Нашха

Нашха (иштта оьрсийн лит-рехь: Нашх, Нашаха; нох.

Таханлера локализаци — Нохчийн Республикин къилба-малхбузехь, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а, дакъа Итон-Кхаьллан а кӀошташкахь ю. Гихи а, Рошни а хишшан йукъара лаьмнашкара меттиг дӀалоцу цуо.

Нашха
Нашха
Географин регион Къилбаседа Кавказ
ЙукъайогӀу Нохчийчоь
Нашха Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а картан тӀехь
Нашха Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а картан тӀехь

Мохк бевзаш бу юккъерабӀешерашкара муьрера нехан йукъараллийн-тайпанийн даймохк аьлла Нашхой (оьрсийн меттахь — нашхойцы) этногенезан компонент ю хӀинцалера нохчийн. 1944 шо кхаччалц нах бехара, оцу шарахь меттигера бахархой махкахбехира Кхазакхстане.

ЦӀе а, терминологи а

Нашха цӀе йолу шира заманалера меттиг таханлерчу Ӏилманан-публицистийн литературехь, цхьа шеко йоцуш, юцуш ю Нашхой цӀе лелийнчу йукъараллица (нахаца). Цхьаболчу белхашкахь, уьш синонимаш санна далодо. Нашха\Нашхой юьйцучохь, авторша, дукхахьолахь, шайн белхашкахь кхетадо — нашхой этносийн тоба\этногруппа ю, ткъа Нашха церан дуьххьара баха хевшина шира меттиг ю бохуш а.

Иштта цхьайолчу литературехь ширачу заманалера меттиг Нашха хьахайо тайп-тайпанчу цӀерашца — ламасталлин цӀера тӀера (акъари? Шу? Урочище (мас. И. А. Арсаханов 1969, А. С. Куркиев 2005 кхин дӀа а.) «этнографин кӀошта» тӀекхаччалц (А. С. Сулейманов 1978).

Нохчийн меттан талламхочо А. Г. Мациевс ялийна гипотеза, цо дийцарехь Нашха/Нашхой цӀе йолу меттиг, я цӀе йоккху нах, и цӀерш, хила тарло нохчийн къомана нохчий аьллачу цӀарна лард хилла дӀахӀоьттинарг — нохчий (хьажа. Нохчий. Этимологи). Иштта цу вариантана тергам бан хьакъ лерина нохчийн гӀарабевллачу Ӏилманчаша а, царах ву лингвист, ф.Ӏ. д.., профессор И. Ю. Алироев а, и.Ӏ.д., профессор Ш. Б. Ахмадов а.

Географи

Нохчийн мохкбовзаран талламхочо, педагога а, халкъан поэта а А. С. Сулеймановс шен белхан шолгӀачу декъехь «Топонимия Чечено-Ингушетии» (1978) дуьххьара Нашхой цӀе лелочу йукъараллин (нехан) меттиг йийцина. (Нашха боху дош тидаме оьцуш).

Нашхан лулара мехкаш а, тайпанаш а
Нохчийн аре
Галай а, Ялхара а
(галай а, ялхорой а)
Нашха 
Роза ветров
Пешха (пешхой)
ТӀерла (тӀерлой)

А.С. Сулемановс дийцарехь, Нашха лаьтта Гихан а, Роьшнин а хишшан юккъехь, ширачу заманахь дуьйна билламе диллина шина декъе йекъало – ТӀехьа-Нашха/ТӀийхьа лома а, Сехьа-Нашха а. ТӀейха-Нашха лаьтта Нашахаломана къилбаседехьа, ткъа Сехьа-Нашха – къилбехьа .

Истори

Дуккха а болчу Ӏилманчашна хетарехь Нашха дукхахдолчу вайнехан тайпанийн дай баьхна латта ду ,20-х гергга нохчийн тайпанан) шайн дай цу шира заманалерчу меттигера арабевлла а лору. Дукхахдолчу ширачу дийцарша довзийтарехь, Нашха нохчий дуьххьара баха хевшина шира меттиг ю. Цундела ду нохчашна йукъахь лелаш, Нашхара схьаваьллехь цӀена нохчий ву бохург.

2002 -чу шарахь язбинчу балха тӀехь Ш. Б. Ахмадовс Нашха я йукъаралла (нах) ю, я эвла ю бохуш цӀе йоху, иштта цо дийцарехь кхузахь лаьттина вайнехан коьрта урхаллин йукъ «Къанойн кхеташо (кхузахь иза эян мегар дац вайнехан кхинйолчу урхаллин институтаца — Мехк-кхелаца).

А. С. Сулеймановс, махкара дахаран хаттар а мелла а кӀаддеш, яздо, нашхой лаьмнашкара дахар хала хиларна, дикка хан ю шайн ярташ йитина, Нохчийн шерачу аренашкарчу ярташка а, гӀаланашка баха охьабаьхкина. Амма нашхойх дикка дакъа Нашхахь баьхна 1944 шо кхаччалц, ма-дарра дийцича, меттигера нах Кхазакхстане нуьцкъаца дӀакхалхабаллалц (операция «Чечевица»).

Нах беха меттигаш

1978-чу шарахь язбинчу балха тӀехь А. С. Сулеймановс гойту нашхоша Хьайбаха а, ХIийлаха а шайн деган йукъ ю бохуш къастош хилар. Амма тӀаьхьо шен юха арахецначу изза балха тӀехь («Топонимия Чечни» (1997)) нашхойн деган йукъ кхин эвла къастайо — Моцкъара.

ЦӀе Йолу меттиг Цунах лаьцна, истори Координаташ Тайпаш а, некъеш
а лаьмнаш а
цӀе кхин яздаран кеп
Лакха Ӏаьжгиечу Лакха Iаьжгиечу/Iажгечу кӀотар Зархиен къилбседа-малхбузехьа
Лаха Ӏаьжгиечу Лаха Iаьжгиечу/Iажгечу кӀотар
IаршIалечу кӀотар
ГIарбихьаькханчу кӀотар
ДийхьакIотар
Ехкачу кӀотар
Зарха? Зерха, Зархие кӀотар
Кейчу? КIайгаюхе, КIайчаюхе кӀотар
Кел-База? КIийлахбасо, КIелахбаса кӀотар
МогIасте МогIаста, МогIасте, МогIуста, МогIусти кӀотар Гиха-хин аьтту бердана 1.5 чаккхарма дехьа а, Лахарчу Ажгечун 1 чаккхарма къилбседа-малхбузехьа
Моцкъара МоцIара, Моцкъара, МоцIарха эвла ЧIармахан 2 чаккхарма малхбузехьа
Мушечу Мушечу, Муьшие-Чу, Муьшиечу кӀотар
Нохчийн кӀотар Нохчийн кӀотар Гиха-дукъа тӀехь
Саканан-Жела? Саканжиеле кӀотар
Терхие Терхие Мушечун 5 чаккхарма малхбузехьа а, ХӀийлахан 3 чаккхарма къилбседа-малхбузехьа а
ТӀиста ТIиста эвла
Хьайбаха Хьайбаха Гиха-хин аьрру генна тӀера эвла, Моцкъарна 2 чаккхарма къилбехьа
ХӀийла ХIийла, ХIийлах эвла
Хьижахка, ГIой эвла
Хотташкоча кӀотар
ЧӀармаха, ЧIармаха Ӏункарчу басен кӀелара эвла, Моцкъарна 2 чаккхарма малхбалехьа

Нашхан кхин нах беха меттигаш: Ажгиечу, Бакин котар, Беной, Бовн ара, Бончу дига, Гелаханан ирзуо, Гихчу котар, Дигал, Ехкачу ара, Зархие/Зирхие, Кайчу юххие, Кегана юх, Ковхи, Лакха ажгиечу, Могуста, Моцкара, Мужболчу, Мушиечу, Нохчийн котар, Роьшничу, Селахан гечу, Тангичу, Терхие, Хьайбаха, Хижигхо, Хийлах, Хоче коча, Чармаха, Шина инчу. Отдельно: Мозарга. ТӀийста, Хьоче-Коча, Яхкачара.

Нашха 
Нашха 
Ӏ. Галайн Ӏам
Нашха 
л. Нашхойн-лам
Нашха 
л. Яцебкорт
Нашха 
Гехи хина хьосташ
Нашха 
Акка
Нашха 
Могуста
Нашха 
Зерха
Нашха 
Кайчу юххие
Нашха 
Кел-База
Нашха 
Чармаха
Мехкийн нах беха меттигаш а, географин гӀулакхийн объекташ а: Нашха, Лам-Акка, ЦӀеча.

Билгалдахарш

    Комменташ

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Нашха, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Нашха ЦӀе а, терминологи аНашха ГеографиНашха ИсториНашха Нах беха меттигашНашха БилгалдахаршНашхаИтон-Кхаьллан кӀоштКъилбаседа КавказНохчийн моттНохчийчоьРошниТӀехьа-Мартанан кӀошт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Алзам (чамбийриг)1921 шоМали КалетинцыКаргапольен кӀоштКиранцГӀольвильӀа (шеран зама)Джулвез (коммуна)ЭрмалойБаликчилар (Ризе)2011 шоОхотскан хӀордГлен-Еллен (Калифорни)ЛитмановаМосеГӀишбугӀ (Па-де-Кале)Якубович, Леонид АркадьевичСацаран хьаьркашНовоселовски (Луганскан область)ТанзаниӀапказИсламан Республикин аз ГӀажарийчоьВоля-ЖовтанецкиНемцойн моттОшаев, Халид ДудаевичФутболех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина командаСеккоьй (Милас)БеркаберНохчийн тайпанашКилия-Веке (коммуна)Советски Союзан Турпалхой (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)ТехасNGC 4220Латилье1916 шо.jeЛиванГӀеанХантиев (Ахметханов), Кана-ШейхОгӀвГазуева Айзан.neПротестанталлаЖелтойн шира моттГуьмсеСоьлжа-ГӀалаАбу-д-ДардаъЖелтойн моттТуркойчоьДерриге чоьхьара сурсатДжингулойн моттКагӀвенЛе-ВильттесГодли (Техас)БеркемаКалтаковоХьалхара жӀарахойн тӀелатарФорд, Генри.ccМежиева, Макка ШахидовнаТорелааниСан-СальвадорХарачойн ЗеламхаСифорд (Нью-Йорк)27 ноябрьЭджворт (Пенсильвани)ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалибЯнковице (Великопольскан воеводалла)ГӀотоДегӀастаМаккаМаьрша гӀирсаш1965 шо.lu🡆 More