Аллахӏ: ислам динехь Цхьаъволу, Бакъволу Дела

Алла́хӀ (Ӏаьр.

الله‎‎ Аз алар, ма дарра «Дела») — иза ислам динехь, волуш волчу, массо а хастам Шена бан хьакъволчун долахь йолу цӀе йу. Иза массо а халкъан Бакъволу Дела ву, шена бакъонца Ӏибадатдан (текъа) цхьа а воцуш Иза воцург. Массо а хиламаш а, ӏаламаш а, халкъаш а кхоьллинарг ву Иза. Бусалбанаш тешаш бу АллахӀ цхьаъхиларх, Цуьнах тера цхьа а цахиларх, Иза Шех тоаме хиларх, Цуьнан йа зуда а, йа бера а, йа да а цахиларх, Цуьнан йа накъост а, йа гӀоьнча а цахиларх.

Ӏибадатдарца (текъарца) Дела цхьаъвар — иза Ӏакъидатан (тешна хиларан) дух ду ислам динехь. АллахӀан масийтта цӀе а йу, царах «Аль-Асмаул-Хьусна» (Хаза цӀерш) олу. Бусалбанаш тешаш бу царах 99 цӀе йагарйинарг йалсамани гӀур ву аьлла. Мухьаммад пайхамаро ﷺ аьлла: «АллахӀан дезткъе ткъесна цӀе йу, бӀе йоцург, уьш йагарйинарг (Ӏамийнарг) йалсамани гӀур ву», и хьадис дийцина Аль-Бухарис а (2736), Муслима а (2677).

Вовзийтар а, куьцаш а

Аллахӏ: Вовзийтар а, куьцаш а, Къуръан чохь, Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе 

Бусалбанаш тешаш бу АллахӀ — иза дахар а, хилам а, халкъаш а, мел долуш долу хӀума а кхоьллинарг хиларх. Массо а гӀуллакхашна урхалладийриг хиларх а, мел лелаш долчунна Шен кхелаца барамлуш верг хиларх а.

Цуьнан кхачамаллин куьцаш ду, кхачаме цахиларх цӀена а долуш, Цуьнах тера цхьа а хӀума дац. Цуьнан куьцаш кхоьллина йолчу хӀуманийн куьцех тера догӀуш дац. Иза дуьххьарлерниг ву, хьалхе а йоцуш, гуттарлерниг а ву, чаккхе а йоцуш. Пана хилла дӀавер волуш а вац Иза. Цунна лууш дерг бен хуьлуш дац, Иза дийна а, халкъан гӀуллакхашна тӀехӀоьттина а ву, Цуьнан гарх къайладолуш цхьа а хӀума дац. Замане йа меттиге хьашт вац Иза. Цуьнан куц хийцалуш дац йа декъалуш дац. Иза ву ниӀмат луш верг а, Ӏазапдеш верг а, ирсевийриг а, дакъазвоккхург а.

Иштта бусалбанаш тешаш бу АллахӀ стигланел лакхахь долчу Шен Ӏарш тӀехь хиларх, Цул лакхахь цхьа а хӀума дац, И ву массо а хӀуманал лакхахь, Цул лахахь ду массо а хӀума.

Аллахӏ: Вовзийтар а, куьцаш а, Къуръан чохь, Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе 
«АллахӀ» цӀеран элпех кхетар: 1. алиф 2. хӀамзатул-васл (همزة وصل) 3. лам 4. лам 5. шаддат (شدة) 6. шаьлта алиф (ألف خنجرية) 7. хӀ

Къуръан чохь

АллахӀ боху дош Къуръан чохь 2724-зза деана ду, царах ду: «Ахь ала: "И – АллахI Цхьаъ ву (1) Шех тоам болу АллахI ву И (2) Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И (3) Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а (4)» (Сурат аль-Ихлас).

Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе

АллахӀ цӀе Ӏаьрбийн маттахь санна язйо: гӀажарий а, урду а иштта дӀ.кх. меттанашкахь.

Кхин хьажа

Аллахӏ: Вовзийтар а, куьцаш а, Къуръан чохь, Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе   Ислам

Билгалдахарш

Tags:

Аллахӏ Вовзийтар а, куьцаш аАллахӏ Къуръан чохьАллахӏ Кхечу меттанашкахь йоккху цӀеАллахӏ Кхин хьажаАллахӏ БилгалдахаршАллахӏAr-Allah.ogaАзБусалбанашДелаИсламӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламИсбаьхьаллаПутлицИсландиЛе Дреан, СандраЗарзар299 (разъезд)Межиева, Макка ШахидовнаИсламан пачхьалкхЮккъера останЦыбариСерпрайз (Аризона)Луизиана (Миссури)Чаплин, ЧарльзЩавнеГрот-ЗюндертЭджвуд (Вашингтон)Прейсиш-Эйлаура тӀомЗовуниЛоэчесNGC 6341Кум (остан)Чайковски, Пётр ИльичШевноКоркианоЦивилизациСаӀудийн ӀаьрбийчоьНохчийн моттБренна (Польша)Кайл (Техас)Къилба КорейКанадаТаьӀна-цӀенТаиландКопитково (ХӀордан воеводалла)Аннандейл (Виргини)ИвакуниКаргапольен кӀоштПоберовоЕраносПётр IШведийн моттСульмонаУсманов, Ӏарби УсмановичОьрсийн моттВаньонРасаев ХьусейнОртодоксан керсталлаСан-Домингус-ди-ПомбалЧайраКоста-РикаАзад КашмирТоора-ХемСорокиноАксайБийци290 км (казарма)Албанойн мотт28 км (Архангельскан область)Сен-ЛеонагӀ (МагӀна)Эджворт (Пенсильвани)МалайзиСолина22 апрельТуркойн моттСергеевски (Николаевн область)🡆 More