Мархаш

Ма́рхаш — Дуьненна а, дуьненна уллера космосан есаллера а стиглахь бӀаьра гуш йолу атмосферехь кхозу хинан Ӏаьнан конденсацин сурсаташ.

Шуьйрачу маьӀнехь, марха билгалчу чухоамехь цхьаьна хӀуманан гулделла цхьацца дакъалгаш ду.

Мархаш
Мархаш малх чубузуш

Дуьненан атмосферин мархийн йукъара амалаш

Мархаш лаьтта дукха кегийра тӀедачу хинан йа хинан шенан кристаллийн тӀадамех, царех олу мархийн дакъалгаш. ТӀадамийн мархийн дакъалгаш го мархин йукъара хӀаваан температура −10 °C лакхара йалахь. Мархин йукъара хӀаваан температура −15 тӀера −10 °C кхаччалц елахь мархин ийна хӀоттам хуьлу (тӀадамаш а, шенан кристаллаш а). Мархин йукъара хӀаваан температура −15 °C лахара елахь — деккъа кристаллин хуьлу. Хинан Ӏаь йац мархийн коьрта компонент.

Нагахь мархийн дакъалгаш конденсаци бахьнехь даккхий хилахь уьш охьаэгаран сихалла тӀекхета. Нагахь мархийн дакъалгийн охьаэгаран сихалла хьалайоьдучу Ӏоврел лакхара йалахь, тӀаккха уьш охьахьоьлху Дуьненан тӀехулоне, таро йу охьаэга йочанийн кепара, нагахь новкъахь Ӏаьнаре ца йовлахь. Дукха хьолехь, йочанаш йогӀу мархашкара, шена йукъахь цхьаьна чкъоьрехь мукъане ийна хӀоттам балахь (оьланан-догӀанан, гӀатлийн-догӀанан, лакха-гӀатлийн). ГӀийла дерзан йочанаш (дерз, лайн буьртигаш йа гӀийла кегийра ло) йан таро йу шен хӀоттамца цхьаьна тайпана мархашкара (тӀадамийн йа кристаллийн) — гӀатлийн, гӀатлийн-оьланан.

Мархаш ловзайо коьрта роль Дуьненан йовхонан ражехь, цара ойу альбедо (таро йо шелйарахь), амма чӀагӀйо парникийн эффект, иштта кепара де-буьйсанан а, шеран заманийн а температураш Дуьненан тӀехь техкар шардеш, цхьацца Дуьненан йаккхий регионашкахь.


Мархийн классификаци

Дукха хьолехь мархаш го тропосферехь. Тропосферин мархаш йекъало кепашка а, тайпанашка а, кхин тӀе билгалошка а дуьненайукъара мархийн классификацица. Наггахь хаало кхечу кепара мархаш: перламутран мархаш (20—25 км лакхахь) а, детин мархаш а (70—80 км лакхахь).

Мархийн кхоллаяларан хьолашца классификаци

Тайпа Кеп
Конвективан мархаш Оьланан (Cumulus, Cu)
Оьланан-догӀанан (Cumulonimbus, Cb)
ТулгӀенан мархаш Месийн-оьланан (Cirrocumulus, Cc)
Лакха-оьланан (Altocumulus, Ac)
ГӀатлин-оьланан (Stratocumulus, Sc)
Шершаш хьалайоьду мархаш Месийн (Cirrus, Ci)
Месийн-гӀатлийн (Cirrostratus, Cs)
ЛакхагӀатлийн (Altostratus, As)
ГӀатлин-догӀанан (Nimbostratus, Ns)
Турбулентан иэйина мархаш ГӀатлийн (Stratus, St)

Конвективан мархаш

  1. Термийн конвекцин мархаш кхоллало лахара цхьабосса ца йохйаларан а, алсмо йовха хӀаваийн массаш хьалайахаран чоьтах.
  2. Динамикин конвекцин мархаш кхоллало лаьмнашна хьалха хӀаваъ цадаьлла хьаладахаран чоьтах.

ТулгӀенан

ТулгӀенан мархаш кхоллало антициклонехь инверси йолуш, инверсин лахара доза конденсацин тӀегӀанца догӀуш хилча. Довха кӀезиг луьста (тӀехула) а, шийла алсама луьста (лахара) хӀаваан дозанехь, хӀаваъ леларца кхуьу хӀаваан тулгӀенаш. Церан баххьаш тӀехь хьаладоьду хӀаваъ адиабатийца шелло — иза бахьнехь кхоллало валнийн а, хаьснийн а кепара мархаш. ТулгӀенаш чутаӀарца хӀаваъ адиабатийца дохлуш охьатаьӀа, цигара схьа, хинан Ӏаьнарех дузаран хьолах гена долу, — иза бахьнехь кхоллало царна йукъахула айсийна стигал го.

Шершаш хьалайоьду мархаш

Шершаш хьалайоьду мархаш кхоллало довха а, шийла а хӀаваийн массаш дуьхь-дуьхьала кхетча. Уьш кхоллало довха хӀаваъ шийлачун тӀехула долуш адиабатийца шелдалар бахьнехь.

Турбулентан иэдаларан мархаш

Турбулентан иэдаларан мархаш — мох чӀагӀбелча хӀаваъ айадаларан жамӀ ду, лаьттан уллерачу чкъоьрнашкахь дохк йалахь муххале а, оцу дохках хуьл-хуьлушгӀатталин мархаш хуьлу.

Мархийн морфологин классификаци

Доьзалаш Кеп ДогӀа Дерз Ло Лайнан борц Къора Мархийн лахара дозанан локхалла
Лакхара тӀегӀанан мархаш
(йуккъера шораллехь локхалла — 6 - 13 км)
Месийн (Cirrus, Ci)
Месийн-оьланан (Cirrocumulus, Cc)
Месийн-гӀатлийн (Cirrostratus, Cs)










7—10 км
6—8 км
6—8 км
Йуккъера тӀегӀанан мархаш
(йуккъерачу шораллашкахь локхалла — 2 - 6 км)
Лакхаоьланан (Altocumulus, Ac)
ЛакхагӀатлийн (Altostratus, As)

+


+


2—5 км
2—6 км
Лахара тӀегӀанан мархаш
(йуккъерачу шораллашкахь локхалла — 2 км кхаччалц)
ГӀатлин-догӀанан (Nimbostratus, Ns)
ГӀатлин-оьланан (Stratocumulus, Sc)
ГӀатлийн (Stratus, St)
+
+


+
+
+
+

+


0,5—1,9 км
0,5—1,5 км
0,03—0,4 км
Вертикалаца кхуьу мархаш Оьланан (Cumulus, Cu)
Оьланан-догӀанан (Cumulonimbus, Cb)
+
+

+
+
+
+

+
0,6—1,2 км
0,6—1,2 км

Хьажа кхин а

  • Мархаш йезархойн йукъаралла

Билгалдахарш

Литература

  • Андреев А. О., Дукальская М. В., Головина Е. Г. Мархаш: происхождение, классификация, распознавание. — СПб: РГГМУ, 2007. — 228 с. — ISBN 5-86813-184-3.
  • Беспалов Д. П., Девяткин А. М. и др. Атлас облаков. — СПб: Д’АРТ, 2011. — 248 с. — ISBN 978-5-905264-03-0.
  • Боровиков А. М., Гайворонский И.И. и др. Физика облаков / Под ред. А.Х. Хргиана. — Ленинград: Гидрометеорологическое издательство, 1961. — 248 с.
  • Малявин В. Символизм облаков в Китае Архивйина 2022-10-05 — Wayback Machine // Книга прозрений / Сост. В. В. Малявин. — М.: Наталис, 1997, С. 334—339.
  • Международный атлас облаков и состояний неба / Под ред. А.Ф. Дюбюка. — Москва: Гидрометеорологическое издательство, 1940. — 456 с. — 20 200 экз.
  • Атлас облаков / Под ред. А.Х. Хргиана и Н.И. Новожилова. — Ленинград: Гидрометеоиздат, 1978. — 268 с. — 20 000 экз.
  • Претор-Пинней Г. Занимательное облаковедение. Учебник любителя облаков = The Cloudspotter's Guide. — Гаятри, 2007. — 400 с. — 2000 экз. — ISBN 978-5-9689-0088-3.
  • World Meteorological Organisation. International Cloud Atlas. — Geneva: Secretariat of the World Meteorological Organization, 1975. — Vol. 1. — 155 p. — ISBN 92-63-10407-7.Архивйина 2016-07-25 — Wayback Machine
  • World Meteorological Organisation. International Cloud Atlas. — World Meteorological Organization, 1975. — Vol. 2. — 212 p. — ISBN 92-63-L2407-8.Архивйина 2017-06-16 — Wayback Machine

Хьажоргаш

Мархаш   Облака на Google Earth Google Maps  KMZ (файл меток KMZ для Google Earth)

Tags:

Мархаш Дуьненан атмосферин мархийн йукъара амалашМархаш Мархийн классификациМархаш Хьажа кхин аМархаш БилгалдахаршМархаш ЛитератураМархаш ХьажоргашМархашДуьнеСтигал

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Ацаламов, Артур Абубакарович9 мартНурадилов, Ханпаша НурадиловичДентон1820 шоXIX бӀешоДуплинВайнахНохчийчоьнан нах беха меттигашЛокалита Агроиндустриале Рива (Ровиго)IP-адрес7 майЗомбин17 декабрьБайрам (эвла)Арендзее (Альтмарк)Юнион (гуо, Пенсильвани)Вашингтон, ДжорджНептунСиэтлМусик8 сентябрьНуассвильКовНигериАаронсбург (Вашингтон гуо, Пенсильвани)ЗосинБарнаулАшагӀи БузговОкуев ШимаӀаьрбийн ахгӀайреСценарист1825 шоАбсолютизмДигомиHTMLӀаьрбийн мотт9 июльМексикаАвтомобиль1982 шоАнглефогӀЖуьгтийн абатЛидсАтлантикин ӀапказВибегӀсвиллегӀЛокалита Индустриале е Артиджанале (Болцано)(6091) MitsuruНохчийчуьра акхаройIOSНетайловоХӀиндуизмВандуьиль1943 шоКарина КапурАбдурахманов, Тумсо Умалтович1993 шоАддис-Абеба1936 шоЛернанистТеркан областьДуров ПавелГвадалахара🡆 More