Асатиани, Кахи Шалвович

Асатиа́ни Ка́хи Ша́лвович (гуьрж.

კახი შალვას ძე ასათიანი; 1947 шеран 1 январь, Телави, Гуьржийн ССР, ССРС2002 шеран 20 ноябрь, Тиблиси, Гуьржийчоь) — советийн футболист, ахтурсло, тренер. ССРС спортан говзанча (1967). Гуьржийн ССР хьакъ долу тренер (1978).

Футбол
Кахи Асатиани
Файл:Кахи Асатиани.jpg
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Асатиани Кахи Шалвович
Вина терахь 1947 шеран 1 январь({{padleft:1947|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг Телави, Гуьржийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь 2002 шеран 20 ноябрь({{padleft:2002|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (55 шо)
Кхелхина меттиг Тиблиси, Гуьржийчоь
Гражданалла Байракх ССРС ССРС
Локхалла 186 см
Позици ахтурсло
Клубан карьера
1965—1975 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 218 (27)
Тренеран карьера
1978—1982 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) нач. ком.
1987 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси)
Спортан цӀераш

Дуьненахь дуьххьара можа карточка гайтина ловзархо — дуьненан чемпионатехь-1970 Мексика — ССРС матчехь.

Биографи

Ловза волавелла 1959 шарахь Тиблисера 35-гӀа башха ишколехь. 1962—1964 — «Динамо» (Тиблиси) жимахойн командехь.

18 шо кхаьчначу хенахь дуьйна ловзуш вара Гуьржийчоьнан коьртачу клубехь — «Динамо» (Тиблиси) йукъахь. Дехачу шерашкахь лаьттина командин коьртачу ловзархойх цхьаъ. 1968—1972 шерашкахь кхойкхура ССРС гулйина команде. Йоккхачу футболера ловзар дитира 28 шо долуш — 1973 шарахь ССРС чемпионатехь ереванан «Араратца» хиллачу матчехь чӀогӀа лазийначул тӀаьхьа метта ца хӀоттавелира.

1973 шарахь чекхйаьккхира Гуьржийн йуьртабахаман институт. 1978—1982 шерашкахь хьаькаман болх бира «Динамо» (Тиблиси) клубехь, ткъа 1987 (август кхаччалц) — вара коьрта тренер. 1983—1986, 1987 (сентябрехь дуьйна) — 1989 — республикин «Динамо» кхеташонан председателан гӀовс. 1990 (октябрь кхаччалц) — Гуьржийчоьнан футболан ветеранийн союзан председатель. 1990 шеран декабрера 2000 шеран сентябрь кхаччалц — Гуьржийчоьнан спортан департаментан председатель.

Дахаран тӀаьхьарчу шарахь иза вара «Аирзена — Гуьржийн авиаасанаш» авиакомпанин вице-президент.

2002 шеран 20 ноябрехь Асатиани Кахин герз туьйхира Тиблисехь шен машенан чохь Барновн урамехь шен цӀийнан тӀевогӀучехь. Таллам сихха билгалдаккха болабелира, футболист вер дика кечдина а дара, мехах вейтина а ву бохуш.

Кхиамаш

  • ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1967, 1969, 1971, 1972
  • Уггаре дика 33 испискаш хилла 3-зза: 1967 шо — № 3, 1969 шо — № 1, 1970 шо — № 3.
  • ССРС гулйина командехь левзина 16 матч, чутоьхна 5 гол (1968—1972).
  • 1968 шеран Европин чемпионатан а, 1970 шеран дуьненан чемпионатан декъахо.

Доьзал

Зуда Луиза Таварткиладзе. Духаран дизайнеран Макин йоӀ.

Билгалдахарш

Хьажоргаш


Tags:

Асатиани, Кахи Шалвович БиографиАсатиани, Кахи Шалвович КхиамашАсатиани, Кахи Шалвович ДоьзалАсатиани, Кахи Шалвович БилгалдахаршАсатиани, Кахи Шалвович ХьажоргашАсатиани, Кахи Шалвович1 январь194720 ноябрь2002Гуьржийн ССРГуьржийн моттГуьржийчоьССРСТелавиТиблисиФутболист

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ХӀоьънан герзМате (малар)ЖагӀларгиСаммит (Нью-Джерси)Кхоллараллин документСидар (гуо, Айова)Анджелина ДжолиСалойРичмонд (Виргини)Айти (префектура).bbЛаха НевреМахьфуз, НаджийбТӀайМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичРуссо, Жан-ЖакТоплиСартичалаВагнер, РихардNGC 6942Лос-Анджелес«Бакъдерг» (газет)Екатерина IIАбатШекарЧехов, Антон ПавловичВикипедиВилкинсбург (Пенсильвани)HD85887ПисткиЗороастризмИсаково (Первомайскан кӀошт)Льюистон (Мэн)ТиблисиЭукариоташАласханов, Зайнди ЗайналбековичБерие (маьӀнаш)Соьлжа-ГӀалаЧӀулга-Йурт23 февральХункар-мохкБахмутМонголиКӀираМагӀшелепоФизикаОлимпи (Вашингтон)Уитли (гуо, Индиана)АнтарктидаАбонкугӀ-ЖезенкугӀЭн (департамент)Пайхамар ислама динехьОкситанхойн моттПапанов, Анатолий ДмитриевичСвердловскан областьБерлингтон (Висконсин)Европин бартАвтоспортРозето-ВальфортореУрбиноСиски (Лодзький-Схиднан повет)632ВикиманиМощанка (Ополен воеводалла)Гелдагана🡆 More