Артиллерин герз — долу герзан а, кхечу (масала Ӏаьнаран) 20 мм сов калибран долу герзан тайпа.
Иштта тайпана герз пайден дац цхьаьна стеган ницкъашца тӀеман аренахь дӀасатекхо. Иза лерина йу хӀоьънаш (минанаш) кхийсина, чӀагӀонаш, герз, тӀеман техника хӀаллакйан а, мостагӀчуьн дийна ницкъ, долу герза охьатаӀо а, латтан а, хӀордан а тӀехь, хӀаваэхь хӀиттийна кхин Ӏалашонаш кхочушйан а. Артиллерин герз — нуьцкъала йовхонан машен йу, цуо лелайо 300—400 МПа Ӏаткъам болу, температура 3000°С кхочу, молхан газийн энерги.
Муьлхха а артиллерин герзан белхан хьесап цхьабосса ду: мостагӀчун а, цуьнан материалан декъан а кхета лерина хӀоъ, аратотту чӀижаргӀа чуьра шорлучу молхан газан Ӏаткъаман ницкъаца, уьш кхоллало хӀоьан молха даьгчи. Амма тарло, артиллерин герзо кхечу кепара а кхоссаран хьесапаш хила:
Артиллерин герзан дукха кепийн тайп-тайпана хьесапийн классификаци йу.
Артиллерин герзан йукъадогӀу лахара тӀеман хьелаш: хӀоьънийн нуьцкъалалла, нийса кхоссар, гена тохар, сихатохар, манёвралла (герз сихха тохар), дӀасахьуш тӀеман аренехь атта хилар, тешамалла а, тойан атта хилар.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Артиллерин герз, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.