Кузнецова, Христина Анатольевна

Кузнецова Ти́на, йуьззина цӀе Кузнецова Христина Анатольевна (1982 16 августехь, Казань) — российн йишлакхархо, композитор, аранжировщик. Музыкин проекташ Zventa Sventana, My-Ti кхоьллинарг а, вокалхо а (Усачёв Юрийца цхьаьна («ТӀейогӀур йолчу заманара хьеший»). Хьалхара канал тӀиера «Аз» (2-гӀа шо) телевизионан проектан финалхо Пелагеян командехь. Йеха Москохахь.

Кузнецова Ти́на
Кузнецова, Христина Анатольевна
Коьрта хаам
Йуьззина цӀе Кузнецова Христина Анатольевна
Йина терахь 1982 шеран 16 август({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (41 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх Кузнецова, Христина Анатольевна ССРСКузнецова, Христина Анатольевна Росси
Говзаллаш йишлакхархо, композитор, аранжировщик
Пондарш фортепиано, Ӏад хьокху пондар, калюка, кугиклаш
Жанраш джаз, фанк, фьюжн, эйсид-джаз, поп, оьрсийн фольклор, рок
Коллективаш Zventa Sventana, My-Ti, Project С4
Лейблаш Музыка са чуозар
http://www.tinamusic.ru

Доьзал

Да — Кузнецов Анатолий Гаврилович, вина 1943 шарахь ГӀАССР Октябрьски кӀоштара Нурлат поселкехь. Чекхйаьккхира МФТИ. Физик, хьуьнарча.

Нана — Кузнецова Елена Борисовна (ден фамили Коваленко) йина 1947 шарахь Николаев гӀалахь, УССР. 1972 шарахь чекхйаьккхира Казанан Пачхьалкхан Консерваторин «пианистка» говзаллица. Болх бира Н. Рахлинан урхаллин оркестрехь концертмейстер, КПК ССМШ йукъара фортепианон хьехархо, Казанан № 8 йолу БМИ фортепианон хьехархо.

Цуьнан дас нан йалийра 1974 шарахь Зеленодольск гӀалахь. 1980 шарахь кхелхира Казане. Тина жимаха долу берд у доьзалехь. Цуьнан воккхаха волу ваша ву Кирилл, йиша а йу Мария.

Биографи

Пондар тӀе Тина йуьйлира 4 шо долуш. Нанас ша Ӏамайора йоӀ музыке. 6 шо долуш дуьйна Тина доьшуш йара музыкин ишколехь, иза чекхйаьккхира фортепианон классехь, ткъа 7 шерах 5 шарахь Ӏамийра кхин а Ӏад хьокху пондар. Кхин а дийшира Казань гӀалан фольклоран-этнографин «Оберег» (ХӀайкал) студехь.

1997 шарахь деша хӀоьттира Казанан музыкин доьшийле фортепианон классе, йара йаккхий пианисткан перспективаш. Кхин дӀа деша Нидерландашка кхалха кечъеллера. Амма, джаз езаелла, атта боцу харжам бира, II курсера дехьйелира джазан-эстрадан декъе джазан фортепианон классе, хьехархо А. Маклыгин волчу. Оццу хенахь, 1999 шарахь дуьйна, Тина аьттонца Ӏамош йу вокал, цуо сихха деира цунна масех лакхара совгӀат республикин а, йерригроссийн а къовсамашкахь, уггаре ладамениг царех хилира 2000 шеран Петарбух гӀалара «Невская Лира» къовсаман Гран-при.

Тинас йишлакхархочун карьера йолийра «Аз 2» проектехь дакъа лацале дуккха а хьалха. Сих-сиха Москох эхаро лаам бира кхин дӀа кхиа нисса оцу музыкин хьолехь. Коьрта шахьрахь махкахо пианист Гатауллин Ренат а вевзий, Тинас цуьнца дуэт йо, дукха хан йаллале дакъа лоцу фестивалехь «Сийна олхазар» джаз-клубехь, цунна цигахь йуха а ло уггаре дика джазан вокалан Гран-при. Жюрин декъашхой — А. Кролл, И. Бриль, А. Грин, Ю. Саульский. Нисса Саульский Юрийн гӀоьнца, Тина дехьайолу (бюджетан бух тӀехь) Пачхьалкхан музыкин эстрадан-джазан говзаллин ГнесингӀеран цӀарах доьшийле (ПМЭДГД) III курсе, говзалла «Эстрадан-джазан вокал» йолуш.

Тинин цул тӀаьхьара боккха болам хилира 2006 шарахь шен Проект «Zventa Sventana» кхоллар, иза оьрсийн аутентични фольклоран бух тӀехь йу. Шен башха некъ каро лууш, 2004 шарахь иза йахара «Российн оьздангаллин денош Таиландехь» фестивале. Цигахь ша гайтира солон йишлакхархо санна а, С. Старостинан, В. Волковн, А. Герасимовн трио йукъахь (r.i.p.). Москох цӀайирзина, «Дом» (ЦӀа) клубехь хилла «Российн фольклор» фестивалехь евзира Романова Алёна, цуьнан вокалан а, лакхаран а говзаллин мах хадийна, кхайкхира шен Проекте. Тобан саунд-продюсер хилира Усачёв Юрий. 2006-гӀа шеран бӀаьста къевлина «PLAYBOY OLMECA CLUB» синкъерамехь «Zventa Sventana» гайтар лерира аьттонца болу болам. Алёница цхьаьна Тинас масийттаза экспедицеш йира Российн центран эвланашкахула, цигахь цара хаьржира шен хьалхарчу 2006 шарахь арайаьллачу «Бала хьегар» альбоман гӀирс. Цунна чуйахара лирикан эшарш, забарен байташ, аганан иллеш, синмехаллин байташ.

Фестивалаш а, тайп-тайпан гӀуллакхаш а

  • 2004 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2006 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2006 — Фестиваль «Ethnoland»
  • 2008 — «Къоман Москох»
  • 2007 — Фестиваль «jazzQ», Петарбух гӀ.
  • 2008 — Фестиваль «zajazz», Харьков гӀ.
  • 2007 — «Loungefest», Архангельскан керт
  • 2008 — «Loungefest», Архангельскан керт
  • 2008 — «Moscow Fashion week»
  • 2008 — «Мy-Ti» проектан презентаци, «16 тонн»клуб, Москох гӀ.
  • 2009 — «Российн де», Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2009 — Малхбален Европин Рок-Джаз фестиваль, Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2009 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2009 — KremlinLIVE-1, г. Казань
  • 2010 — Опера «Bobble», Bobby M’cFerrin перформанс
  • 2010 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2010 — Фестиваль LadyInJazz, клуб Jagger, Петарбух гӀ.
  • 2011 — Будапешт гӀалара Дуьненайукъара джазан фестиваль, Мажаройчоь
  • 2012 — Фестиваль «Масленица», Лондон гӀ., Йоккха Британия
  • 2013 — Джазан фестиваль, Тракай гӀ., Литва
  • 2013 — «Динан музыка» цӀе йолу Дуьненайукъара синмехаллин музыкин фестиваль, Казань гӀ.
  • 2013, август-декабрь — Хьалхара канал тӀиера Проект «Аз-2», финалхо
  • 2014, 19.02 — Солон концерт «16 тонн» клубехь, Москва гӀ.
  • 2014, 06.04 — КРК «Пирамидехь» солон концерт, Казань гӀ.

Диканаш даран гӀуллакхаш

  • 2007 — «Москохан экологи»
  • 2007 — Композиторийн цӀийнан Дуьненайукъара джазан фестиваль
  • 2007 — «Бала хьегар» альбоман презентаци, Москох гӀ., клуб «16 тонн»
  • 2007 — «Roza mira 2007» vinzavod
  • 2007 — «Са чуозар»
  • 2007 — Йоко Оно ярна сийдеш хӀоттийна концерт, Москох гӀ.
  • 2008 — Russian act N4, Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2008 — Музейшан буьйса
  • 2008 — «Roza mira 2008» РАКТ
  • 2008 — «Са чуозар»
  • 2008 — «ХӀокху заманан говзаллин де», Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2008 — С. Кляйна суьртийн гайтам дӀабелларна а, Мадонна ярна а лерина концерташ, Москох гӀ.
  • 2008 — Сэр лорд Фостер Норман варна лерина концерт
  • 2012 — «Подари жизнь» (Дахар ло) фондан диканаш даран концерташ
  • 2013 — «Подари жизнь» (Дахар ло) фондан диканаш даран концерташ
  • 2014 — «Доьзал — дахаран хьост» гӀуллакхан гуран чохь концерт, «Метрополь» отель, Москох гӀ.
  • 2014 — «Музыкин буьйса», Москох гӀ.

Билгалдахарш

Tags:

Кузнецова, Христина Анатольевна ДоьзалКузнецова, Христина Анатольевна БиографиКузнецова, Христина Анатольевна БилгалдахаршКузнецова, Христина Анатольевна

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Вашингтон (гуо, Орегон)Ойла ярБакохПабуьГинденбург (дирижабль)ЛеларПачхьалкхСебиев РамзанКхо чӀож (электростанци)ХьекъалДудаев, Муса АбдиевичЦедзинаТуэнноКазале-МонферратоКӀайн ЦӀа (Вашингтон).idСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзАльбалат-де-ла-Рибера11 июльТугӀ (гӀала)1790 шоISO 3166Визенбах (Шваби)Цуруев, Шарип МовладовичЛокк, ДжонСпилберг, СтивенСенегалЧор-ХьехиеБепигЧайОвхӀанIOS 17КоллинеАжиев, Анзор.mkЧжэн ХэВагӀей (Сона а, ЛуагӀа а)Умханов, Шарип ИсаевичВикиманиКъаьмнийн ДоттагӀаллаИбрагимов, Канта ХамзатовичЛуандаОхотскан хӀордЮтан (Небраска)Межгорьен кӀоштДжовоФинале-ЭмилияАрубаГайанаИндонезихойн моттБайракхӀамиеСосновка (Бекован кӀошт)Хангошвили ХасоБуддизмБисултанов, Апти ДибаевичЮнусНесерхоев, Изновр НесерхоевичМенделин, ИренеКъилбаседаатлантикин бертан кхоллам570 шоМольвеноПедивильяноШахматашКилварДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациКъилбаседа Европа🡆 More