Флавий Аркадий: малхбален Руман империн хьалхара император

Фла́вий Арка́дий (377, Испани — 408 1 май, Константинополь) — малхбален Руман империн хьалхара император, цхьаъ йолу Руман импери Малхбузен а, Малхбален а Руман имперешка чаккхенца 395 шарахь йекъначул тӀаьхьа хӀоттийна.

Императоран Феодосия I-чун а, Флациллин воккха волу кӀант.

Флавий Аркадий
желт. Ἀρκάδιος
лат. Flavius Arcadius
Флавий Аркадий
Август
 — 395
Малхбален Руман империн император
 — 408
Хьалха хилларг Феодосий I
Когаметтаниг Феодосий II
Вина терахь 377 шеран 1 январь
Кхелхина терахь 408 шеран 1 май (31 шо)
Тайпа Феодосийн некъий[d]
Да Феодосий I Сийлахьверг[d]
Нана Элия Флацилла[d]
Зуда ЕвдоксияЭлия
Бераш Феодосий II, Флацилла, Пульхерия, Аркадия, Марина
Динлелор Керстаниг-никейхо
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи

Аркадий вина Испанехь 377 шарахь. Цуьнан хьехархой хилла Фемистий а, сийлахь Арсений а. Август хӀоттийна 383 шеран 16 январехь Константинополан гергара Евдом олучу меттигехь. Паччахьалла лелийна 395—408 шерашкахь, консул хилла 385, 392, 394, 396, 402, 406 шерашкахь.

Феодосий Сийлахьверг веллачул тӀаьхьа Руман импери йийкъира, цунах малхбален император хилира, ткъа цуьнан вешийна Гонорийна кхечира Малхбузе. Аркадийн мохк баьржина бара Адриатикин хӀорд тӀера Тигр эрк тӀекхаччалц а, Дунай тӀера Нил тӀекхаччалц а. Фактехь Малхбален урхалча вара Малхбален преторин префект, схьавалар галлех долу, Руфин. Руфин гӀиртира Аркадега шен йоӀ йигийта маре, амма сийлахь дуьйшу чоьнан препозита, цӀуьхьаро Евтропийс цуьнан планаш йохийра, баьччин Баутонан хазачу йоьӀа Евдоксийн сурт гайтина. 395 шеран 27 апрелехь императоро йалийра Евдоксия. КӀант а, когаметтаниг а — Феодосий II, — воцуш, Аркадийн йиъ йоӀ йара: Флацилла, Пульхерия, тӀаьхьа къобал йина йеза стаг йу аьлла, боккха Ӏаткъам беш йара пачхьалкхан гӀуллакхашна, кхи а Аркадий а, Марина а.

395 шеран 27 ноябрехь Руфин вийра готтийн баьччин Гайнин салташа император а волуша. Руфин вожош ладаме роль ловзийра Стилихона а, цуьнан зудчо Серенас а, иза Константинополе йеънера император Феодосия I дӀавуллуш. Оцу хенахь дуьйна паччахьан гуонера уггаре Ӏаткъаме стаг хуьлу Евтропий, иза шен рогӀехь вожийра 399 шарахь саьхьаралла а, харц гӀуллакхаш а бахьнехь Ӏедал каралаьцначу император-аьзнис Евдоксияс а, Гайнас а.

400 шарахь гӀевттина Константинополан бахархоша байира масех эзар готтийн салтий, Гайнин вада дийзира имперера. Амма Дунайл дехьара гуннийн паччахь волу Ульдина, империн бартхо, вийра Гайна; цуьнан баьккхина корта Константинополе бахьийтира. И хиламаш аллегорин кепара охьабехкина Синезий Киренан «Хин дерг гарх» сочиненехь.

Историкан Филосторгийнс дийцарехь, Аркадий «лоха, веӀа, гӀийла, Ӏаьржачу аматехь вара. Цуьнан деган кӀодалла гойтура цуьнан къамело, бӀаьргийн башхалло а, уьш цуьнан набарца а, цамгарца а дӀакъийлалора. Кхин а гӀон амал лора императоран Синезийс:

Флавий Аркадий: Биографи, Сибат а, амал а, Доьзал  ...Шуна кӀезиг го, шуна кӀезиг хеза, аша йойу зиеделла хьекъале масалаш схьа ца оьцу. Шун самукъа ца долу дегӀана там хилча бен, дукхаха дерг чам а, хьожа а дика йолчу матерешна йукъадоьду. Шун хилар чинтах тера ду (желт.-шира. θαλαττίου πνεύμονος). Флавий Аркадий: Биографи, Сибат а, амал а, Доьзал 

Килсан историкаша билгалйоккху Аркадийн беркате нийсо; Сократ Схоластика йуьйцу меттиг, масала цуо дуӀа дар бахьнехь эзарнаш нах ца белира Константинополехь йоккха гӀишло тӀейоьжначу хенахь (VI. 23), олу императорах «эсала а, машаре а стаг». Кхечу агӀора, цхьацца хьосташа дуьйцу Аркадийн хиллех а, моханех а. Марцеллинан хронико хоуьйту, 390 шарахь 13 шодолчу Аркадийс гӀалин чура эккхийра шен десте Галла.

Сибат а, амал а

Флавий Аркадий: Биографи, Сибат а, амал а, Доьзал 
Аркадий

Оццу Филосторгийс дуьйцу шен зудчо Евтропийн арз дича Аркадий хьераваларх лаьцна. Зонара (XIII. 19) дуьйцу, Феодосийс шайн хьехархочочун Арсенийн хьоьхийлехь ирахь латта аьлла Гонорийн а, Аркадийн а омар делча, Арсенийс цхьа хӀума даьлла Аркадийн таӀзар дича, Аркадийн чӀогӀа ца вийзира иза, мах белла иза вен стаг лецира; Арсений кӀелхьара велира сихха вадар бахьнехь.

Аркадийн сийнна къилбаседа Мисрахь 386 а, 395 а шерашкахь кхоьллина руман провинциин цӀе тиллира, иза лаьттира 640 шарахь Мисар Ӏаьрбоша йаккхалц.

Доьзал

Зуда 395 шеран 27 апрель — Элия Евдоксия (377 — 6 октябрь), йоӀ Флавия Бавтона (велла 386/87), 385 шарахь Руман империн консул

Бераш:

  • Флацилла (397 17 июнь — 397/408 йа 431)
  • Пульхерия (19 январь 399 — 453 июль) — 414—421 шерашкахь регент, 450 шарахь дуьйна Малхбален Руман империн император
  • Аркадия (400 3 апрель — 444)
  • Феодосий II (401 10 апрель — 450 28 июль) — малхбален Руман империн император 408 шарахь дуьйна
  • Марина (403 12 февраль — 449)

Билгалдахарш

Литература

  • Аркадий // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Cameron A., Long J. Cameron, Alan. Barbarians and politics at the Court of Arcadius. Berkeley, 1993
  • Demougeot E. De l’unité à la division de l’empire romain, 395—410: Essai sur la government impérial. Paris, 1951
  • Güldenpennig A. Geschichte des Oströmischen Reiches unter den Kaisern Arcadius und Theodosius II, Halle, 1885
  • Liebeschuetz J.H.W.G. Barbarians and Bishops: Army, Church and State in the Age of Arcadius and Chrysostom. Oxford, 1990
  • Seeck O. Arkadios // RE, Bd. I, sp. 1137—1153.

Хажоргаш

Tags:

Флавий Аркадий БиографиФлавий Аркадий Сибат а, амал аФлавий Аркадий ДоьзалФлавий Аркадий БилгалдахаршФлавий Аркадий ЛитератураФлавий Аркадий ХажоргашФлавий Аркадий1 майВизантиИспаниРуман импери

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ГвинейАвстрали (континент)Мезень (гӀала)ШахматашВьетнамКальдонаццоМаршон хӀолламСен-Никола-дуь-Пелем2001 шоГуджаратЛоуренс-Брэкстон, ДженисПабуьКлиматВальдаКгӀапоннХомски, НоамПодгайскаДачаев, Ширвани ДачаевичТIулган оьмарТон (Тренто провинци)ЧабиниАмазонка (эрк)ВикиманиЛенин, Владимир ИльичСалоникашТремозинеIPhone 15(810) АтоссаБондо (Итали)ЭгӀкиОршотВеллетриИндонезихойн моттВаллелагиЛао-цзыИсламСан-ДжиминьяноГоссен, Герман ГенрихӀамиеБоьйуькбаьйли570 шоАбортАльтавилла-МонферратоРай, СатьяджитПшелайРовьяноЦийн Халкъан РеспубликаЗольмсЛовинь (Польша)Ӏаьржа кӀаМонтсерратМасхадов, Аслан АлиевичГегель, Георг Вильгельм ФридрихВашингтон (гуо, Орегон)2 мартДербентМухьаммадИбрагимов, Канта ХамзатовичГӀалагӀазкхий.myIPhone 15 ProНаве-Сан-Рокко1790 шоКхачаКолленьоАвиоГани (Франци)Мехкдаьттан экспортхойн пачхьалкхийн организациIOS🡆 More