Латинан Америка Каста

Каста (испан. casta) — расин иерархин система, кхоьллина испанийн мотт буьйцучу Испанин Америкера а, Филиппинашкара а элито колонин муьрехь, официалан йара XVII — XVIII бӀешерашкахь, факт хилла цуьнца дихкина терминаш чӀагӀделла бахамехь лалош, жигара леладо хӀинца а.

Латинан Америка Каста
Мексикин кастин систмин структура. Исбаьхьалча Игнасио Мария Барреда.

Кастин система йу ша бахархойн классификаци. Уьш йекъало расех схайаларца а, процетах оцу йа кхечу «цӀийнах»: оцу системера схьадовлу иштта терминаш, масала, мулаташ, метисаш, самбош и. кхин дӀа.

И система йоцуш, параллелан йара кхин — классификаци «кӀайн» оьздангалла карайерзоран тӀегӀанца, цуо боькъура «адамаш хьекъалца» а (испанхой а,испанин оьздангалла тӀеэцнарш а), «адамаш хьекъал доцуш» а (оьздангалла йоцу аборигенаш).

Башхаллаш

ХӀокху системин цӀе европахоша, хӀиндин варнин аналогица сехьайаьккхина хиларе хьажна ца Ӏаш, царна а, испанин кастанашна а йукъахь йара коьрта башхалла: варнаш йара гуттаренна а, гӀеххьа чекх ца валалуш а (наггахь бен ца магош зуда йалайар цхьацца луларчу варнера), ткъа испанин каста бух тӀехь йара ца валар расашна йукъара (касташна йукъара а) иэдар ца дича, оцу маьӀнехь алсама «маьрша», КъАР а, АЦШ а тӀехьара апартеидал.

Расин пропорцех дозуш, иза йа кхин касташ дукха йа кӀезга лакхара социалан хьоле хьажжина налогаш йохура. Нагах, стаг билгала хьанах схьаваьлла ца хаахь, иза лорура кастера фенотайпане хьаьжжина. КӀайн чкъоьро, сирла месаша, испанхойх ваьлла хиларо статус ойура, ткъа африкин а, индахойн цӀий хиларо — статус охьайоккхара. ТӀаьххьара хӀуӀаьржачеран а, индахойн а тӀаьхьенаш «кӀайбала» таро йара испанхошка зуда йахийтича йа церан зуда йалийча, иза законо ца магийна дацара (АЦШх къаьсташ). ТӀаьххьара деаннах кхо дакъа испанхойн цӀий хилча бакъо лора цунна ша испанхо лара, хӀетте а Испанехь дуьненна тӀе бевллачеран лакхара статус йара, кӀайн колонехь бинчарел а (креолаш).

Этимологи

Сasta дош леладо иберо-романийн меттанашкахь (испанин, португалин, кхечу а) йуккъера бӀешерашкахь дуьйна маьӀнехь «ворин дай», «тайпа», «раса», шен рогӀех иза схьадолу лат. castus, «цӀена, бех ца дина» бохчу маьӀнехь. Нохчийн дешан маьӀна нох. къаста – декъало бохург ду. И дош тӀехьа дехьадаьккхина хӀиндин варнийн а, джатин а системин.

Классификаци

  • Латиноамерикхо вуьззина европахойх схьаваьлла — креол
  • Америкин орамера вахархо — индахо
  • Африкехь винчух — негр
  • Ийна кхаа марех вина стаг — меланджен
  • Испанхо × индахо — метис
  • Испанхо × метис — кастисо, castizo
  • Кастисо × испанхо — креол
  • Индахо × негр — самбо
  • Африкаха × самбо — самбо-прието
  • Метис × негр — симарон, cimarrón (тар ма ло бевдда лайшах)
  • Испанец × негр — мулат
  • Негр × мулат — негро-фино, negro fino
  • Испанхо × самбо — морено, moreno
  • Мулат × испанхо — мориско (тар ма ло морискех Испанера)
  • Испанхо × мориско — альбино
  • Альбино × испанхо — сальта-атрас, salta atrás или saltapatrás
  • Метис × мулат — апиньонадо
  • Индеец × метис — чоло, es:cholo йа койоте
  • Мулат × индеец — чино, chino
  • Испанхо × чоло йа койоте — арнисо, harnizo
  • Кастисо × метис — арнисо
  • Койоте × индахо — чамисо
  • Чино, chino × индахо — камбухо, cambujo
  • Сальта-атрас × мулат — лобо
  • Лобо × china — хибаро (таро ма далийта амазонкин тайпанах хиварох)
  • Хибаро × мулат — альбаразадо, albarazado
  • Альбарасадо × негр — камбухо, cambujo
  • Камбухо × индахо — самбаиго, sambaigo
  • Самбаиго × лобо — кампамулато, campamulato
  • Кампамулато × камбухо — tente en el aire
Латиноамерикахойн кастийн таблица
дай-наной Испанхо Африкахо

Билгалдахарш

Хьажоргаш


Tags:

Латинан Америка Каста БашхаллашЛатинан Америка Каста ЭтимологиЛатинан Америка Каста КлассификациЛатинан Америка Каста БилгалдахаршЛатинан Америка Каста ХьажоргашЛатинан Америка КастаИспанхойн моттЛатинан АмерикаФилиппинаш

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ӀапказФерменташЖиндиВысоки Горан кӀоштТехӀранСен-ВиктогӀ-ла-КостДжингулойн мотт1 октябрьКъаьмнийн ДоттагӀаллаМихаил Ломоносовн цӀарах йолу Москван пачхьалкхан университет1932 шоФейетт (гуо, Иллинойс)КӀайн ЦӀа (Вашингтон)Руссо, Жан-ЖакВергеретоБелмар (Нью-Джерси)Шербетли (Чан)Килия-Веке (коммуна)ЗовуниСуперменШидоПаси-суьгӀ-АгӀмансонСьерра-ЛеонеТувинийн моттЛитвахой.mw1 июньЛитмановаБакох.ggКливленд (Теннесси)1949 шоФирмоЛумпьякеОперационни системаИбряЕвлеЯкубович, Леонид АркадьевичНагваревиГодли (Техас)Яшуркаев, Султан СайдалиевичМолин-ан-КегӀасДымерIOSЛавров, Сергей ВикторовичДерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а деТешаниБеркаберКурумова, СелимаКвадратан километрНинаркоьй (Милас)Ле Корбюзье28 ноябрьЛюблянаГуьэ-д’ОссуьШательноУае (Сона а, ЛуагӀа а)ГгӀеалуРеспубликаСуннийшЛакха СевваьШехӀремини (ФатихӀ)АлхасаваГӀобекЖоинвилиMain PageШоЕдовильАтмаджаМоррисон, Джим🡆 More