Тӏехиина Леларг

ТӀехиина хахкар, йа хахкар — дӀасавахаран хьесап, цуьнца адам (берие) хуьлу хьайбанан букъ тӀехь (дукха хьолехь говран, кӀезиг — виран, эмкалан, цӀомберган, кхин а хьайбанан).

Тӏехиина Леларг
«Дошлоша говр хахкар» йаззамна суьрташ.
«Сытинан тӀеман энциклопеди» (Петарбух, 1911-1915)
Тӏехиина Леларг
«Дошлоша говр хахкар» йаззамна суьрташ
«Сытинан тӀеман энциклопеди»: 1913

Готтачу маьӀнехь — профессионалийн а, йезархойн а спортан йа самукъадаккхаран кепех цхьаъ. Профессионалан говрийн спорте тӀехиина хахкар декъало цхьацца низамашка, масала хахкар, тӀехаа Ӏамор, конкур, кхо хьуьнар, говр хьовзор, вольтижировка. ТӀехиина хахкар дарбанан Ӏалашонна лелорах олу иппотерапи. ТӀехиина хохку говрах олу тӀехуу говр.

Истори

Тӏехиина Леларг 
«Буслаевн жайнара» бериечун сурт (1485—1490 шераш)

Дуьххьара говр адаман нуьйр кӀелахь нисйелла Азехь; тӀейаздо скифийн цхьаьна тайпанна. Цийчоьнан къилбаседа-малхбузен Синьцзянера Шижэньцзыгоу а, Сигоу а (вайн эрал 350 шо хьалха) кешнашкара карийна говрийн гомийн, бере тӀехиина лелча хуьлу, даьӀахкийн хийцамаш, туьтанаш тӀехь дара дика къаьста харшнаш меран даьӀахкашца.

Европахоша схьаэцна и дӀасабахаран хьесап гӀажаршкара, коьртачу кепара тӀеман Ӏалашонна, оцу агӀор сихха кхиира йоккхачу говзалле; чӀогӀа гӀарабевлла бара фессалин а, фракин а дошлой; цунна гӀо дира Желтойчохь а, цул тӀаьхьа Румехь а тӀехиина хахкаран башха академеш йахкар. Амма билгалдаккха деза, руман олаллин муьрехь дошлой эскаран гӀоьнна бен дацара, башха говза а йацара. Нисса хахкаран говзалла лакхара кхиамаш бахалуш йацара, хӀунда аьлча желтой а, румхой а лелара нуьйранаш а, луьйтанаш а доцуш, тоъал тешаш бацара тӀехаарехь, цундела хила йиш йацара аьттонца тӀамтӀехь говраш лелор. ТӀаккха а, уьш тӀеховшар практика йолуш а, йайн а йара. Иза хийцаделира нуьйра, цул тӀаьхьа, йеза къонахойн гӀагӀнаш йукъа йаьлча. Цул тӀаьхьара тӀехиина хахкаран хийцамаш хилира дошлойн тӀеман а, тактикин а оьшу бехкамаш бахьнехь, йезархойн агӀор хьаьжча — оцу йа кхечу тайпана тӀехиина хахкаран спортан моде хьаьжжина.

Шира желтой а, румхой а лелара нуьйран а, луьйтанаш а йоцуш, тӀехаар церан оцу хахкаран хьелех тардина дара.

Tags:

ВирГоврЦӀомбергЭмкал

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Гитлер, АдольфРоньоЗандакъойЙоккха БританиЭконда1840Дуров ПавелСанта-Мария-да-ФейраОбаргКъилба ХӀирийчоьШемаЕпп-СоважМонро (Висконсин)АнглуьгӀ1936 шоВаагнадзорШательноApple1151 шоА-ГуардаЭйфель, Гюстав АлександрГии (ЛуагӀе)Кведа-ГораЖелтойчоьЭквадорЛитмановаБелмар (Нью-Джерси)ЦӀечойХантиев (Ахметханов), Кана-ШейхОьрсийн ВикипедиАбу-ШайхМоллаобаЦӀерпоштНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъаш1859 шоВурмбергТаиландРаденичи (Яворован кӀошт)Сале (Торино)НалогЛернапат.mwГӀольвильХӀинди-Европин меттанашНьегӀлеДугаАхматова, Раиса СолтамурадовнаЛакха Корсика1922 шоПриднестровье (эвла)Барабу (Висконсин)НидерландашКорейн Халкъан-Демократин РеспубликаДженнет МакКардиАхмадов, Муса МагомедовичГорнье КомарицеГӀепагӀсакКцӀарМоррисон, Джим.ru2019 шоТехӀранШу (Жамбылан область)Алзам (чамбийриг)БайракхДуьнеГуьэ-д’ОссуьГӀишбугӀ (Па-де-Кале)Любляна🡆 More