Ерригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт

Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С.

А. Гера́симовн цӀарах институ́т (ЕПКИ) — Российн Федерацин лакхара а, лдмал тӀаьхьара говзаллин дешаран а федералан пачхьалкхан дешаран бюджетан кхоллам, кхоьллина 1919 шеран 1 сентябрехь Москохахь. Российн Федерацин Оьздангаллин министраллин куьйгакӀела ю.

Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин
С. А. Герасимовн цӀарах институт
(ЕПКИ)
Ерригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт
Вильгельм Пикан урам тӀера, 3-гӀа цӀа чуьра ЕПКИн коьрта дешаран корпус (2008 шо)
Дацдар ЕПКИ
Хьалхара цӀе Пачхьалкхан кинематографин ишкол
(1919—1930),
Пачхьалкхан кинематографин институт
(1930—1938),
Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институт
(1938—1986),
Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт
(1986—1992),
Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт
(1992—2008)
Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах университет
(2008—2015).
Кхоьллина шо 1919 шеран 1 сентябрехь
Тайпа федералан
Ректор Малышев Владимир
Лаьтта меттиг Ерригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт Росси
Метро Ботаникин беш
Юридически адрес 129226, Москох гӀ., Вильгельм Пикан ур., цӀа 3.
Сайт https://vgik.info
СовгӀаташ Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденДоттагӀаллин орден (Вьетнам)Республика Эрмалойчоьнан Оьздангаллин министраллин Дешин мидал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

2004 шеран майхь дуьйна ЕПКИс кхочушйо иштта юккъера говзаллин дешаран программа .

Институто кечбо кинематографин, телевизионан, видеон, кхин экранан говзаллин кхоллараллин областера говзанчаш. ЕПКИн аспирантурехь кечбо Ӏилманан а, хьехархойн гӀуллакхан говзанчаш.

2013 шеран 15 апрелехь институт дӀатуьйхира Российн Федерацин къаьмнийн башха мехала оьздангаллин тӀаьхьенан объект, йукъатуьйхира Российн Федерацин къаьмнийн башха мехала оьздангаллин тӀаьхьенан объектийн пачхьалкхан гуламан.

Истори

1919 шеран 1 сентябрехь Москохахь кхоьллинера дуьненахь дуьххьарлера Пачхьалкхан кинематографин ишкол , иза яра Советийн майданан а, Тверан ураман а сонехь долу цӀийнан долахь хиллачу квартирин шина чохь. Хаьржира дуьххьарлера оцу хенахь кинонатурхойн (оцу хенахь иштта олура актёрех) пхьолгӀе студенташ. Уьш Ӏамабора эмоцин пластике, хелхаре, бӀаьца къаьсташ хиларе, фехтование, акробатике, дегӀ кхиоре, синхааман гимнастике. Дешаран аппаратура яцара, студентийн роль ловзо дезара киноэкран кеп хӀотто нисбен барамца болу гуранан тӀехьа.

1923 шарахь киноишколехь дӀайиллира киноинженерийн (кинооператорийн) факультет, 1924 шарахь — пхьолгӀанаш: режиссёрийн а, мультипликацин фильман а. 1925 шарахь ишколах йира Пачхьалкхан кинематографин техникум (ПКТ).

Пачхьалкхан киноишколан дуьххьарлерачех хьехархой бара Туркин Валентин (киноишколан куьйгалхо), Гардин Владимир, Кулешов Лев, Тиссэ Эдуард. 1928 шарахь кхузахь хьеха волавелира, 1948 шо кхаччалц ЕПКИхь болх бина волу Эйзенштейн Сергей. 1940 шарахь ЕПКИн коьртехь хӀоьттира Файнштейн Давид, 1941 шарахь фронтехь вела волу.

1930 шеран 5 августан ВСХВ омарца Пачхьалкхан кинематографин техникумах йира Пачхьалкхан кинематографин институт.

1938 шеран 17 майхь дуьйна — Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институт (ЕПКИ).

1930—1938 шерашкахь институто дӀалецира Ленинградан проспектера ресторан «Яр» чохь хилла гӀишло. Цул тӀаьхьа цхьаьна хенахь лаьттира хӀинца М. Горькийн цӀарах киностуди йолу гӀишлон чохь. ЕПКИн гӀишлон проект ян йолийра 1938 шеран сентябрехь, институтан аудитореш а, кхин чоьнаш а лерина яра 750 ладогӀархочуьнна. ГӀишло ян билгалъйаьккхира Кинохроникин студин (Ростокино) майдан тӀера меттиг. Институтан корпус ян гӀертара цхьа архитектурин комплекс санна керла студин гӀишлонца цхьаьна. 1950-гӀа шераш долалуш Вильгельм Пикан урамера, № 3, адресца долу аьтту агӀора дакъа дина делира, ткъа 1955 шарахь ЕПКИ чеккхенца дехьаелира керла гӀишлонан дешаран аудиторешка. Кинош йоху павильонаш кхин а масех шарахь лаьттира М. Горькийн цӀарах киностудин гӀишлонан чохь; студенташ Ӏара йукъара дахаран гӀишлошкахь, уьш лаьттара гӀалин тайп-тайпанчу кӀошташкахь; 1978 шарахь 16 тӀегӀа а йолуш керла йукъара дахаран гӀишло йира Галушкин Борисан урамехь, 7-гӀа лоьмар йолуш.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 1941 шеран чеккхенгара 1943 шеран май кхаччалц, ЕПКИ «Мосфильмца» а, «Ленфильмца» а киностудешца цхьаьна кхалхийра Кхазакхийн ССРн коьртачу шахьре Алма-Ате, цигахь Алма-Атин кинотехникуман базин тӀехь советийн кинематографан кадрийн кечам дӀабаьхьира.

1970—1980-гӀа шерашкахь институтан ректор хилла В. Н. Ждан.

1986 шеран 5 февралан ССРС Министрийн кхеташонан сацамца Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институтана елира гӀараваьллачу советийн кинорежиссёран Герасимов Сергей Аполлинариевичан цӀе.

СовгӀаташ

  • Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден.
  • 2009 — ДоттагӀаллин орден (Вьетнам) (Социалистийн Республикин Вьетнаман (СРВ) Президентан 2009 шеран 1 ноябран № 1612 йолу сацам) — кинематографин сферин белхалойн масех чкъор кечдаран а, Вьетнаман а, Российн а йукъара доттагӀаллин йукъаметтигаш чӀагӀярехь, цхьаьна гӀуллакхаш дарехь жигара дакъа лацарна.
  • 2014 — 2014 шеран 4 мартехь Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт къоман кинематографин 2013 шеран «Ника» совгӀатан лауреат хилира башха «Кинематографин Ӏилманехь, емаллехь, дешарехь дакъа лацарна» номинацехь .

Нумизматика

2019 шеран 28 августехь Российн Банко «Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институтан 100 шо кхачарна» арахецна 3 соьман мехалла долу иэсан детин нахарт.

Хьажа кхин а

  • Кинодешар
  • Москохан киновидеоинститут
  • Петарбухан пачхьалкхан кинон а, телевизионан а институт

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Ерригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт ИсториЕрригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт СовгӀаташЕрригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт НумизматикаЕрригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт Хьажа кхин аЕрригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт БилгалдахаршЕрригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт ХьажоргашЕрригроссийн Пачхьалкхан Кинематографин С. А. Герасимовн Цӏарах Институт1 сентябрь1919 шоГерасимов, Сергей АполлинариевичМоскохРоссийн Федераци

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЛатвиБрисбенМайкл Джексон22 февральСиски (Лодзький-Схиднан повет)Гаусс, Карл ФридрихИспаниОслаМао ЦзэдунЖӀайхойХарачойн ЗеламхаМаккаГуьржийчоьСевастополь1800 шоНью-Ульм (Миннесота)ТамилнадКурчалой-ГӀалаМиховицеУзбекашМалхбален Алеутийн гӀайренашБайдариColonial Athletic Association конференцин шеран баскетболхоГифу (префектура)ЭукариоташМате (малар)ТӀайПайхамар ислама динехьHD85887Берза-БоьраПгӀуьнуаЦинциннатиОьрсийн моттЧехов, Антон ПавловичБаскиноМиннеаполисНенан моттМадинат12 октябрьЦинь ШихуандиРичмонд (Виргини)Бернар, СараТеркВикиманиБериеБетлегемСулейманов, Ахьмад СулеймановичВеданаЖеланни (Донецкан область)Екатерина IIНохчийчуьра олхазаршКъурайш.biБуттийАндильяМахьмуд Пак НиятПаласкаЛюбимов, Юрий ПетровичШогӀе-ле-БонЛаха НевреСилванияКоллежьян (Сена а, МагӀна а)🡆 More