Къинхьегам

Къинхьегам — цхьаьна стега йа йукъараллин хьашташ кхочушдан хьажийна пайден Ӏалашонна энерги йойу адаман гӀуллакх.

Къинхьегам
«Къинхьегам» — Браун Форд Мэдоксан сурт (XIX бӀешеран йукъ)


Къинхьегам къастабо хӀума арахоьцу а, ца хоьцу а. ТӀаьхьарчунна йукъатуху репродукцин къинхьегам, масала, сурт, чертеж, меттиган план.

Къинхьегаман антоним садаӀар ду, иза хила тарло Ӏалашо йолуш гӀуллакх. Наггахь къинхьегаман а, садаӀаран доза чухула долуш хила тарло: дешар, чӀара лацар, спорт, хобби.

Арахецаран къинхьегамехь адамо шен къинхьегаман гӀирсашца Ӏаламан дакъош шен Ӏалашонна карадерзадо, хуьйцу, механикин, физикин, химин хӀуманийн хьесапаш леладо, хьалха дуьйна хӀоттийна Ӏалашоне кхачорхьама вовшашна Ӏаткъам бойту Ӏаламан хиламашна.

Экономикин категори агӀора, къинхьегам арахецараллин факторшарахецараллин факторех цхьаъ йу.

Историн материализмехь къинхьегаме хьовсу йукъараллин дахарера фундаментан бухе санна. Цул сов, къахьоьгуш кхоллало арахецараллин йукъаметтигаш, церан амалша иштта хаъал Ӏаткъам бан тарло шена къинхьегамна.

Къинхьегам кхиаран тӀегӀанан коьрта критерии къинхьегаман жамӀ хила ца Ӏа, кхин а лело къинхьегаман гӀирсаш а бу, царна чохь гайтина материалан арахецаран тӀегӀа а, йукъараллин къинхьегам бекъаран тӀегӀа а.

Къинхьегам лаамца а, лаамаза а, ца ваьлла бен а хуьлу (масала хила тарло ша мукъа ца Ӏар, йалхо, лолла).

Адам кхиарехь къинхьегаман роль

Адаман къинхьегам шен хьекъало хьажийна Ӏалашонца а, жигара къинхьегаман гӀирсаш лелорца а къаьста дийнатийн амалех. Аьтту жамӀ дан гӀерташ, адам доцуш, кхин дийнаташ делахь а гуонахьара хӀуманаш лелош, амма цара кеч ца йо цхьаьна къинхьегаман гӀирсца кхин гӀирсаш. Маймалаш лелайо гӀожмаш, леладо тӀулгаш, амма цкъан а ца кечйо уггаре атта тӀулган жӀов а. Къинхьегаман гӀирсаш тодаро, цара цхьаьна арахецаро а, лелоро а хаъал Ӏаткъам бира адам кхиарна тайпа санна а, йукъараллин йукъаметтигийн система санна а. Маркс Карл а, Энгельс Фридрих а хьожура къинхьегаме адаман истори кхолларан коьрта «кхоллархочуьнга» санна, цара аратеттира адам схьадаларан а, йукъаралла схьайаларан а «къинхьегаман гипотеза».

Хьажа кхин а

  • Алапа
  • Белхан меттиг ца хилар
  • Билламаза коьрта са́
  • Берийн къинхьегам
  • Мукъа ца хилар
  • Къинхьегам дӀататтар
  • Белхалой харжар
  • Къинхьегаман бакъо
  • Прекаризаци
  • ТӀетоьхна къинхьегам
  • Ца ваьлла хьоьгу къа
  • Белхан ницкъ
  • Жуккаралла
  • Белхалошна урхалла дар
  • Къинхьегаман физиологи
  • Хобби
  • Эксплуатаци (экономика)
  • Къинхьегаман эскар
  • Къинхьегаман предложенин саттаралла

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Къинхьегам Адам кхиарехь къинхьегаман рольКъинхьегам Хьажа кхин аКъинхьегам БилгалдахаршКъинхьегам ХьажоргашКъинхьегамЙукъараллаХьашт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Нор ГехиКетарФранци1925 шоВикимедин фондБерсанов, Хож-Ахмед АхмадовичЛибериДе-буьйсаЛатинан АмерикаЭлистанжа29 март1932 шоАЦШПлуази.rwМонреальБахархойНенан моттУгандаАвтомобильОкси-ле-Шато1893 шоТеркАпфельштедт1923 шоБартбуохарМонголи1972 шоМина (Арканзас)ПанамаБисмарк, Отто фон1951 шоБелорусийн моттНогӀж-ла-ВильЙеараГӀувгӀуа-суьгӀ-СегӀ.sb1959 шоЦавкисиТокиоСахьтан асаXVIII бӀешоДуьненан хьалхара тӀом.pm1793 шоНохчийн моттЛейла БолукатГеографиСегӀжи2000 шоПутин, Владимир Владимирович2007 шоОмро (Висконсин)1834 шо2003 шоЯрови (Донецкан область).mxСингапурАвстриАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташПегӀль (Эна)Мехкан урхаллаФгӀепийон.ytГвиней-БисауБадаржАбай (Мактааралан кӀошт)🡆 More