Эшпай, Андрей Яковлевич

Эшпа́й Андре́й Я́ковлевич (вина 1925 шеран 15 майхь, Козьмодемьянскехь, Марийн АО, РСФСР, ССРС2015 шеран 8 ноябрехь, Москохахь, Росси) — советийн а, российн а композитор, пианист, хьехархо, йукъараллин гӀуллакххо. ССРС Халкъан артист (1981), Ленинан совгӀатан (1986) а, ССРС Пачхьалкхан совгӀатан а лауреат (1976). Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман ветеран.

Эшпай Андрей Яковлевич
Эшпай, Андрей Яковлевич
Коьрта хаам
Вина терахь 1925 шеран 15 май({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2015 шеран 8 ноябрь({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (90 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш композитор, кинокомпозитор, пианист,хьехархо
Жанраш опера, балет, кантата, симфони, концерт, эшар
СовгӀаташ
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден Эшпай, Андрей Яковлевич
Ленинан Орден — 1985 Эшпай, Андрей Яковлевич Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1971 ЦӀен Седан орден — 1945
Орден «Сийлаллин Билгало» — 1967 Эшпай, Андрей Яковлевич Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич
Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич
Эшпай, Андрей Яковлевич
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал Эшпай, Андрей Яковлевич
Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич Эшпай, Андрей Яковлевич
Эшпай, Андрей Яковлевич Чувашийн Республикин гӀуллакхаш дарна орден — 2008
ССРС Халкъан артист— 1981 РСФСР Халкъан артист — 1975 РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо — 1968 Ленинан совгӀат — 1986 ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1976 РФ Правительствон совгӀат — 2010 Москох гӀалин совгӀат

Биографи

Вина Козьмодемьянскехь (хӀинца Республика Марий Эл) музыкин доьзалехь: да — композитор, музыкин говзанча-фольклорхо Эшпай Яков, ткъа нана Тогаева Валентина, композиторан йиша Тогаев Анатолий, халкъан эшарш йовзархо а, йезархо а, лакхархо а йара.

1928 шарахь доьзал кхелхира Москоха. Йуьхьанца Эшпай Андрейн музыка Ӏамош йара ден куьйгаллица. 1941 шарахь чекхйаьккхира Берийн музыкинГнесингӀеран цӀарах ворхӀ шеран шикол (В. В. Листовойн класс). Эвакуацехь дешна № 1 йолчу йуккъерачу ишколехь Мариински Посад гӀалахь, иза лорура шен шолгӀа даймохк, тӀаьхьа сих-сиха цига а водура.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалрца тӀамтӀе ваха лиира шен лаамца, амма иза гӀеметтахӀоьттина ца хиларна ца вигира. 1943 шарахь дӀахӀоьттира Чкаловн (Оренбурган) пулемётан доьшийле (хӀинца Оренбурган лакхара зенитан ракетийн доьшийла), ЦӀечу Эскаран кхечу мехкийн меттанийн тӀеман институтехь (ЦӀЭКхММТӀИ) чекхйехира тӀеман гочдархочуьнан курсаш. 1944 шеран чеккхенгахь дуьйна тӀом бира 1-ра Белоруссин фронтехь. 07.05.1945 шарахь 146-гӀа кхийсархойн дивизехь арадаьллачу № 62/н омарца 3-гӀа тӀелатаран эскаран, 146-гӀа Островскийн ЦӀечу Байракхан дивизин 608-гӀа кхийсархойн полкан 2-гӀа разрядан тӀеман гочдархочунна А. Эшпайна, йийсархой лебеш хиина хаамашна, цара таро йелира йохо кхийсархойн шортта меттигаш, Берлин йоккхуш ша мостагӀчуьнан 8 салтий а, эпсар а хӀаллакварна совгӀат дина ЦӀечу Седан орденца.

1945 шеран 9 майхь Берлинехь вара.

ТӀом чекхбаьлча дийшира Москохан консерваторера академин музыкин доьшийлехь фортепианан (Р. Ю. Черновн класс) а, композиторан а (Е. И. Месснеран класс) факультеташкахь. 1953 шарахь чекхйаьккхира Москохан консерватори композицин Е. К. Голубев волчохь (йуьхьанца Ӏемаш вара Н. Я. Мясковский волчохь) а, фортепианон а классаца В. В. Софроницкегахь. 1956 шарахь циггахь чекхйаьккхира аспирантура (куьйгалхо А. И. Хачатурян).

Шен кхолламаш гайтира пианисто санна.

1965—1970 шерашкахь Москохан консерваторехь хьийхира композици (профессор).

Дуккха а дуьненайукъара а, йерриг российн а къийсамийн жюрийн председатель, царна йукъахь Дуьненайукъара П. И. Чайковскийн цӀарах къовсам (пианистийн къовсам, 1978, 1986, 1998), Йерриг российн композиторийн А. П. Петрова цӀарах къовсам (Петарбух).

1960-гӀа шарахь дуьйна — секретарь, 1973—1979 шерашкахь — РСФСР композиторийн бертан 1-ра секретарь, 1968 шарахь дуьйна — ССРС композиторийн бертан секретарь (1952 шарахь дуьйна). Российн авторийн йукъараллин президент (1996—2001, 2006—2015).

Кхоллараллин берто йукъатеттина ССРС халкъан депутат.

2011 шарахь «Аргументаш а, факташ а» газетан корреспондентан йеллачу интервьюхь дийцира дийцира шен гӀарайаьллачу эшарех цхьаьннан йаздаран исторех лаьцна:

«Толам баьккхинчул тӀаьхьа итт шо даьлча „Москохахой“ аса йазйира Бернес Маркан. Тхо дехаш дара Доккхачу Бронни урамехь ахтоьлан чохь. Тхойга вагӀара корехула. Иза а веара иштта. ЧӀоггӀа мохь туьйхира корехула: „Марийхой кхузахь буй? (Сан дада — мари, иза а цуьнан шича Палантай а — марийн говзаллин музыкин бух биллинарг ву.) Дешнаш ду, музыка йеза!“ аса могӀамаш бийшира, со инзараваьлла вара. Тамашена тера дара! Оцу хенахь суна вевзаш воцу поэто Винокуров Евгенийс дерриг сан дахарехь хилларг дийцира! Набарх долу Висла а, бӀаьстенан тӀуьна латта а, урам а — Бронни… Ваша Валя, тӀамер цӀа ца веина, кхелхира Ленинград уллехь. Ткъа нана цуьнга хьийжира ша йаллалц… ТӀехьийза йоӀ а йара, цуьнга сатуьйсуш Ӏийна…»

Велла коьрте цӀий хьадарх 2015 шеран 8 ноябрехь 91-ра шо долуш Москохахь. ДӀавоьллина Новодевичьи кешнашкахь (уч. 9, ряд 2, м. 17)

Доьзал

  • Да — Эшпай Яков Андреевич (1890—1963), композитор, музыкайовзархо-фольклорист, хормейстер, хьехархо.
  • Нана — Тогаева Валентина Константиновна (1897—1982), оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо, чувашийн композиторан Тогаев Анатолий Николаевичан йиша.
  • Ваша — Валентин, Москохан Советийн КӀТӀК тӀекхайкхина, тӀепаза вайра Ленинградан областера тӀемашкахь 15.08.1941.
  • Зуда — Эшпай Александра Михайловна (йина 1927), пианистка.
    • КӀант — Эшпай Андрей (вина 1956), кинорежиссёр, сценарист, кинопродюсер, РФ говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (2005).
      • КӀентан йоӀ — Эшпай Мария (йина 1986), пианистка.
    • КӀант — Эшпай Валентин (1953—2016), киновед.
      • КӀентан кӀант — Эшпай Валентин, кинооператор.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а

Сийлахь цӀераш:

  • Марийн АССР говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1960)
  • Якутийн АССР говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1964)
  • РСФСР говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1969)
  • Мордовийн АССР говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1973)
  • РСФСР халкъан артист (1975)
  • ССРС халкъан артист (1981) — советийн музыкин говзалла кхиорехь даккхий гӀуллакхаш дарна
  • Чувашийн АССР говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1982)
  • Марийн АССР халкъан артист (1983)

СовгӀаташ:

  • ССРС пачхьалкхан совгӀат (1976) — «Ленин вайца» кантатина (В. В. Маяковскийн дешнашца) а, фортепианон оркестрца 2-гӀа концерт
  • Ленинан совгӀат (1986) — гобойн оркестрца концертна (1982), «Ламанан а, байаренан а марийн эшарш» (1983)
  • Российн Федерацин Правительствон оьздангаллин областера совгӀаташ (2010) — оркестран гӀирсийн а, симфонин а музыкин кхолламийн циклера музыкин кхолламашна
  • ДоттагӀаллин орден (2010) — даймехкан музыкин говзалла а, дукха шерашкахь кхоллараллин гӀуллакх кхиорехь доккха дакъалацарна

Орденаш а, мидалш а:

  • ЦӀен Седин орден (1945)
  • «Сийлаллин Билгало» орден (1967)
  • Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден (1971)
  • «Чувашийн Республикин гӀуллакхаш дарна» орден (2008)
  • «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
  • «Берлин йаккхарна» мидал
  • «Варшава мукъайаккхаран» мидал
  • «Варшава йаккхарна 1939—1945» мидал
  • «1941—1945 шш. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь хьуьнаре кхинхьегамна» мидал
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина ткъа шо» мидал (1965)
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина ткъе итт шо» мидал (1975)
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина шовзткъа шо» мидал (1985)
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 50 шо» мидал (1995)
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 60 шо» мидал (2005)
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 65 шо» мидал (2010)
  • «1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тӀамехь толам баьккхина 70 шо» мидал (2015)
  • «ССРС ТӀеман Ницкъийн 50 шо кхачарна» мидал (1968)
  • «ССРС ТӀеман Ницкъийн 60 шо кхачарна» мидал (1978)
  • «ССРС ТӀеман Ницкъийн 70 шо кхачарна» мидал (1988)
  • Жуковн мидал
  • «Хьуьнаре къинхьегамна. Ленин Владимир Ильич вина 100 шо кхачаран лерина» мидал
  • «Къинхьегаман ветеран» мидал
  • «Москохан 850 шо кхачарна иэсан» мидал

Фильмографи

  • 1957 — Буьйсенан гӀарул
  • 1957 — Дуьххьарлера безаман повесть — Андрей
  • 1957 — Хиллачун агӀонаш
  • 1957 — Виъ
  • 1959 — Хьогалла
  • 1959 — Нисдинчух теша
  • 1960 — Аьхкенан отпускийн зама
  • 1960 — Мох-дарцал чӀогӀа (П. Тодоровскийца цхьаьна)
  • 1961 — Машинисто цӀерпошт лелийра
  • 1961 — Горин Димин карьера
  • 1962 — Кхана вола
  • 1963 — Цуо къарйо стигал
  • 1963 — Хьалхара троллейбус (Р. Бойкоца цхьаьна)
  • 1964 — Криницы
  • 1964 — Муха бу иза, хӀорд?
  • 1964 — Лушка
  • 1967 — Зударийн паччахьалла
  • 1967 — Майор Вихрь
  • 1969 — Цуьнан сийлаллин адъютант
  • 1969 — Директор
  • 1970 — Кремлан куранташ
  • 1971 — Суьйре а йара, Ӏуьйре а йара…
  • 1971 — Малыш а, тхов тӀехь веха Карлсон а (фильм-спектакль)
  • 1971 — ВорхӀалгӀа стигал
  • 1971 — ӀиндагӀ
  • 1972 — Сибреххо
  • 1973 — Ванюшинан бераш
  • 1973 — ХӀоттор
  • 1973 — Парашюташ дитташ тӀехь
  • 1973 — ЙухавогӀийла дац
  • 1974 — Экранан седа
  • 1975 — ИвановгӀеран доьзал
  • 1976 — Зулам
  • 1976 — Рудин

Фильмашкахь дакъалацар

  • 1967 — Джазан фестиваль (документан)
  • 1971 — Бернес Марк (документан)
  • 1979 — Музыкера сурт (документан)
  • 2005 — Дахаран хьовзам (документан)
  • 2007 — Седарчийн цамгар. Бернес Марк (документан)
  • 2010 — Эшпай Андрей: Музыка денйар («Документан камера» программера)
  • 2014 — Экранан симфони (документан)

Архиван кадраш

  • 1971 — Вистхила везара… (документан)

Литературин кхолламаш

  • Камерин музыкин суьйре, «СМ», 1954, No 12;
  • Новкъан могӀанаш, циггахь, 1961, No 3;
  • Ленинградан хьажарехь, циггахь, 1961, No 6;
  • В. В. Софроницкий (цхьаьна П. Лобановца), жайнахь: Москохан консерваторех дагалецамаш, М., 1966;
  • Нотографин справочник, хӀотт. Н. Сладком, М., 1979;
  • Къамелаш. Йаззамаш. Материалаш. Очеркаш, хӀотт. Е. Гульянц, М., 1988.
  • «Чекхйаланза зама. Тайп-тайпана шерашкара къамелаш» (М., 2000, 2-гӀа арах. М., 2005).

Иэс

  • Козьмодемьянскехь йу берийн исбаьхьаллин Эшпай Андрейн цӀе тиллина ишкол.
  • Козьмодемьянскехь композиторан лерина иэсан у хӀоттийна Чернышевскийн урамехь, 43 цӀенна тӀехь.
  • 2013 шарахь дуьйна Йошкар-Олахь дӀахьо къона музыкантийн Йерриг российн Эшпай Андрейн цӀарах къовсам-фестиваль.
  • Йошкар-Олахь йоккха оьздангаллин а, исбаьхьаллин а концертан зало лелайо композиторан цӀе.
  • 2019 шарахь Марий Эл Республикехь кхайкхийна марийн къоман уггаре дика гӀарабевллачу оьздангаллин а, йукъараллин а гӀуллакххойн иэсийн проектан къовсам, царна йукъахь ву А. Я. Эшпай а. Къовсаман жамӀаш дийр ду 2020 шарахь.
  • 2020 шеран 1 октябрехь Йошкар-Олара Марийн республикин оьздангаллин а, исбаьхьаллин а И. С. Палантайн цӀарах колледжан академин музыкин факультетан гӀишло йолчуьра мари къоман XI гуламан мероприятийн гуранчохь тӀулг буьйгӀира композитор Эшпай Андрейн хин йолчу иэсаннна.
  • 2021 шеран 26 майхь сацам бира Йошкар-Олан аэропортан Эшпай Андрей Яковлевичан цӀе тилла.

Билгалдахарш

Литература

  • Эшпай, Андрей Яковлевич — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  • Кеп:Книга:Кто есть кто в Марий Эл
  • В. Г. Кузнецова, Л. И. Кульшетова, В. И. Чеснокова. Композиторы и музыковеды Республики Марий Эл. — Йошкар-Ола: Типография Правительства Республики Марий Эл, 2006. — С. 151—162. — 266 с. — 1000 экз. — ISBN 5-87898-318-4.
  • Кеп:Книга:Марийская биографическая энциклопедия
  • Кеп:Книга:Энциклопедия РМЭ

Tags:

Эшпай, Андрей Яковлевич БиографиЭшпай, Андрей Яковлевич СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш аЭшпай, Андрей Яковлевич ИэсЭшпай, Андрей Яковлевич БилгалдахаршЭшпай, Андрей Яковлевич ЛитератураЭшпай, Андрей Яковлевич

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

КхазакхстанЗовашенСоьлжа-ГӀалаВедарИсмаилов, Абу ТуриевичЙоккха БританиКоьшинг.neЛенин, Владимир ИльичСтранеХӀиндонезиЯшуркаев, Султан СайдалиевичАхматова, Раиса Солтамурадовна1856 шоГацаев, СаӀид Асланбекан воӀ2008 шоАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀАвстралиСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомНесерхоев, Изновр НесерхоевичБераххиларСулейманов, Ахьмад СулеймановичШвейцариYouTubeХотовДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарКиранцМухьаммадСинонимашЧермакаванБакохНепосНогӀамирзин-ЙуртБарта кхоллараллаНохчийчоь1990 шоЗарзарНорио (Гардабанин муниципалитет)СевастопольПутин, Владимир Владимирович1909 шоКоблевоДигомиАбу-д-ДардаъОбровОтовоБисултанов, Апти ДибаевичБисмарк, Отто фонСервантес, Мигель деДегӀастаКинешман кӀоштТаьӀна-цӀенНурнусАргӀаной3 ноябрьЗовуниДерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а деШолгӀа дуьненан тӀомМаккаМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичВашингтон (Колумби гуо)ГӀезалойчоьКорнице (Польша)МоскохАляска22 апрель🡆 More