Чан

Чан — органиках йа минералах йевлла кегийра чӀогӀа дакъолгаш йу.

Чан йу жима, диаметр микронан дакъош тӀиера максимум — 0,1 мм кхаччалца йолу дакъолгаш. Цул даккхийра дакъолгаш гӀамарш йукъара лору, церан барам 0,1 - 5 мм хуьлу.

Чан
2001 шеран 11 сентябрехь йохийначу ДЙЭЦ бӀаьвнаш тӀиера чан йиллина гӀишло

ХӀусаман чан

ХӀусаман чена йукъахь йаха ховша таро хуьлу хӀусаман ченан веччалгаш, уьш йу сапротрофаш. Адаман герга елахь а, ша сапрофит кхераме йац — цуо йуург ца талхайо, уьнан лазарш а ца даржадо, кхечу садолчу хӀуманаш санна, масала, дехкий, мукхадехкий, мозий, чхьаьвригаш. Иштта веччалгаш паразитийн зирхӀ дӀаса а ца хьо (чхьавригаш а, зингаташ а санна). Амма хӀусаман ченан веччалгийн дахаран сурсаташ уггар доккха бахьна ду аллергин а, астман а лазараш хиларан.

Чорда къевлинчу квартирехь шина кӀирнаха охьахуу 12 эзар гергга ченан дакъолгаш 1 квадратан сантиметр цӀенкъан а, ирх лаьттачу мебелан а. Оцу ченалахь ду 35 % минералан дакъолгаш, 12 % текстилан а, кехатан а хьасанаш, 19 % цӀуокан пелагаш, 7 % зезаган дургалш, 3 % кӀурзан а, кӀуран а дакъолгаш. Йисина 24 % билгалъяьлла йоцу, космосан чан ю. Компьютеран модель ечу хенахь Аризонан университетан Ӏилманчашна карийра, талам бечу меттигашкахь ченан дукхаха долу дакъа адаман хӀусам чукхочу хӀавааца, боьхачу мачех а, духарах а ца йолу.

Ченаш лелхар

Ченан (ченахӀаваийн эдарш — аэрозолаш) чухоаман эккхар ду химин кхолларийн кхерамех цхьаъ, хуьлу доза долчу шортенехь (гӀишлойн чоьнаш чохь, тайп-тайпанчу гӀирсаш чохь, ломах йаьхначу шахташкахь). Ченан лелхарш хила тарло дамадаккхарехь, ялтийн элеваторашкахь (деман чан) иза басарех, саьнгалх, шекарх, кхечу чанкепарчу дуучу сурсатех кхетча, кхин а пластмассаш, молханийн препараташ, дагор охьу чархаш тӀехь (кӀоран чан), текстиль дарехь.

Атмосферан чан

Схьайалар

Мохо чан ойу латтах, ораматаш аракхуссу дургал, тӀаплаьмнаш аракхуссу чим иштта кхин дӀа а.

Чено климатан бе Ӏаткъам

Атмосферера ченан барамо боккха Ӏаткъамбо климатан. Ченан дакъолгаш дӀахӀуду мелхан радиацин дакъа, ткъа кхин а конденсацин хӀоьънаш дакъалоцу мархаш кхуллуш.

Чан оьздангаллехь

  • Laboratoria Art&Science Space 2012 шеран апрелера июль кхаччалц хилира чан темана лерина Ӏилманан-исбаьхьаллин гайтарш, цигахь довзийтира ScienceART доьзна белхаш.
  • Иранехь яьржина ю Ӏаьрбийн цӀе Абутураб — ченан да.

Хьажа иштта

Чан 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «чан»
  • Космосан чан
  • Йалтан чан
  • Циклон (чан гулйийриг)
  • Чанъузург

Билгалдахарш

Tags:

Чан ХӀусаман чанЧан Ченаш лелхарЧан Атмосферан чанЧан оьздангаллехьЧан Хьажа ишттаЧан БилгалдахаршЧанГӀум

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Баликчилар (Ризе)Термаол-шайхБгӀикнеСигӀирлиДудаев, Муса АбдиевичХьалхара май (Ӏида)Советийн Социалистийн Республикийн СоюзАьккхийЛиванБуамеТувинийн моттГатумЧехийн моттХантиев (Ахметханов), Кана-ШейхКъилба-Африкин РеспубликаДукузов АсланЖозАзуданжТорелааниТаьӀна-цӀен24 апрельЗовашенКоппонеВинтер-Парк (Флорида)Шрек (мультфильм)ДенверТауц (коммуна)Карелийн Автономин Советийн Социалистийн РеспубликаКливленд (Теннесси)Обски (Алтайн мохк)Лакха КорсикаАнтоновБжезьниця (Вадовицкан повет)ПеретаШакираАхмадов, Муса Магомедович1948 шоИбрагимов, Канта ХамзатовичЭнергиГуьэ-д’ОссуьКоньякЛетгӀеХьамдалат.plЦӀерпоштГунойКонтинент(3155) лиСиньбэйПриднестровье (эвла)АзиУсть-Кубинскан кӀоштЛаьзгийБексултанов, Муса ЭльмурзаевичЯкубович, Леонид АркадьевичСан-Пабло (Калифорни)Мамакаев, Мохьмад АмаевичЭль-Мираж (Аризона)Дженнет МакКардиХасстоьмашПродюсерИндонезихойн моттЭбларнBTSСоветски Союзан Турпалхой (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)ДигомиДуров ПавелГӀишбугӀ (Па-де-Кале)Юсуф🡆 More