Цебиев, Ахмед Магомедович

Цеби́ев, Ахме́д Магоме́дович (1935 шеран 1 январь, МахкатӀе, Веданан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2000 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн физик, техникин Ӏилманийн кандидат, радиоэлектроникехь а, радиозӀенехь а цхьана гучуйаккхаран а, 26 кхоьллинарган а автор, 80 гергга зорбанан белхан автор.

Цебиев, Ахмед Магомедович
Цебиев, Ахмед Магомедович
ГӀуллакхан тайпа физик
Вина терахь 1935 шеран 1 январь({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг МахкатӀе, Веданан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2000({{padleft:2000|4|0}})
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Корматалла физика, электроника
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Мохьмад
Бераш кӀант Руслан

Биографи

Ахмед Цебиев вина Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Веданан кӀоштан МахкатӀахь. 1959 шарахь цо чекхйаьккхира Ростовн пачхьалкхан университет. Иза чекхйаьккхича иза вахийтира Фрязино гӀале. 1975 шарахь иза хилира техникин Ӏилманийн кандидат.

Цо гучуйаьккхира полупроводникан диодас йухайарзина булам пробой буламан улле кхаьчча СВЧ-генераци яр.

Цебиеван фамили йу «Советан Ӏилманчийн гучудаккхараш» цӀе йолу 1980-гӀа шерашкахь арахецна ши том йолу книгехь. Оцу книгехь дуьцуш йу Цебиван цхьа гучудаккхар. Иза СССРн Пачхьалкхан гучудаккхаран реестре дӀайазйина 1964 шеран 17 мартехь. Амма Цебиевс ша йаздира 1990-гӀа шерашкахь арахецна «Мил мила ву Нохчийн Республикехь» ша кхо гучудаккхар дина бохуш.

1977 шарахь белхалойн тоба хьалхатеттира Ленинан совгӀатан. Царна массарна а делира совгӀат, Цебиев воцург, цо бина болх массарелла алсам болушехь. И харцо бахьнехь цьуна могшалла телхира.

1983 шарахь иза цӀа веара. Цо болх бира Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институтехь. Цул тӀаьхьа иза балха вахара НПО «Промавтоматика». 1987 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРхь хьайиллира хьалхара компьтеран классаш: Урус-Мартанехь а (СШ № 5), Соьлжа-ГӀалахь а (СШ № 9). 9-гӀа школехь Цебиевс компьютераш вовшах тесира сара боцу лору зӀене. Цу хенахь иза боккха кхиам бара.

2000 шарахь иза вийнера. Схьадицарехь, иза къуйш винера шен компьютер царна дӀайала ца лаарн.

Виццавар

Цебиевехь лаьцна йаьккхина шиъ бакъдолчуна тера фильм: «А. М. Цебиев — Хьаржинарг» а, «ГӀарбоьвла нохчий — А. М. Цебиев» а. Цуьнан цӀе тиллина № 9 йолу Соьлжа-ГӀалин школин.

Доьзалла

Цебиеван кӀант Руслан, журналист, Соьлжа-ГӀалин радиостанцин диктор, вина 1995 шарахь.

Литература

  • Якубов А. В. Ахмед Цебиев. Олимп и Голгофа ученого. Нальчик, 2009.
  • Ю. П. Конюшая. Открытия советских ученых. Москва, изд-во МГУ им. М. В. Ломоносова, т. 1, с. 388—390.

Хьажоргаш

Tags:

Цебиев, Ахмед Магомедович БиографиЦебиев, Ахмед Магомедович ВиццаварЦебиев, Ахмед Магомедович ДоьзаллаЦебиев, Ахмед Магомедович ЛитератураЦебиев, Ахмед Магомедович ХьажоргашЦебиев, Ахмед Магомедович1 январь19352000 шоВеданан кӀоштМахкатӀеНохч-ГӀалгӀайн АССРНохчийНохчийн РеспубликаРСФСРСССРСоьлжа-ГӀалаЭлектроника

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Гуьржийчоь.plМагомедов, Сейфулла СеферовичМонтемор-у-Нову1905 шо1999 шоЛюдвинова (Вилейкан кӀошт)ВальбоннеХарьков.snСаут-Виндзор (Коннектикут)Гарсиа Маркес, Габриэль1963 шоКетар1932 шо31 декабрьЯрови (Донецкан область)ХьаьжЦийн Халкъан Республика.bf1970 шоКуьигӀоьСурат ФатихьатНемцойн моттСамукъане хьуьнан доттагӀийБартбуохар.amТокио1959 шоНатик (Массачусетс)Сент-Аман-МонгӀонГеографи1973 шоГватемалаНор ГехиКук, ДжеймсАЦШУкраинаЭрмитаж.tcОслаЗударийн накхаБалыкчиХорватиНью-Йорк (гуо, Нью-Йорк)АллахӏКорсунь-ШевченковскиӀиракъ11 август.umЛавленд (Колорадо)27 август1943 шоКъилба-Африкин Республика.idСимакугӀбЭрзурумЛьори (Империя)Бисмарк, Отто фонУгандаБӀовАрлингтон (Вермонт)ДзюдоПалестӀина пачхьалкхЛибери🡆 More