Византийн Императорийн Исписка

Византийн императорийн исписка гайтина хронологин низмаца.

Византийн урхалчаша шеш лорура Руман когаметтадерш, «румхой», лелайора церан санна титулаш. Желтойн маттахь императорех дукха хьолехь олура автократораш (желт. Αὐτοκράτωρ — ша Ӏедал латториг). Цамзанца билгалбаьхна узурпаторш. Стомма зорбанца таблицашкахь билгалдаьхна вуьйцу стеган политикин Ӏаткъам алсама болу муьрийн терхьаш (ладаме ду нагахь цуьнца урхаллехь кхин а стаг велахь).

Импери 1204 шо кхачале

Хьалхара Руман император хилира Октавиан Август вайн эрал 27 шо хьалхара 13 январехь 395 шарахь импери чаккхенца йекънера Малхбузен Руман империн а, Малхбален Руман империн а. 476 шарахь даржера вожийра тӀаьххьара Малхбуза-руман император Ромул Август. Малхбуза Руман импери а йуьйжира, ткъа Малхбален Руман импери, цунах историкаша Византи ала долийра, кхин а эзар шарахь гергга лаьттира, 1453 шо кхаччалц, Константинополь туркаша-Ӏусманаша йаккхалц, йукъаметтигаш йуьтуш 1204 шерера 1261 шо кхаччалц, Константинополь йаьккхира жӀарахоша. Руман империн малхбузен областаш ша йолу пачхьалкх хила йолайелира «тетра́рхин» (желт. τετραρχία — «веаннан урхалла») муьрехь, и урхаллин система йукъайаьккхинера императоро Диоклетиана 293 шарахь, лаьттира 313 шо кхаччалц. 285 шарахь Диоклетиана тӀемабаьчча Максимиан лахара урхалча хӀоттийра («цезарем»), ткъа 286 шарахь — «август», цу тӀе Диоклетиана урхалла дора империн малхбален декъехь, ткъа Максимиан — малхбузен декъехь. 293 шарахь, тӀеман а, гражданийн а баланашна говзанчаш безарна, августашна гӀоьнна кхин тӀе хӀоттийра ши цезарь: Галерий а, Констанций Хлор а. 20 шарахь урхалла дина августаш шеш дӀабовла безаш бара даржера, ткъа Ӏедар цезарашка кхача дезара. Тетрархийн йиъ коьрта гӀала йара:

  • Жима Азера Никомеди (хӀинца Туркойчуьра Измит), малхбален а, коьртачу августан коьрта шахьар. Таблицехь — EA
  • Сирмий (хӀинца таханлера Сербера Воеводинин кӀоштара Сремска-Митровица), малхбален цезаран коьрта шахьар йара. Таблицехь — EC

Литература

  • Советская Историческая Энциклопедия / Главный редактор Е. М. Жуков. — М.: Советская Энциклопедия, 1963. — Т. 3 Вашингтон — Вячко. — С. 488. — 65 000 экз.
  • Успенский Ф. И. История Византийской империи (в 5 томах). — М.: АСТ, 2005.
  • Дашков С. Б. «Императоры Византии». — М.: Издательский дом «Красная площадь», 1997. — ISBN 5-87305-002-3.
  • Рыжов К. В. «Все монархи мира. Древняя Греция. Древний Рим. Византия». — М.: Вече, 1999. — 656 с. — ISBN 5-7838-0342-1.
  • Timothy E. Gregory. A History of Byzantium (Blackwell History of the Ancient World). — Кеп:Oxf.: Blackwell, 2005.
  • Ralph-Johannes Lilie. Byzanz. Das zweite Rom. — B.: Siedler, 2003.
  • The Oxford Dictionary of Byzantium : [англ.] : in 3 vol. / ed. by Dr. Alexander Kazhdan. — N. Y. ; Кеп:Oxf. : Oxford University Press, 1991. — 2232 p. — ISBN 0-19-504652-8.

Хьажоргаш

Tags:

Желтойн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Капла (Табор)Эдди МерфиГуанчжоу4 июлехьХӀиндиХилургБарак ОбамаЗандакъойМохкГерзБостонФоркс (Вашингтон)Публий Овидий НазонЭмкалшАляскаХайбулаев, Тагир Камалудинович.neХейримлиМали1836 шоСупермен29 мартДжулвез (коммуна)Вен кхиэл24 декабрьАйдамиров, Абузар Абдулхакимович16 июньЖортайДиллвин (Виргини)Къилба КорейУзбекийн моттИюльISO 3166ПрагаБайден ДжозефЛибериНикараФранцузийн мотт1200 шоЕзидашГуьржийчоьКъилба АмерикаСвердловскан областьIP-адресТеннисХудург Боб Квадратни Хеча17 августСтага а, зудчо а шайн цхьаьнаӀар Ӏедалехь чӀагӀдарЯнчаШахмарло4 январьТимарланВикиманиАль-ХалилЛондонНохчийн ВикипедиБассоль-ОлеСаввина, Ия Сергеевна14 январь15 апрель18 августДюбарри, Мари ЖаннаАЦШ долларКотамРай, СатьяджитКапитализмУЕФА Чемпионан лига🡆 More