Рустам Хожаевич Яхиханов (1986 шеран 20 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн художник, Российн художникийн бертан декъашхо.
Рустам Хожаевич Яхиханов | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | исбаьхьалча |
Вина терахь | 1986 шеран 20 июль (37 шо) |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Корматалла | художник |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Да | Хожа |
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Рустам Яхиханов |
Вина 1986 шеран 20 июлехь Соьлжа-ГӀалахь. 2000—2002 шерашкахь иза ихира Соьлжа-ГӀалара №14 йолу берийн исбаьхьаллин школе. 2005 шарахь иза деша вахара Репинан цӀарах йолу Петарбухан пачхьалкхан сурт дилларан а, скульптуран а, архитектурин а институтан сурт дилларан факультете. 2009 шарахь цунна Российн исбаьхьаллин академис «Дешарехь бина кхиамашна» цӀе йолу мидал йелира.
2010 шеран августехь цо дакъа лецира Российн а, Финляндин а цхьана йолу практикехь Финляндехь. 2010 шеран сентябрехь иза студентийн тобан йукъахь Китае вахара цера культура йовза а, практикех чекхвала а. 2011 шарахь иза вахара Черногори практике а, зеделларг дийцарахьам а. 2011 шарахь цо чекхйаьккхира Репинан цӀарах йолу институт. Пачхьалкхан аттестацин комисси цуьнан «Дай баьхна латта» цӀе йолу дипломан балхан чӀогӀа реза хилира.
2011 шо дуьйна иза ву А. А. Мыльников куьйгалхо волу монументан сурт дилларан Кхолларалин пхьалгӀан кхолларалин белхало ву. 2012 шо дуьйна иза ву Российн художникийн бертан декъашхо.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Яхиханов, Рустам Хожаевич, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.