Кузнецова, Галина Кузьминична

Кузнецова Галина Кузьминична (1912—2005) — советийн а, российн а театран актриса, хьехархо.

Кузнецова Галина Кузьминична
Кузнецова, Галина Кузьминична
Йина терахь 1912 шеран 20 июнь({{padleft:1912|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Йина меттиг Петарбух,
Российн импери
Кхелхина терахь 2005 шеран 4 январь({{padleft:2005|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (92 шо)
Кхелхина меттиг: Москох, Росси
Корматалла: актриса
Гражданалла: Кузнецова, Галина Кузьминична Российн импери
Кузнецова, Галина Кузьминична ССРСКузнецова, Галина Кузьминична Росси
Жигара шераш: 1931−1978
СовгӀаташ:
Орден «Сийлаллин Билгало»
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»

Биографи

Йина 1912 шеран 20 июнехь Петарбухехь.

1931 шарахь Кузнецовас чекхйаьккхира Ленинградан хореографин доьшийла (хӀинца Балетан А. Я. Ваганован цӀарах академи), дийшира Ваганова Агриппина Яковлевна йолчохь.

1931—1940 шерашкахь болх бира Ленинградан академин операн а, балетан а С. М. Кировн цӀарах театрехь а (хӀинца Мариински театр), 1940—1959 шерашкахь — ССРС Пачхьалкхан академин Йоккха театрехь.

Цул тӀаьхьа болх бира Новосибирскан операн а, балетан а театрехь, Польшера Варшаван операн а, балетан а театрехь балетмейстер-репетитор даржехь; хьийхира Вл. И. Немирович-Данченкон цӀарах МИАТ Ишкол-студехь (1960—1962), Йерригроссийн гастролийн-концертан бюрохь (1962—1965), Москохан опереттан театрехь (1967—1968), Москонцертехь (1971), Мисрара КъахӀиран оперехь (1972—1973), Варшаван операн а, балетан а театрехь (1973—1974), Германера Берлинан Штаатс-оперехь (1974—1978).

Йелла 2005 шеран 4 январехь Москохахь. ДӀайоьллина Новодевичьи кешнашкахь (дакъа 10, могӀа 8).

Кузнецова Галинех лаьцна йаздина актёра а, режиссёра а Тихомиров Павела шен жайнахь «Актёрийн цӀа. ТӀаьххьара тӀараштохар» коьртехь «Дахар а, бӀаьрхиш а, безам а…», Москох : Алгоритм, 2012.

Доьзал

  • Ваша — Ленинградан драман А. С. Пушкинан цӀарах театран артист Кузнецов Георгий Кузьмич (1908—1947).
  • Кхузза марехь хилла:
    • хьалхара майра — хелхарча а, балетмейстер а, ССРС халкъан артист, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо Чабукиани Вахтанг Михайлович;
    • шолгӀа майра — циркан артист Макеев Владимир Капитонович, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь тӀепаза вайра;
    • кхоалгӀа майра — операн йишлакхархо а, режиссёр а, ССРС халкъан артист Канделаки Владимир Аркадьевич.
  • ЙоӀ — Йоккха театран артистка Канделаки Натэлла Владимировна.

СовгӀаташ

  • СовгӀаташ дина «Сийлаллин Билгало» орденца, «Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран», «Къинхьегаман ветеран», «Ленин Владимир Ильич вина 100 шо кхачаран» мидалшца.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Кузнецова, Галина Кузьминична БиографиКузнецова, Галина Кузьминична СовгӀаташКузнецова, Галина Кузьминична БилгалдахаршКузнецова, Галина Кузьминична ХьажоргашКузнецова, Галина Кузьминична19122005

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

АвстралиАльтманштайнСен-ГальмьеГезлой.vnАпиа.de1927 шо.moНатик (Массачусетс)Ӏаьрбийн моттЛюдвинова (Вилейкан кӀошт)ЖӀайрахан кӀоштКъине вожарАгӀтонж1998 шо.umХорвати.soХасстоьмашНохчийн моттКомарово (Польша)Шевченко, Тарас ГригорьевичРоссийн кӀошташ1959 шоЭрмитаж.sdТемерханов Юсуп-ХьаьжаӀусман-ХьаьжиЦавкисиОкси-ле-ШатоТайфонтенПариж1985 шо.meЦийн Халкъан Республика1957 шоЛанценкирхенАргентинаСегӀжиМонголи.tjЕвроЗударийн накхаФранци.qa.roТуьркБайтогӀе.ly31 декабрь1885 шоКетарАЦШАхмадов, Муса Магомедович27 августДегӀастаМустлургМиддлбург (Виргини)Арктика1977 шоСурат ФатихьатЛоман КарабахАгӀамон (ГагӀ)Бельвиль-ан-Божоле1922 шо1905 шо🡆 More