Вайнах

Вайна́х, вейна́х (нох.

вайнах, гӀалгӀ. вейнах — «вайн нах») — нохчийн а, гӀалгӀайн а йукъара цӀе. Церан барам 2 млн сов стаг.

Вайнах
Нохчийн тӀемало XIX бӀешо

Уьш Ӏаш бу ГӀалгӀайчохь а, Нохчийн Республикехь а, ДегӀастанахь а, Гуьржий махкахь а, кхечу махкашкахь а.

ХӀокху заманан кавказйовзархочо оцу терминца билгалбоху дукхаха болу Нах меттанаш лелориш: нохчий (шайн цӀе нохчий) а, гӀалгӀай а (шайн цӀе гӀалгӀай). Иштта талламхоша и цӀе йаржайо нохчийн, гӀалгӀайн (йуккъера бӀешерийн) исторически дайшна а, массо а локальни этно-меттиган вовшехкхетараллашна а — и ши къам кхоьллина йолу «йукъараллашна» а, таханлера нохчийн а, гӀалгӀайн а этногенезан дакъа хилла долу кхин а шиъ къаьстина этносна — аьккхашна (шайн цӀе аьккхий) а, карабулакашна/орстхошна а (шайн цӀе орстхой).

Наггахь тахана а этнологаш лелайо «вайнах»/«вейнах» цӀе синоним йина «нах къаьмнаш» бохучу шаьш йукъадйаьккхинчу терминан. Амма, 1970 шераш долалуш, лингвистин кхетамехь нийсо хилира «вайнах къаьмнаш» терминца нохчий, гӀалгӀай вовшех тохар, цӀов-тушинаш (шайн цӀе бацби) йукъара а бохуш.

«Вайнах»/«вейнах» термин Ӏилманчаш-лингвисташ йукъайаьккхина. Цхьаболчу талламхош дийцарехь, термин оцу къаьмнашна шайна йукъахь лелаш йац. Амма, тахана «вайнах»/«вейнах» цӀе нохчаш а, гӀалгӀаш а вовшашца къамел деш шуьйра лелош йу. Иштта меттигаш нисъелла, цхьайолу этнотобан йукъарчара (масала аренан аьккхий), шаьш тахана этнически нохчий лорушехь, йукъара цӀе нохчий ца олуш, шайн шира этнотобан йа йукъара этноним — вайнах олу.

Термин схьадалар

Доьххьара нохчашна а, гӀалгӀашна а йукъара цхьа цӀе тиллинарг ву XIX бӀешо чекхдолуш — XX бӀешо долалуш гӀараваьлла волу Ӏилманча-кавказӀаморхо, юрист Б. К. Далгат. Хазадерг ду талламхочо нохчийн шайн цӀе — нохчий гӀалгӀайх а ала мегаш ду аьлла тӀечӀагӀдар. Б. К. Далгата дийцарехь, гӀалгӀай эндоэтнонимаш йоцуш гӀалгай йа ламур, нохчий цӀе (транслитераци Б. К. Далгатаца — нахчой) "… дукха хьолахь гӀалгӀаш шаьшша а лелайо оцу къоман йукъара цӀе санна. Оцу тӀе а доьгӀна Б. К. Далгата нохчашна а, гӀалгӀашна а йукъара цхьа цӀе нахчуйцы аьлла тиллар йукъадиллира , амма иза Ӏилма-даржоран литературехь цачӀагӀделар.

Йукъара хаамаш

Вайнах малхбален кавказан этнолингвистически доьзалан гаьнна йукъабогӀу. Амма историн йохаллехь вайнехан тайпанаш меллаша шайца цхьана меттигехь дехачу къаьмнех дӀаиэлора. Къилбаседа-малхбален Кавказехь дехачу цхьадолчу тайпанаш бен лар цадина этнически планехь дозуш ца хилар. Оццу меттигехь кхолладелла вайнехан этнос, вайн заманахь уьш дукхах берш нохчий а, гӀалгӀай а бу.

Схьадаларан легендан версеш

  • Массо а бухтӀийра вайнехан тайпанаш схьадовлар дуьйцуш чӀагӀдеш ду церан къилбехьара къилбаседе кхелхина, йуха малхбузера малхбалехьа охьаховшар. Вайнах севцца йуха дӀасабаьржана пункт, дийцарехь, исторически меттиг йолу Нашх'.

Вайнах схьабовларан цхьа легенда:

  • Вайнах — Кавказан шира а, шен орамаш кхузахь долуш а къам ду, церан хьалхарчу стега цӀе «Кавказ» хилла, цуьнан цӀарах меттиган цӀе а тиллина. Гуьржийн исторехь лоруш ду, Кавказзий, цуьнан ваша Леккий, лаьзгийн да, оцу хенахь адам доцучу меттигашка охьахевшина хилла Къилбаседа Кавказан лаьмнаш тӀийра Идал хӀордах кхетачу меттиге кхаччалц.
  • Вайнехан цхьа дакъа, таханлера нохчий, схьабевлла Нашх эвлара. Оцу эвлан цӀарах шайн цӀе — нохчи тилларх тешна а бу уьш. XX бӀешо доладалале оцу эвлахь хилла боккха йай, цӀестан эӀанех бина хилар лоруш ду. Оцу йайна тӀедаьхна боккъал а нохчийн тайпанаш а, тукхумаш а хилла. Иштта, нагахь тайпа цӀена хиларах къовсам баьлча иза ша кепара тоьшалла хилла къовсамхошна.
Вайнах 
ТӀаьххьара ГӀалгӀайчоьнан цӀов Элмарз-Хьаьжи Хаутиев (1766—1923) кӀента кӀентана йоьӀаца (Шоьна йуьрт, ГӀалгӀайчоь, 1921 шо)

Схьадалар

Вайн эра тӀекхача 4 эзар шо долуш

Майкопан культура йаьржана вайн эра тӀекхача 4 эзар шо гергга долуш, йукъалаьцна таханалера Нохч-ГӀалгӀайчоьнан, кхин тӀе ХӀирийчоьнан дакъа, масала 1993—1996 шерашкахь В. Л. Ростуновс талламаш бина Майкопан культурин баккхийчу кхаа барзанна Къилбаседа ХӀирийчура Правобережни кӀоштан Заманкул йуртахь (1 и 2-гӀа барз Заманкулан шира каш а, 3-гӀа Брут йуртан уллора барз.

Вайн эра тӀекхача 2 эзар шо долуш

Дукхахболчара лору, Вайнехан къам кхолладаларан коьрта компонент Къилбаседа Кавказан автохтонни бахархой хилар, уьзаш гӀобан культура:109 а, ткъа иштта Зандакъан культура, Кавказан кхин йолу археологин культураш кхоьллинарш а, дӀалелийнарш а бу.

Вайнехан этногенезехь дакъа лаьцна хила мегаш ду, тӀехьуо Къилбаседа Кавказе чу а баьржина охьахевшина хӀинда-иранцаш, скифаш, цӀарматаш, шайн схьабовлар билгала а доцуш, йа муьлха маттара ду а ца хууш долу кхин а къаьмнаш.

ГӀобанан культура лелош берш дукха хьолахь талламхоша герга балабо Малхбузан Кавказана — колхидан культурина, кхечу Ӏилманчаша протовайнахаш схьабовларца а, кхин тӀе Къилбаседа-Малхбален Кавказаца дусту. Цигахь йоьза бӀешерашна а, аьчган бӀешерашна йукъахь коьрта йара Каякентан-Хорочойн культура, иштта нах-дегӀастанан оьздангаллин йукъаралла вайнехан къаьмнех кхуллуш.

КӀеззига кхин ойла йу В. И. Марковинан, ша йаздина волчу : «… Дукхаха болу археологаш а, цуьнца дозуш долу белхийн говзанчаша а шайн белхашца делил дина, цӀармат а, алан цӀераш кӀелахь лачкъийна йу алссама вайнехан компонент».

Цхьаболу Ӏилманчаша (И. М. Чеченов, Б. Х. Атабиев, Б. В. Техов и др.) тӀечӀагӀдо дуккха а хьалхара гӀобанан культурин «классически» амалаш (йоьза а, кхира а гӀирсаш бар) таханлера ХӀирийчоьнан (Къилбаседан а, Къилбан а) лаьмнашкахь (Тли, Кобань кхин а) кхоллайалар (вайн эрал хьалхара XII—X бӀешерашкахь). Кхин тӀе дӀатоьтту ГӀобанан культуро Нохч-ГӀалгӀайн таханалера доза лацар.

Хууш ма хиллара, ГӀобанан культура кхуллуш (вайн эра тӀекхача XII бӀешо хьалха) скифашка дакъа лацалур дацара, хӀунда аьлча уьзаш гучубовларан терахь дукхаха болчу Ӏилманчаша вайн эрал хьалха VIII бӀешо ду боха, иштта цӀарматаш а бу, хӀунда аьлча уьзаш гучубовларан терахь дукхаха болчу Ӏилманчаша вайн эрал хьалха IV бӀешо ду боха. «Скифийн тайпа» гӀирсаш гучубовлар лору тӀехьарачу муьрехь (вайн эрал VII—IV бӀешо хьалха) — и хан къаьста эчиган гӀирс алсама хиларца.

ГӀобанан культура кхоьллинарш а, лелийнарш а тайп-тайпана этнолингвистически тобанашна йукъара хила мега, ма дарра аьлча: • Пятигорски «локальни вариантан» ареалехь, таьшнаа, дехаш хилла протоадыгийн этнически тобанийн гергара тайпанаш; • Ломан «локальни вариантан» кӀоштакахь — протовайнахаш.

Иштта вайнах Йуккъера Малхбалера хурритех схьабовларан гипотеза а йу лелаш. Иза бохург дац, вайнехан къаьмнаш Йуккъера Малхбалера Шинахинйукъара схьабаьхкина бохург, дуйцург ду хурритийн къаьмнаш шуьйра даьржина оцу латтанаш тӀехь, ткъа церан гара хилла вайнехан къаьмнаш а, Йуккъера Малбален иэдаларца кхолладелла кхин долу къаьмнаш а. Тахана а хӀара гипотеза къарйина йац, цуьнга терра, масала, Урарту пачхьалкхан йоза нохчийн маттаца достуш хилар а.

ХӀоттам

Вайнахан гарехь, шайна йукъара массо къаьмнаш цхьана орам тӀийра девлла, амма шайн къаьстана цӀераш а, шайн меттан башхаллаш йолуш. Этнически башхаллаш йолушшехь, тахана а нохчаша, гӀалгӀаша йа орстхоша вовшашца къамел деш хотту: «хьо — вай неха вуй (вайнах)». Цуо гойту хьалха заманахь и къаьмнаш этнически цхьаъ хилар.

Билгалдахарш

    Комменташ

Литература

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Вайнах, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Вайнах Термин схьадаларВайнах Йукъара хаамашВайнах Схьадаларан легендан версешВайнах СхьадаларВайнах ХӀоттамВайнах БилгалдахаршВайнах ЛитератураВайнахГӀалгӀайГӀалгӀайн моттНохчийНохчийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

БельгиДаьтта доккху баӀИмператоран Харьковн университетБумбариЭнциклопеди1969 шоВажимицеРусь Поляни (коммуна)СаӀудийн ӀаьрбийчоьУзбережСоьлжа-ГӀалаАбаст-ХьаьжаНидерландийн моттХӀиндиРасаев ХьусейнКурдулиЭтуш, Владимир АбрамовичНурадилов, Ханпаша НурадиловичГӀовсСтрашицеФиниксАнастой1993 шоНурвянцыХьиджаз5 мартМиннеаполисМанарола (Ла Специ)Куц-аьзниШаркишлаПолитикаСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомЛаосЙуккъера АзиЖансак (Лакха ПигӀенейш)ГорджомиШолгӀа дуьненан тӀомСо-д'АнжуАнастаИбрагимов, Канта ХамзатовичАхчаБоккха сайКоморники (гмина Коморники)Ле-ФгӀетиТхэквондоКиранцКайнарскиНохчийчуьра акхаройМукхГӀелеПетарбухКукечMediaWiki23 сентябрь20 апрельАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташКовAppleВермонт8 август12 декабрь1646 шо29 январьХьонкаГай Юлий ЦезарьЙоккхабританиФоксбург (Пенсильвани)Вотикийн моттДетройтОушен-Сити (Мэриленд)🡆 More