Толкиен, Джон Роналд Руэл

Джон Рóналд Ру́эл Тóлкиен (инглс.

John Ronald Reuel Tolkien; 1892 шеран 3 январь — 1973 шеран 2 сентябрь) — ингалсан йаздархо, поэт, филолог, лингвист, Оксфордан университетан профессор. Дуьненна ша вовзийтина «лакхарчу фентези» жанарехь йазийначу произведенешках, уьш йу: «Хоббит, йа дIавахар, схьавар а»(«The Hobbit, or There and Back Again», «Мухаршан Эла»(«The Lord of the Rings»), «Силмариллион»(«The Silmarillion»).

Джон Роналд Руэл Толкиен
J. R. R. Tolkien
Толкиен, Джон Роналд Руэл
Бакъ цӀе Джон Роналд Руэл Толкиен
ГӀуллакхан тайпа лингвист, Поэт, университетан профессор, детский писатель, переводчик, литературный критик, эссеист, офицер, автор, йаздархо, историк, иллюстратор, хьехархо, прозаик, филолог
Вина терахь 1892 шеран 3 январь({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Вина меттиг Блумфонтейн
Кхелхина терахь 1973 шеран 2 сентябрь({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (81 шо)
Кхелхина меттиг Борнмут, Ингалс, Йоккха Британи
Корматалла Поэт, йаздархо, лингвист
Гражданалла Йоккха Британи Йоккха Британи
Да Артур Руэл Толкин (Arthur Reuel Tolkien 1857—1895)
Нана Мейбел Саффилд (Mabel Suffield 1870—1904)
Зуда Эдит Брэтт (Edith Bratt 1889—1971)
Бераш
  • Джон (John Francis Reuel Tolkien, 1917—2003)
  • Майкл (Michael Hilary Reuel Tolkien, 1920—1984)
  • Кристофер (Christopher John Reuel Tolkien, вина 1924)
  • Присцилла (Priscilla Anne Reuel Tolkien, йина 1929)
СовгӀаташ

Британи Империйн Орден

Джон Роналд Руэл Толкиен Викилармехь

Толкиен дӀаваьлча, цуьнан кӀантас Кристоферас шен ден белхан йозанашах пайда а оьцуш йазийна «Силмариллион» боху жайна, цо а вукху произведенешца дӀалоцу дакъа, Арда бохучу дуьненан, Йукъара-Латт (Middle-earth) цӀе йоллуш меттигах лаьцна.

Бералла

Толкиен вина 1892 шеран 3-гIа январехь, цуьнан да нана а, и кIант вале Къилбера Африке (КЪАР) дIа боьлху, эскар йукъехь ден меттиг хийца баларна бахьан а долуш. Цигахь 1894 шеран 17 февралехь дуьненчу волу шолгIа кIант Хилари Артур Руэл.

1896 шарахь да кхелхича Толкиенийн доьзалла Ингалс цIа боьрзу. Цигахь вуно хала хан йоккху нанас, шиъ бера кхаба хала долуш. Нанас Делийгара шен гIо хилийта а, Католицизман дин тIе йоьрзу, амма цуьнан гергарчара и гIуллакх дика тIе ца лоцу, уьш шаьш ингалсхой бара. Ишта гергархошца йолу уьйра йойу цо.

Жима волушехь Толкиенийн ботаникехь безам хуьлу. Цуна хаза хетара Iаламан суьрташ дохкуш. Нанас и Iамвора йаздан, деша а, цуна боккха безам кхета фентези жанрехь долу туьйранашна.

Доьзалла

16 шо долуш Толкиена йоьвзу Эдит Брэтт, иза йига лууш вара Толкиен, амма цуьнан, нана кхелхийча веана тIелацархос Френсиса, иза ца могийта; Эдит Брет Католицизман динан тIехь йаьзна йацара. Толкиен цуьнга кхин вист а ца хуьлу, 21 шо кхаччалц, и хан тIе йаьийча цо хаам бохьийту, ша динчу хIуманан кхетам а балоша, шега йола дехар а даьш. Амма цу хан чохь Эдит Брэтт кхечунга маре йоьдуш йара, ткъа иза Толкиенан дехаре хоп а луш цуьнга схьайогIу, цара цхьани йоккху йоккха ирсе хан (56 шо).

Iар-Дахар

1914 шерахь Толкиен тIеман кечам бечу корпусе йукъа воьду, ша тIаме кхойкху хан ях а ян, ша бакалавр хила кхиийта. 1915 шарахь цо дика чекха йоккху университет, йуха Ланкаширан тIемлойн полк йукъе воьду иза, цигара боьдуш болу Хьалхара дуьненан тIаме кхайккхам богIу цунна, цу тIамехь кхелха цуьнан шиъ дика доттагI. Толкиена цомгар а кхетий иза кхин тIом ца беш цIа воийту.

Литература

Билгалдахарш

Tags:

Толкиен, Джон Роналд Руэл БераллаТолкиен, Джон Роналд Руэл ДоьзаллаТолкиен, Джон Роналд Руэл Iар-ДахарТолкиен, Джон Роналд Руэл ЛитератураТолкиен, Джон Роналд Руэл БилгалдахаршТолкиен, Джон Роналд Руэл189219732 сентябрь3 январьИнгалсан моттЙаздархоПоэт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Ахматова, Раиса СолтамурадовнаКапитализмСтепанки (Черкассин область)АргӀанойТаьӀна-цӀенМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичНогӀамирзин-ЙуртКорнице (Польша)Йайладжик (Девели)АллахӀ22 апрельБисмарк, Отто фонПгӀегӀОлеттБонвильПетарбухУмханов, Шарип ИсаевичЧермакаванСоьлжа-ГӀалаХӀиндонезиСервантес, Мигель де.foМать (фильм, 1926)Нохчийн моттСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзКурдулиБакохВилкова, Екатерина НиколаевнаСтранеИспанхойн мотт2009 шоМухьаммадСебиев РамзанТуьркЭтуш, Владимир АбрамовичХорватийн моттКинешман кӀоштКазаньЛяшки (Подкарпатан воеводалла)Тверь1852 шоСлонск-ДольниКадыровГарволевоАвстриЭль-Мираж (Аризона)Винтер-Спрингс (Флорида)УфаЦуруев, Шарип МовладовичДуб (Ржатиборжске Гори)ИнгалсНохчийчуьра олхазаршФранциКукечПертика-АльтаШолгӀа дуьненан тӀомКоьшингШвейцари1793 шо23 февральБальеАбаканБабики🡆 More