 кхаж).

А. А. Нечаевн тешаллийца, Гайдаран когаметтаверг «консервативан а, ницкъаллин а агӀора лидер» волу Скоков ца хӀоттор, Гайдаран цхьаъ бен доцу дехар дара Ельцинега ша мукъаволуш.

1992 шеран 22 майра 1993 шеран 10 май кхаччалц — Кхерамзаллин кхеташонан секретарь. Оцу даржехь Скоковс луьстура ССРС хилла республикашца чоьхьара гӀуллакхийн, талламан, башха гӀуллакххойн белхаш, ткъа кхин а, хӀоьънийн статус йоцу керла маьрша ЛДП пачхьалкхаш хилар бахьнехь, хӀоьънан герзаца уьйр йолу йерриг объект Российн махка дехьайаккхар. И мур билгалбаьккхина Скоковс гуьржийн-абхазийн девнехь жигара дакъа лацарца, цигахь иза дика хьовзарна Российн официалан меттиг цхьаьнаэшшара амалехь хилира, Гуьржийчоьнан а, Абхазин а интересийн чот йеш. Абхазин маршо а, хила тарло Гуьржийчоьнах дӀакъастар цхьаьна йогӀу Российн геополитикица ойла йолуш волу, Ельцинан гуонахьара политикех цхьаъ бен воцу, политик хила мега.

1993 шеран мартехь Скоков дуьхьалавелира РФ президентана, цуо куьг ца йаздираЕльцинан омран Мехкан урхалла даран башха низам хӀотторах йолчу проектана. Омар йукъахь дара РФ Конституцин дуьхьала долу РФ Лакхара Кхеташонан болх сацор. Ишттачу кепара, оцу хенахь Скоковс сацийра кхин а ах шо даьлча хилла 1993 шеран гурахь хилла политикин къоьллех тера кхуьу хиламаш. ЖамӀехь дӀаваьккхира РФ Кхерамзаллин Кхеташонан секретаран даржера.

1993 шеран аьхка Къаьмнашна а, регионашна а йукъара экономикин баланийн центран куьйгалле хӀоьттира.

1993 шеран июлехь Российн сурсаташарахецархойн федерацин (РСФ) куьйгалле хӀоьттира.

1993 шеран августехь-сентябрехь дакъа лецира «Даймехкан дуьхьа барт» комитет кхуллуш, факт хилла коьрте хӀоьттира оцу центристийн кхолламан, дуьхьала вара Лакхара Кхеташо дӀайаккхарна, гӀиртира къоьлла ницкъ ца беш дӀайерзо.

1995 шеран апрелехь дӀабаьхьира Йерригроссийн ОьЙК гулам, цигахь хаьржира ОьЙК Къоман Кхеташонан председатель. Уггаре гергара Скоковн нийсархошна йукъахь бу — Глазьев Сергей, Рогозин Дмитрий.

1995 шеран сентябрехь Скоков ОьЙК харжаман цхьаьнакхетараллин испискин коьрте хӀоьттира шолгӀачу кхайкхаман Пачдумин харжамашкахь. Амма ОьЙК 5 процентан дозанан дехьа ца йелира, гулбира 4,31 процент кхаьжнаш.

1998 шарахь коьрте хӀоьттира йукъарароссийн политикин йукъараллин «Российн регионийн парти» кхолламан иза кхоалгӀа кхайкхаман Пачдумин харжамашкахь дакъа лоцуш йацара.

2006 шеран октябрехь «Нийса Росси» парти кхолларан гуламехь Скоков хаьржира «Нийса Российн» центран кхеташонан президиуме, ткъа 2007 шеран апрелехь партин москохан декъан куьйгалхойн йукъавахара.

Валар

2013 шеран 5 февралехь цӀеххьана велира шен цӀахь дог гӀуо хилла.

ДӀаверзочу хенахь лакхарчу даржера официалан белхалойх РФ Кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай бен вацара.

ДӀавоьллина Троекуровн кешнашкахь.

Доьзал

Зуда йалийна хилла, йоӀ кхиийна.

Хьажа кхин а

  • Силаевн хьалхара правительство
  • ССРС халкъан депутатийн исписка

Хьажоргаш

Билгалдахарш

Tags:

Скоков, Юрий Владимирович БиографиСкоков, Юрий Владимирович ВаларСкоков, Юрий Владимирович ДоьзалСкоков, Юрий Владимирович Хьажа кхин аСкоков, Юрий Владимирович ХьажоргашСкоков, Юрий Владимирович БилгалдахаршСкоков, Юрий Владимирович1938 шо20 июнь2013 шо5 февральВладивостокМоскохРоссиРоссийн Федерацин Кхерамзаллин кхеташо

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

FacebookДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламБугӀгонь (МагӀна)АпфельштедтЭйнштейн, Альберт2005 шо1896 шо.sgМонкада-и-Решак1959 шоПотрканьеКорсунь-ШевченковскиСингапурТанкДжолиэтЭрмитаж1925 шоПальмира (Хойникин кӀошт)ЛещинИйдалРиядIP-адрес26 октябрьВиноградов (Украина)Дуьненан хьалхара тӀомПракартвелийн моттМустлургКонгрессан библиотека1930 шо1923 шоСамукъане хьуьнан доттагӀийРоссийн империНажи-Йуьртан кӀоштМагомедов, Сейфулла СеферовичВенера (планета)Сент-Аман-МонгӀонАбай (Мактааралан кӀошт)ГиппократАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀХьиджазCOVID-19 уьнан пандеми15 январьЖӀайрахан кӀоштГарсиа Маркес, ГабриэльБӀовФонтен-УьтегӀтЛоман Карабах1968 шоПегӀль (Эна)Саут-Виндзор (Коннектикут)Бартбуохар.nf1918 шоБелорусийн моттБойкот.za1728 шоВувгӀе1946 шоУругвайМиддлбург (Виргини).mtThe Beatles1994 шоФранци🡆 More