Кафир

Кафир (Ӏаьр.

Кафир     Кафир     Кафир     Кафир     Кафир     Кафир     Кафир

Куфр ду Цхьаъ бен воцучу Делах (АллахӀах) ца тешар, Мухьаммад пайхамар вина ваийтарх къобал ца дар, ткъа иштта веллачул тIаьхьа денвер хиларх, къемат-дийнах, жоьжахатех, ялсаманех ца тешар.

Этимологи

Нохчий маттахь «кафир» дош дукха хьолахь гочдо «тешаш боцурш» я «нийса боцурш». Кхетадо, адамаш кхи дин (бусалбаниг доцург) лелош долу, цу тIе яхIудашна а, керстачарна а лерина термин ю — «Жайнин нах» (Ӏаьр. اهل الكتاب‎‎ — ахль аль-Китаб), хIунда аьлча уьш формалан буьззина ца тешаш бац.

Кхин цхьа дош а ду, этимологица «кафир» дешан гергара — «гавур» (турк. gâvurнийса воцург, схьадаьлла Ӏаьр. الكافرون‎‎), цуьнца билгалйоккхуш хилла ислам дин лелочара (коьртаниг юккъерачу бIешерашкахь) массо а кхечу динехь болчеран цIе, ткъа С. И. Ожеговс маьIна даккхарца — иза бусалбачеран кхечу динера стаг ву. Н. Г. Комлевн хетарехь, «гавур» (giwr) дош ду дуьххьара схьаэцна гIажарийн маттара — gäbr, оцу дашца билгалбоху «цIеран гIуллакхдийриш», аьлчи а зороастризм лелош берш. А. Д. Михельсонан а хетта изза. Л. П. Крысина лору, «гавур» дош схьаэцна гIажарийн меттан йукъарлонца Iаьрбийн маттара. Кхечара лору, и дош дуьххьала дIа схьаэцна Iаьрбийн маттара. ЭСБЕца, «гавур» дош — иза «галдаьккхина Iаьрбийн „Kiafir“ (Дела къобал ца вийриг)» ду.

Юккъерачу бIешерашкахь, Хункар-мехкан заманахь, «кафир» дош а, этимологица цунна гергара «гавур» дош а гIуо дош дара я девнан дош дара, хIунда аьлчи цуьнца туркоша олура массо а динан векалех, ислам дин ца лелочех.

Оьрсийн Йоккха энциклопедин дошамо билгалдоккху, кафир дош леладора бусалба къаьмнаша XIX бIешо кхаччалц имане ца богIу Нуристанан «бусалба боцу бахархошна цIе туьллуш (хилла Кафиристан)».

Хьажа иштта

  • кафр

Билгалдахарш

Литература

  • Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/k.html#Kyafir63 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  • Гогиберидзе Г. М. Исламский толковый словарь. — Кеп:Ростов н/Д: Феникс, 2009. — 266 с. — (Словари). — 3000 экз. — ISBN 978-5-222-15934-7.
  • Ньюби Г. Краткая энциклопедия ислама = A Concise Encyclopedia of Islam / Пер. с англ.. — М.: Фаир-пресс, 2007. — 384 с. — 3000 экз. — ISBN 978-5-8183-1080-0.
  • Гяур // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Tags:

Кафир ЭтимологиКафир Хьажа ишттаКафир БилгалдахаршКафир ЛитератураКафирАллахӀИсламан пайхамаршКуфрКъемат-деМухьаммадРасульТуркойн моттӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

БадаржПереслегино (Пскован область)ИвритЛитературин газет.gfВагнер, РихардПасарон-де-ла-ВераФилиппинхойСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомБереллаМаьрша гӀирсашNGC 165Керла-ЭнганаКугӀсель-ле-СемуьгӀМае (СагӀта)Кадыров, Рамзан АхматовичСомма (эрк)ЧогнариЕвропин бартКлермонт (Флорида)НерюнгриАмуран областьОслаЖеланни (Донецкан область)194431 декабрьХолмс (гуо, Флорида)Ричмонд (Виргини)Григорийн рузмаВьоь-АбитанМателикаАбу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелипШиракамутИсаково (Первомайскан кӀошт)ДегӀастаНохчийн Республика ИчкериКливленд (Техас)Окситанхойн моттГуьмсеЖӀайхойМармет (Малхбузен Вирджини)КикишАргветиБертовицеЭнди УорхолТавратПапанов, Анатолий ДмитриевичГӀалгӀайЯкъубЭлиане ЖиардиниМоскван метрополитенСен-Клод (Гваделупа)Савдат бинт ЗамӀатСухой ТашликАьрзуКоьрта агӀоГӀажарийн моттАхматова, Раиса СолтамурадовнаМонголиКория-дель-РиоБерлингтон (Висконсин)Красни (Одоеван кӀошт)Украина🡆 More