Хьайбахехь Нах Байар

ЧГӀХК белхалоша Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Галанчожан кӀоштан Хьайбахехь нах байар — иза хилла 1944 шеран 27 февралехь нохчий а, гӀайлгӀай а махкахбохучу дийнахь.

Цул совнах кхечу ярташкахь а тоьпаш тоьхна нах байина аьлла тоьшаллаш ду.

Географи

Хьайбахехь Нах Байар 
Хьайбахехь йолу Гелаган бӀов. 1888 шарахь Всеволод Миллерс, дийлина сурт

Хьайбаха йу Нашхан къилба-малхбалехь Акха-Бассаца доза долуш. 1944 шо кхаччалц ГаланчӀожан кӀоштан йукъайогӀуш хиллачу Хьайбахан гонахьарчу яртийн администрацин центр хилла. 1944 шарахь махкахбахале, эвлахь бехаш хилла хьайбахьо гарех 40 гергга доьзал, Зерхьа кӀотарахь а хилла бехаш дукха нах.

Махкахбаьхначул тӀаьхьа Хьайбахьа Гуьржийчоьнан йукъатоьхна, Нохчийчоьнан 1957 шарахь бен йуха а ца йелла, НГӀАССР меттахӀоьттиначул тӀехьа, амма бахархошна лаьмнашкахь баха ховша ца магийра.

Таханлерачу дийнахь даиман Ӏаш бахархой бац.

Историн йуьхьиг

Къаьсттина ЧГӀХК эскархошна хала дара лаьмнашкара яртийн бахархой махкахбаха. Дукха ло диллар а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн лаьмнашкара ярташка боьдуш некъаш ца хийлара а бахьанехь леррина операци чекхйаьллачул тӀехьа, оперативни хаамашца, ара бахаза 6000 сов стаг висна хилла. Берис эскархошна тӀедиллира шина дийнахь уьш станцешка кхачор, амма тӀедиллинарг кхочушдан чӀогӀа хала дара.

Эскарийн декъийн долахь хилла йолу (137 кхийсархойн полк, 173-гӀа къаьстина кхийсархойн батальон, 4-гӀа рота, 141 ломан-кхийсархойн полк) транспорт (20 автомашен, 52 ворда, 96 йоьжна говра) лаьмнашкара ярташкара нохчий а, гӀалгӀай а арабаха чӀогӀа кӀезга йара. Ницкъаш а, гӀирсаш а, ца тоьуш хилара бахьанехь леррина операци билгалйинчу хенахь чекхъяккха эскархой ца ларалора.

Иза 28 февралехь бен долина дацара. Лаьмнашкара ярташка хьажжина дара тӀе оьшуш долу эскаран дакъош (3452 стаг), автомобилаш (635), амма шен хенахь дӀа ца кхечира. СССРн куьгалхойн планаца, цхьаннен а бакъо йацара цӀахь виса, цундела ЧГӀХК эскаро цхьайолу яртийн маьрша бахархой байира.

Хилам

ГаланчӀожан кӀоштара нах арабахар чолхе даьккхира некъаш ца хиларо. Сатесча хенахь дуьйна Хьайбахье гулбан болийра Нашхойн йуьртан Кхеташон кӀотаршкара а, оцу кӀоштан кхечу ярташкара а лаьмнашкара шешша охьабахкалурбоцу нах. Царна кхайкхийра, массо а цамогушбнрш, къаной совца беза кхузахь дарба дан, уьш аренан кӀошташка охьабига башха транспортан колонна йогӀур йу аьлла. Оцу колонница ванн луург Л.Берийн цӀарахчу колхозан божале гуллало кхайкхийра нахе. Шеш шел ца далийта шайца ча а, йол а хьуо элира.

Мальсагов Дзияудина дийцарехь, арадохучу хенахь иза теш хилира ГаланчӀож кӀоштехь хиллачу зуламан. Нохчийн МХГӀ даладо Мальсаговн оцу хиламех долу дийцар, цуо чӀагӀдо, Хьайбахьера божалехь гулбинера Нашхойн йуьртан Кхеташон кӀотаршкара а, оцу кӀоштара кхечу ярташкара а шеш лаьмнашкара охьабагӀа ницкъ боцу цамогуш берш, бераш, къаной, зударий. Божалехь вовшехтоьхнарш Мальсаговс 600—700 стаг мах хадийра. ТӀаккха неӀарш къевлира, Генамалхбузан ЧГӀХК маьхкан урхаллин хьаькамо, пачхьалкхан кхерамазаллин 3-гӀа тӀегӀан комиссаро Гвешианис, омар делира дагаде божал, ткъа цӀергар арабовлу гӀертачаьрна тоьпаш тоха аьлла. Мальсагов а, кхин эпсар Громов а дуьхьало йан хьаьжира, уьш ха тоьхна дӀахьажийра Малхасте. .

Гвишианин телеграмма

Цхьа могӀа бух тӀиера телеграмма йалайо, цу тӀехь пачхьалкхан кхерамазаллин 3-гӀа тӀегӀан комиссар Гвишиани Михаила Хьайбахь йуьртара бахархой багорех хаам бо:

ЧӀогӀа къайлаха. ССРС чоьхьарчу гӀуллакхийн халкъан комиссаре накъ. Л. П. Берига. Хьан баьргашна бец йац. Охьабахьар ловр ца хиларна а, «Лаьмнаш» цӀе йолу операци шен хеннахь чекхъяккхархьама а, дийзира дӀабаха 700 сов бахархой Хьайбахь олучу меттигехь. Полковник Гвишиани

Телеграмман текст толлуш, Полян Павлас жамӀ до, иза шеко йолуш хилар: гриф «Хьан баьргашна бец йац» цкъан а ца лелайора советийн къайлаха кехаташлелорехь, «Хьозийн кхоьш» операцин куьйгалхойх цхьаъ волчо операцин цӀе «Лаьмнаш» аьлла хийцина, шен эскархочун цӀе ца хаьа, «полковник» бохуш. Поляна иштта билгалдоккху, ГаланчӀожан кӀоштера операцех лаьцна Гвишианин официальни чоьтехь дуьйцу иттанашкахь байинчарех, йа новкъахь беллачарех.

Хийцамийн шерашкахь

Дуьххьара Хьайбахьехь хиллачух йаздина 1989 шарахь кегийрхойн «Комсомолийн тайпа» газетехь журналисто Бицоев СаӀида, цуо дӀайаздина зорбатуьйхира Мальсагов Дзияутдинан дийцар Сулейманов Ахьмадан, Гаев Саламатан а, Хожаев Далханан а могӀанашца цхьана. Зорбатоьхначо шуьйра йукъараллин резонанс йира — ша йолчу республикехь йийца йаьккхира статья, амма Ӏедало цхьан а реакци ца йира. Республикин прессо а, телевиденино а цагуш санна йитира стаья, иштта терго ца йира обкоман пленумо. Оццу шарахь Хьайбахьехь лаьцна материал зорба туьйхира «Огонёк» журналехь. 1989 шеран 8 октябрехь Хьайбахьехь дукха халкъ а гуллалуш митинг хилира.

Таллар

Дуккха а хенахь массин хаамийн гӀирсашкахь оцунах лаьцна тайп-тайпана хиларна, ткъа иштта иза гинчеран тешаллаш а бахьанехь 1990 шарахь 31 августехь Хьалха-Мартан к1оштан прокуроро Цакаев Руслана № 90610010 зуламхойн гӀуллакх долийра, иза талла талламан тоба кхоьллира.

2006 шеран мартехь «Известия» газетехь зорба туьйхира интервью Кашурко Степанаца, иза вовзийтира «1990 шарахь коьрте хоьттина Хьайбахьера геноцид толлу леррина комиссин Дуьненан йукъара тӀемийн а, тӀемийн ницкъийн а ветеранин „Турпалалла“ цӀе йолу лехаман центран куьйгалхо» аьлла. Интервьюхь Кашуркос дийцира, «Лахам» тобана карийна даьӀахкаш взводан баьчча волчу Газоев Бексултанан, цуьнца Хьайбахье нене йаздина кехат хилар. Кашуркос хаам бира карийначу даьӀахкех лаьцна Газоевн Даймахке, амма жоп деара Соьлжа-ГӀалара: «Хьайбахь эвла Нохч-ГӀалгӀайн АССР йац». Кашурко лаха гӀиртира салтийчун гергарнаш Нохч-ГӀалгӀайн АССР обкоман хьалхара секретарь Завгаев Доккегахула, амма Завгаевс хаийтира Хьайбахь эвла шен бахархошца халлака яр. Кашуркос дийцарехь Нохч-ГӀалгӀайн Совминан председатель Беков Сергейс Хьайбахьера байарш толлу леррина комисси кхоллар далийра, коьрте Кашурко а хоттош. Комисси йукъабахара:

  • Кашурко Степан — комиссин председатель;
  • Мальсагов Дзияудин (НГӀАССРн юстицин халкъан комиссаран хьалхара гӀовс хилла волу);
  • Цакаев Руслан (Хьалха-Мартан кӀоштан прокурор, НГӀАССР Лакхара Кхеташонан Президиуман декъашхо);
  • Гаев Саламат (Гихичура йуккъерачу ишколан хьехархо);
  • Ахильгов C. (гӀалгӀайн автономи меттахоттор вовшахтохаран комитетан декъашхо).

Комиссино теллира нах лаьттахбоьхкина меттиг, Хьайбахьехь геноцид яр тӀеийцира. ТӀаккха Кашурко нохчийн тобанца, Гуьржийчоьнан президентан Гамсахурди Звиадера гӀодан дошдаьккхина, Гвишиани лачкъо кеманца Гуьржеха бахара, амма тӀехьабисира, хӀунда аьлча иза веллера.

Критика

Хьайбахьехь нохчий багабаран верси критика еш йу публицистийн Пыхалов Игоран а, Мендкович Никитин а агӀора. Пыхаловс терго тӀейогӀуйту Гвишианис Берига яхьийтина телеграммин шеко йолу меттигашна, тӀаккха жамӀ до, телеграмма йина йу АЦШхь. Иштта шеконе диллира цо Кашуркон дийцар а, билгалдоккхуш оцу хенал 24 шо хьалха велла стаг лачкъо гӀертарх. Мендкович билгалдоккху, йукъараллин комиссино динчу жамӀехь диллина долу республикин прокуроран куьйго нийса ца гойту Хьайбахь йукъайогӀу администраци, цуо даладо тешийн а, талламхойн а тоьшаллаш цхьана ца дар, кхин а декъий теллина протокол ца хилар а.. Шинне публицисто Хьайбахьан истори — тӀаьхьа кхоьллина фальсификаци лору.

Полян Павлан хьалхарчу зорбанехь Хьайбахьехь хилларг бакъдеш вара, кхин тӀе терго йогӀуьйтуш а вара «Гвишианин телеграмме», амма 2011 шеран жайнахь телеграмма шеконе йиллина, ткъа Хьайбахьан истори чӀагӀъянза. Безугольный Алексей, Бугай Николай, Кринко Евгений йукъара монографехь Полянан жам1ашца реза хуьлу, бух болуш йац и истори олий.

Нохчийн куьйгаллин ойла

2008 шеран 7 июнехь Нохчийн Республикин президентаца Кадыров Рамзанаца цхьанакхетарехь вице-премьер волчу Магомадов Лоьмас хаамбира, НР президентан цӀарах кехат деана РФ Кхерамазаллин а, мохкларбаран а, низаман а баланийн академин президентера, профессорера Шевченко Викторера, Москвохь йаздархочун Кашурко Степанан чурт хоттор доьхуш. Кадыров Рамзана элира:

Иза вайн исторехь баланин терахь ду, Кашурко Степана шен агӀора турпалалла гайтина, бакъдерг а йаздина оцу зуламах лаьцна.

2012 шеран 3 майхь вовшахтохаран комитетан совещанехь Нохчийн Республикин Парламентан спикера Абдурахманов Дукхувахас билгалдаьккхира, леррина терго йан йеза халкъийн дагалецаман а, балан а Денна йолу мероприяти МХГӀ гойтуш, оцу йукъахь российнаш а хила еза:

Нохчийн къам хӀинца а сталинан репрессех реабилитаци йанза ду — моралан а, дахаран а. Шадолу дуьнентӀехь хаьа Холокостах лаьцна, амма кӀезга хаьа Хьайбахьан исторех лаьцна. Цундела вай доккхачу жоьпаллехь тӀедахка деза Нохчийн Республикин халкъийн дагалецаман а, балан а Денна йолу мероприятешка.

Кхин факташ

1989 шарахь Хьайбахьехь хиллачу митингехь хьехабора, цхьана ломан йуьртара бахархошна тоьпаш тохаран омаран дуьхьала а бевлла, бахархошца цхьаьна тоьпаш тоьхна, дийна цхьа тоба салтий. ТӀаьхьо МӀайстан чӀожахь хилларг мадарра дуьйцуш «Халкъ» газетехь «ЦӀен Эдельвейс» цӀе йолуш статья арайелира.

1990 шарахь Соьлжа-ГӀалахь арадаьлла жайна «ГӀалгӀайн къоман шолгӀа гулам». Цигахь вистхиллачу йаздархочо Чахкиев СаӀида ялийра машаре бахархой багабаран факташ Хьайбахь а, ГаланчӀожан кӀоштан кхин ярташ а хилла ца Ӏар, уьш 1944 шарахь Нохч-ГӀалгӀайчоьнан йукъахь хиллачу Пригородни кӀоштан ярташкахь а хиларх.

ТӀаьхьа хилларш

Нохчийн прессин хаамашца, 2012 шеран 6 ноябрехь велла Хьайбахьан зуламан тӀаьххьара теш 76 шо долу Нохчийн Республикин Хьалха-Мартан кӀоштера Гихчу йуьртара Эльгакаев Мумади.

Суьдан процессаш

2013 шарахь 31 майхь Сталин Иосифан кӀентакӀант Джугашвили Евгений «Беговой» цӀе йолчу ЧГӀД вахара дехарца зуламхойн гӀуллакх доладе Гозман Леонидан «Хьайбахьан гӀуллакхехь» цуо эладит дийцарна.

Бахьана хилира 16 майхь Гозмана «Латар» («Поединок») программехь аьлларг. Политико оцу хенахь кхайкхийра, Сталин зуламхо хета шена аьлла, кхин а тӀетуьйхира, ЧГӀХК белхалоша 1944 шарахь Хьайбахь эвлахь «шибӀен тӀиера ялхбӀене кхаччалц <…> стаг божал чу а лаьллина, багийна, гонахьа пулемёташ а хиттийна массо байина» аьлла.

Массин оьздангаллехь

  • 90-гӀа шераш долалуш кхоьллира «Хьайбахь» фонд, председатель хилира Гаев Саламат. Хадисов Мусас дийцарехь, хӀоллам хотто ойла йара, ткъа кхин а зуламан бехкенарг вийца кхин цкъан а ишттаниг йуха ца хилийта. Амма хӀумма а ца дира республикехь тӀемаш а дуьйладелла.
  • Украинин йахархочо Маенко Марияс эшар йазйира, иза лекхийта совгӀатан йелира нохчийн йишлакхархочунна Умарова Лизина.
  • Поэто Керимов ИсмаӀила шен арадахарх лаьцначу байташкахь хьехадо Хьайбахьехь хилларг.
  • МХГӀ хаамца, Соьлжа-ГӀалин йуккъера цхьаьна урамна республикехь тӀом болабалале Мальсаговн цӀарах дара. ХӀинца цуо «Дагестанская» цӀе лелайо.
  • 2012 шарахь 7 августехь 11 сахьт даьлчи Соьлжа-ГӀалахь Путин Владимиран проспектера цхьана цӀенон тӀехь хӀоттийна Мальсагов Дзияудинан мемориалан у, иза ваьхнера цигахь 1957 шарера валлалц.
  • 2014 шарахь Шайх Мансуран цӀарахчу «Соьлжа-ГӀала-фильм» («Грозный-фильм») кинокомпанис чекхйаьккхина «Омар ду дицде аьлла» Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine цӀе йолуш нохчий арабахарх лаьцна йуьззинаметражан фильм. Суьртан сюжетехь Хьайбахь ягоран факташ йукъатоьхна.

Хьовса иштта

Билгалдахарш

Комменташ

Литература

Зорба тохар

Талламаш

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Хьайбахехь нах байар, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Хьайбахехь Нах Байар ГеографиХьайбахехь Нах Байар Историн йуьхьигХьайбахехь Нах Байар ХиламХьайбахехь Нах Байар Хийцамийн шерашкахьХьайбахехь Нах Байар ТалларХьайбахехь Нах Байар КритикаХьайбахехь Нах Байар Нохчийн куьйгаллин ойлаХьайбахехь Нах Байар Кхин факташХьайбахехь Нах Байар ТӀаьхьа хилларшХьайбахехь Нах Байар Массин оьздангаллехьХьайбахехь Нах Байар Хьовса ишттаХьайбахехь Нах Байар БилгалдахаршХьайбахехь Нах Байар ЛитератураХьайбахехь Нах Байар1944 шо27 февральВайнах махкахбахарНохч-ГӀалгӀайн АССР

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Гаррисонсбург (Виргини)2012 шо1852 шоФакундо Арана2010 шоАвгустТаьӀна-цӀенМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичДерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а деВилкова, Екатерина НиколаевнаФерменташХункар-мохкНорио (Гардабанин муниципалитет)Нохчийн ВикипедиБакохКапитализм22 апрельБенойНурнусТурец-БоярыЭтуш, Владимир АбрамовичНохчийчуьра акхарой1807 шоАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀСервантес, Мигель деОбровНохчийчоь2009 шоНепосЗарзарБолгарашПлауруВайнах махкахбахарЦуруев, Шарип МовладовичВикипедиПугачёва, Алла БорисовнаКхазакхстанБиблиАллахӀВикилармаТаймин БиболатМаньи-ле-АмоНатахтариШолгӀа дуьненан тӀомКоблево1913 шоЕвропин барт1 апрельХьунНогӀамирзин-ЙуртӀаьржа хӀордФоркс (Вашингтон)Мао Цзэдун2006 шоМоскохАцаламов, Артур Абубакарович2008 шоТуркойчоьБисмарк, Отто фонИталиПсари (Бендзинскан повет)ГарволевоГрот-ЗюндертUbuntu🡆 More