Чикоба́ва Арно́льд Степа́нович (гуьрж.
Чикобава Арнольд Степанович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
гуьрж. არნოლდ სტეფანეს ძე ჩიქობავა | |||||||
Файл:Чикобава, Арнольд Степанович.jpg | |||||||
Вина терахь | 1898 шеран 14 (26) март | ||||||
Кхелхина терахь | 1985 шеран 5 ноябрь (87 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | |||||||
Пачхьалкх | |||||||
Ӏилманан кхоче | лингвистика, филологи[d], Кавказйовзар | ||||||
Альма-матер | |||||||
Боьвзу дешархой | З. И. Керашева, З. М. Магомедбекова | ||||||
СовгӀаташ |
| ||||||
Чикобава Арнольд Степанович Викилармехь |
1922 шарахь чекхйаьккхира Тиблисин пачхьалкхан университет (дуьххьарлера арахецар). Университетехь хьийхира, доцентан (1926—1933) а, профессоран (1933—1985) а даржехь хилира, кавказан талламан кафедрин куьйгалла дира (1933—1960). Иштта куьйгалла дира Гуьржийн ССРн ӀА МеттанашӀаморан институтан (1936—1985) «иберийн-кавказан меттанийн» декъан. Чикобавас йоцучу хенахь куьйгалла дина (1950—1952) оцу институт охӀинца цуьнан цӀе лелайо.
1941 шарахь Гуьржийн ССР Ӏилманийн академи кхуллуш хаьржира цуьнан бакъволу декъахо, 1950—1963 шерашкара цуьнан президиуман декъахо.
Кавказан мотт Ӏаморан цхьа могӀа дошамийн а, публикацийн а автор а, редактор а. Лаьттара картвелийн, абхазийн-адыгийн, нахийн-дегӀастанийн меттанийн генетикин цхьаллин ойлан тӀехь («иберин-кавказан меттанаш»; иштта гар тахана дӀатеттина Ӏилманан йукъаралло). 1974 шарахь дуьйна арадолу «Иберин-кавказан мотт Ӏаморан хӀора шеран журналан» коьрта редактор.
Официалан цунна гӀолацахь а, цкъан а бертавогӀур воцу къовсамхо вара Н. Я. Марран «Меттанах лаьцна керла Ӏилманан». Гуьржийчоьнан КП ЦК 1-чу секретарца К. Чарквианица долу доттагӀалла бахьнехь цуьнан таро хилира дӀакхачо шен кехат Сталине. Сталина кехат дешца, тӀеийцира Чикобава. ЖамӀ, 1950 шарахь «Правда» газетехь дийцарш долийра мотт Ӏаморех лаьцна, уьш чекхдевлира И. Сталинан «Марксизм а, мотт Ӏаморан хеттарш а» йаззам зорба тохарца, иза йазбинера младограмматизман позицера, А. С. Чикобавин консультацица. Сталинан йаззамо кхайкхадора «Меттанах лаьцна керла Ӏилма» марксистийн Ӏилманца догӀуш ца хилар, тӀаккха а кхойкхура марран теорин агӀончаш хьийза ца бан.
Шен позици бахьнехь Чикобава вевзира ССРС лингвисташна йукъахь, йоцучу хенахь 1950-гӀа шерашкахь, лакхара дешаран меттигашкара дукхаха болу студенташ Ӏамош бара цуьнан «Мотт Ӏамор дӀадолор» жайница. Чикобавин боккха Ӏаткъам бара 1950—1960-гӀа шерашкара советийн кавказӀаморехь, цуьнан ишкол Г. А. Климовс а, цунан агӀончаш а иэшайаллалц.
Чикобава дӀавоьллина Тиблисин университетан паркехь.
Чикобавин цӀе тиллина Тиблисера Мотт Ӏаморан институт.
Мемориалан у хӀоттийна А. Чикобава ваьхначу тиблисера цӀенна тӀе.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Чикобава, Арнольд Степанович, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.