Тибет

Тибе́т (тиб.

བོད་, Вайли bod, Бё; 西藏 Сицзан, неп. तिब्बत) — Йуккъера Азин кӀошт, лаьтта Тибетан акъарин тӀехь.

Тибет
Тибет
Экзотопонимаш 西藏, Сицзан
Географин регион Юккъера Ази
Мур VII бӀешо — хӀинца а
Локализаци ЦХР къилба-малхбузе
Бахархой 10,5 млн
Майда 1,2 млн км²
ЙукъайогӀу Тибетан автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу (ЦХР)
Цунна йукъайогӀу У-Цанг, Амдо, Кам
Тибет
Махкахь пачхьалкх
Тибетан импери Тибет VII бӀешо — 842
Юанан импери Тибет 1245—1358
Цийн импери Тибет 1720—1912
Тибет Тибет 1912—1951
Цийн Халкъан Республика Тибет 1951 — хӀинца а
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Оьздангаллин а, динан а йукъаралла, билгалйоккху амалш ю тибетийн мотт а, тибетийн буддизм а. Орамера бахархой — тибетхой.

1950 шарахь дуьйна доккхаха долу дакъа ЦХР йукъадоьду, Тибетийн автономин кӀошт, Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешкара автономин дакъош санна, царна йукъахь йекъна йу Тибетан историн областаш У-Цанг, Кам, Амдо. Лхаса — Тибетан историн коьрта шахьар а, Тибетан автономин кӀоштан административан центр а йу.

Тибет ЦХР йукъатохар тӀемца чубахаран жамӀ ду, хьал хӀинца а чолхе ду.[⇨]

Дхарамсалехь (ХӀинди) йу Тибетан эккхийна правительство, цуьнан корта 2011 шо кхаччалц вара Далай-лама XIV, дуьненахь уггаре дика бевзачех а, ларамечех а цхьаъ. 2011 шеран 27 апрелехь, дерриг дуьненан тибетан диаспоро кхаж тасаран жамӀаца, корта хаьржина Лобсанг Сенге.

Географи

Майда (У-Цанг, Кхам, Амдо провинцешца) — 1,2 млн км².

Мехкан йуккъера локхалла: 4000 метр хӀордан тӀегӀан тӀера.

Тибетан махкара схьадолу цхьа могӀа даккхий эркаш, уьш чекхдовлу тӀаьхьа кхин къаьмнаш дехачу мехкашкахула, цундела алсама девза оцу къаьмнийн меттанашкара цӀерашца. Уьш ду Ярлунг-Цангпо (тиб.ཚངས་པ (Брахмапутра), Ма-Чу (Можа эрк), Джи-Чу (Янцзы), Сенге-Цангпо (Инд), Пунг-Чу (инд.: Арун), Наг-Чу (бирм.: Салуин), Дза-Чу (Меконг).

Уггаре дика Ӏаьмнаш: Цонаг, Нам-Цо, Ямджо-Юмцо, Мапам-Юмцо (Манасаровар), Мигриггъянгджам-Цо.

Йуккъератемпература: 14 °C июлехь, −4 °C январехь.

Йочанийн йуккъера барам: чӀогӀа къаьста, малхбузен областашкахь 1 мм январехь а, 25 мм июлехь а; малхбален областашкахь 25—30 мм январехь а, 80 мм июлехь а.

Пайден маьӀданаш: 126 тайп-тайпана минералаш, царна йукъахь бура, уран, аьчкан маьӀда, хромит, деши, литий, боксит, цӀаста, кӀора, туьха, слюда, гӀели, мехкдаьтта, кхин а.

Климат

Тибет 
Ямдрок Цо Ӏам лаьтта 110 километр Лхасин къилбехьа, 4441 м лакхахь

Тибетехь ю ламанан климат дийнахь-бусий чӀогӀа температураш а лесташ, шортта мелхан серло а йолуш. Тибетан къилбан а, къилбаседан а температурийн башхалла чӀогӀа йоккха ю.

Уггаре дика климат ю къилба-малхбален Тибетан кӀажошкахь. Иштта дика климат ю Лхаса а, Шигадзе а гӀаланашкахь. Лхасехь шеран йуккъера температура ю +8 °C, Шигадзе +6,5 °C, ткъа къилбаседехьа, Тибетан акъарин тӀехь а, Тибетан къилбаседехьарчу декъехь а, шеран йуккъера температураш 0°С лахара ю; и областаш ю Гуттаренна гӀура йолчу зонехь.

Тибетан дукхаха болу бахархой беха Лхасера Шигадзе кхаччалц кӀоштахь а, Тибетан акъарин малхбален йисттехь а; къилбаседа а, йуккъера а, ткъа иштта Тибетан малхбуза областашкахь а адам кӀезиг ду.

Лхасехь климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 6,8 9,2 12,0 15,7 19,7 22,5 21,7 20,7 19,6 16,4 11,6 7,7 14,7
Юккъера температура, °C −2,2 1,1 4,6 8,0 12,0 15,6 15,4 14,5 12,8 8,0 2,2 −1,8 8,9
Юьззина минимум, °C −10,2 −6,9 −3,2 0,9 5,1 9,2 9,9 9,4 7,6 1,4 −5 −9,1 −0,1
Хьост: [1]

Дозанаш а, административан хӀоттам а

Файл:Тибетские автономии.png
     Тибетан автономин кӀошт
     Тибетан автономин гуонаш
     Тибетан автономин уездаш

Ламастаца Тибетан мохк боькъура провинцешка У-Цанг, Кам, Амдо, цу тӀе хӀинцалера Тибетан автономин кӀоштан мехкан йукъайоьду У-Цанг а, Каман малхбузен дакъа а, ткъа Каман бисина мохк а, Амдо регионан мохк а бекъна Юньнань, Сычуань, Цинхай, Ганьсу провинцешна.

Цийчоьнан Ӏедало Тибетан мохк бекъна лахарчу административан дакъошка:

  1. Тибетан автономин кӀошт;
  2. Тибетан автономин гуонаш Цинхай провинцехь;
  3. Тибетан автономин гуо а, Тибетан автономин уезд а Ганьсу провинцехь;
  4. Тибетан автономин гуо а, Тибетан автономин уезд а Сычуань провинцехь;
  5. Тибетан автономин гуо Юньнань провинцехь.

Бахархой

Тибет 
Тибетера фермер аре охуш

Тибетхой коьртаниг къахьоьгуш бу йуьртан бахамехь (даьхнийлелорехь). Тибетан махкахь беха цийхой бу урхаллехь, махлелорехь, хьашташ кхочушдаран секторехь. Иза доьзна ду, Тибет, Цийчоьнах дӀатохале, къаьсташ хилар экстенсиван тайпана аграрин экономикица. Цийчоьнан правительствос кхуллучу керлачу отраслашна, этносан тибетхошна йукъахь говзанчаш бацара.

Керсталла

Тибете кхаьчна дуьххьарлера керстанаш бара несторианаш, церан ларраш а, йозанаш а карийна Тибетехь. Уьш иштта дара Шира Ордора Мункен лагерехь, цигахь 1256 шарахь къамелаш дира Карма Пакшица (1204/6—83), Карма Кагью ишколан куьйгалхочуьнца.

XVII—XVIII бӀешерашкахь Руман-католикийн иезуиташ а, капуцинаш а оьхура Европера. Цхьаболчу Ӏилманчаша лору, португалхойн диндаржораш де Андраде Антониу а, ваша Маркеш Мануэл 1624 шарахь, уггаре хьалха кхечира малхбузен Тибете, уьш тӀеийцира паччахьан доьзало, царна бакъо елира килса йогӀа. ТӀаьхьуо керсталла йовзийтира Ладакхехь а, У-Цангехь а, иза хазахетарца тӀеийцира Цанган урхалчо. Цхьацца хьосташа хуьлийта хьалхара иезуитийн миссионер Иоганн Грюбер, цуо 1656 шарахь хадийра Тибет Синин тӀера Лхасе кхаччал, цигахь цуо бутт баьккхира, Непале хьалха. Царна тӀаьххье бахара кхин берш, цара килс юьйгӀира Лхасехь. Царна йукъахь бу иезуит Ипполито Дезидери (1716—1721) а, тайп-тайпана капуцинаш (1707—1711, 1716—1733, 1741—1745 шерашкахь). XVII бӀешарахь Гелуг ишколан Ӏаткъам нисбархьама, цхаболчу тибетан урхалчаша а, Кармап ишколан ламанаша а леладора керсталла, амма 1745 шарахь берриг миссионераш аралаьхкира ламанаша ца битина.

Тибет оьздангаллехь

ТӀаьхьарчу хенахь йукъайевлла Тибетах лаьцна масех, уггаре евзаш ерг царех — голливудан, коьрта ролехь Питт Брэд волуш, «ВорхӀ шо Тибетехь» а, режиссёран Скорсезе Мартинан «Кундун» а. Кхин фильмаш: «Самсара», «Миларепа», «Кад», «Гималай», фильм французаш а, америкахоша а тибетан актёраш а болуш йаьккхина, кино йаьккхина Непалехь а, Тибетехь а.

«Куку бехира:Ламанан патруль» — оронго браконьерех ларъеш болу тибетхойх фильм. Фильмо дехира дуккха а совгӀаташ.

Тибетроссийн исбаьхьалчийн, масала Николай Рерих, Ранну Аллан дуккха а суьртийн турпалхо ю.

Факташ

  • 1920-гӀа шерашкахь Тибетехь яра лергашна а, меранна а налогаш.
  • 20012006 шерашкахь диллина лекха лаьмнийн цӀерпоштнекъан дакъа Голмуд — Лхаса. 1142 км декъах — 969 км биллина 4 км хӀордан тӀегӀанал лакхахь, цӀерпоштнекъо цхьаьна меттигехь дукъ доккху 5 км хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Пассажирийн вагонаш чу лекха лаьмнийн дакъошкахь ницкъала кислород ло, кондиционеран системехула а, хӀора меттиган шен-шена а.

Хьажа кхин а

  • Ахимсин зона

Билгалдахарш

    Комментареш

Литература

Тибет  Арахьара аудиофайлаш
Тибет  Подкаст о Тибете и его традициях

Хьажоргаш

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Тибет, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Тибет ГеографиТибет Дозанаш а, административан хӀоттам аТибет БахархойТибет оьздангаллехьТибет ФакташТибет Хьажа кхин аТибет БилгалдахаршТибет ЛитератураТибет ХьажоргашТибетЙуккъера АзиНепалийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Стржибрна СкалицеКинешман кӀошт1801 шоЕбланжНухьНохчийн Республика Ичкери1876 шоФранциКоблевоСатуев, Хусейн ДжунидовичБелополье.neПачхьалкх1947 шо1906 шоХиКарнице (Лобезькан повет)Парк-Сити (Канзас).paКъонахаллаХьиджазМарзлуш долу ловзар.ugРогачевРабиӀул-аввалЕкатерина IIМухьаммадКоьрта агӀоИсламан календарь1897 шоЯпонийн моттФоркс (Вашингтон)БиблиМоскван метрополитенМахабхаратаБабье (Украина)Марха22 февральИбрагимов, Канта Хамзатович2015 шоИсмаилов, Абу ТуриевичЙоккха БританиЭджворт (Пенсильвани)ФилиппинашДухьаСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзБишоп (Техас)ӀийсаФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)1859 шоЖелтойчоьШеран заманашКолорадоОберн (Вашингтон)ЛинагӀ (Лакха Вьенна)ФегӀкАхматова, Раиса СолтамурадовнаНохчийн моттТоламхо Георгий🡆 More