Буркаев Мовлад

Буркаев Мовлад (1937 шо.

Ломаз-Йурт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, 1995 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь) — гӀараваьлла нохчийн а, советан пачхьалкхан а артист, йишлакхархо, солист. Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист. Тайпана Ансто.

Буркаев Мовлад
Буркаев Мовлад
Коьрта хаам
Вина терахь 1937({{padleft:1937|4|0}})
Вина меттиг Ломаз-Йурт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Кхелхина терахь 1995({{padleft:1995|4|0}})
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Пачхьалкх ССРСн байракх ССРС
Говзаллаш артист, йишлакхархо, солист

Биографи

Мовлад вина 1937 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Теркан кӀоштара Ломаз-Йуртахь. 1944 шарахь Нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар бахьнехь Мовладан доьзал Кхазакхийн ССРн Джамбул гӀала дӀабахийтира, цигахь цуо йукъара ишкол чекхйаьккхира. Кхазакхстанера цӀабаьхкиначул тӀехьа Соьлжа-ГӀалин Мичурина эвла охьахевшира.

1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн телевиденин а, радиокъамелдаран Комитетехь кхоьллира Халкъан пондарийн оркестр. Цуьнан дуьххьара куьгалхо вара композитор Александр Халебски. Цул тӀехьа оркестрна куьйгалла дира Нохч-ГӀалгӀайн АССРн композиторш: Шахбулатов Ӏаднана, Чергизбиев Зайндис, Долгов Юрийс, Димаев Ӏелас. Дуьххьара оркестран солисташ бара: Шамилева Жансари, Асхабова Ӏайнаъ, Буркаев Мовлад, Дацагов Салман. Оцу шарахь Мовлад Нохч-ГӀалгӀайчоьнан хороводан ансамбле дӀаийцира.

1963 шарахь ГнесингӀеран цӀарах йолу Москохан пачхьанкхан музыкийн-хьехархойн институт чекхйаьккхира, цигахь цуьнца доьшуш бара Кобзон Иосиф, Шахбулатов Ӏаднан, кхиберш а. Дешар чекхделачул тӀехьа 5 шарахь, йуха а, ансамблехь болхбира.

1969 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн телевиденин а, радиокъамелдаран а Пачкомитетехь композитор Розенберг Анатолийс кхоьллина йойлу эстрадан ансамблан солист болхбира. Пачкомитетехь цуо 25 шарахь гергаболхбира.

Нохч-ГӀалгӀайн АССРн эстрадан исбаьхьалла кхиор а, пропаганда йар а, концертан гӀуллакхдар а, говза болхбар а бахьнехь Мовладан Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист аьлла совгӀат дира. Мовлад кхелхина 1995 шарахь. ДӀавоьллина Теркан кӀоштарчу Ломаз-Йуьртахь.

Доьзал

Зуда Лиза а, 3 кӀант а.

Билгалдахарш

Литература

  • Адиз Кусаев. Чеченское радио и телевидение: этапы становления и развития (1928-2008 гг.). — Гр.: Чеченский государственный университет, 2013. — 254 с. — ISBN 978-5-94587-537-1.
  • Шахбулатов Л. Д. Шрамы на клавишах. — М.: Пробел-2000, 2007. — 122 с. — ISBN 5986041062.

Tags:

Буркаев Мовлад БиографиБуркаев Мовлад БилгалдахаршБуркаев Мовлад ЛитератураБуркаев МовладЛомаз-ЙуртНохч-ГӀалгӀайн АССРНохчийНохчийчоьСоьлжа-ГӀалаТеркан кӀошт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ПодгайскаКавтисхевиМоскохХьаьж(801) ГельверцияХомски, НоамФондоДекартКоста-РикаГендаргнойМеркурий23 мартПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаЗольмсЧжэн ХэАбдулаев, Леча ШариповичГуджаратБосни а, Герцеговина аЭрмалойчоь(2117) Дания(6278) AmetkhanЦуьрихКомпьютерДоминикин РеспубликаФорд, ГенриЧисКапитализмЯнди-КӀотарИсламан арканашКамполо, АнтониоКанацеиӀаббасгӀеран халифатМансе29 январьСкайлер (гуо, Миссури)Эрмалойн моттВиллафранка-ин-ЛуниджанаАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташМонтеротондоЛуко-деи-МарсиМарзлуш долу ловзарШира ЖелтойчоьЛинцСен-ПотанБиотехнологиШершуны (агрогородок)Форт-Ли (Нью-Джерси)Спилберг, СтивенЛимерик (Мэн)Дисненский РубежВиллаваллелонгаЮтан (Небраска)Кадыров, Рамзан АхматовичКларксвилл (Теннесси)КатолицизмБайракхГелена (гӀала)2001 шеран 11 сентябрехь хилла теракташСтаре КуровоДжакартаОмахаАЦШ долларХалкъашна йуккъера валютан фондТеркс а, Кайкос аЧайЧембраЛеларСаӀудийн Ӏаьрбийчоь(2178) Казахстания🡆 More