Нохчийн Республикин Къоман Музей

Нохчийн Республикин къоман музей (оьрсийн маттахь Национальный музей Чеченской Республики) — мохкбовзаран Ӏаламан а, историн а музей йу.

Соьлжа-гӀалахь лаьтташ йу. Республикин йарташкахь цуьнан пхиъ филиал йу.

Нохчийн Республикин къоман музей
Нохчийн Республикин Къоман Музей
Организацин тайпа Музей[d]
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1924
nacmuzeychr.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хабар

Музей кхоллар

Нохчийн Республикин къоман музей схьайиллина Соьлжа-гӀалин халкъан дешаран декъо 1924-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 7-чу дийнахь. Йуьхьанцара иза гонан (округан) динан а, оьздангаллин а историн музей йара. 1925-чу шеран чиллин-баттахь (февралехь) схьадиллира нумизматикин дакъа. Музей чохь гул а еш йара Соьлжа-гӀалин а, Нохчийчоьнан а историца йоьзна экспонаташ. Музей кхолла белхаш бина меттигерчу гулдархочо а, чуваьржжиначу филателисто Скалиотти Борисо. Иза музейн хьалхара доладархо вара.

1930-чу шерашкахь музейх Ӏилманан-талламан хьукумат хилира. 1936-чу шарахь музейн Нохч-ГӀалгӀайн республикин мохкбовзаран Ӏаламан музей статус елира.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом а, махкахдаккхар а

Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом боьдучу шерашкахь музей болх беш йара. 1944-чу шарахь чиллин-баттахь (февралехь) Сталин Иосифан омраца нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхнера. 1950-шерийн йуккъе кхаччалц Соьлжа-гӀалин (Грозненски) мехкан мохкбовзаран музей йара иза. Цуьнан фондехь кхо эзар кхо бӀе шовзткъе ялхийтта (3356) экспонат йара.

Нохч-ГӀалгӀайн республика йухаметтахӀоттор

1957-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн Автономни Советийн Социалистийн Республика меттахӀоттийра, музей чохь Нохч-ГӀалгӀайчоьно экономикехь а, дешарехь а, оьздангаллехь баьхна кхиамаш гойтуш бара. Иштта дӀахьуш бара серладаккхаран а, кхиоран а, пропагандин а белхаш.

1967-чу шарахь музейн Советийн Социалистийн Республикийн Бертан оьздангаллин коьртачу урхаллин (министерствон) диплом делира, 1973-чу шарахь — РСФСР-ан оьздангаллин министерствон шолгӀачу даржан диплом делира. ТӀаьхьа музейн кхиъ дукха совгӀаташ делла.

1990-чу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан цхьаьнатоьхна музей Къилбаседан ДегӀастехь уггар йаккхийчарех цхьаъ йара. Цуьнан фондехь герга 230 эзар ларбеш барам бара. Захаров Пётран цӀарах йолу Нохчийн республикин гайтаман исбаьхьаллин музейн фондехь — герга 4 эзар экспонат йара.

1994-чу шарахь Нохчийчохь шиъ регионан музей йара:

  • Нохчийн цхьанатоьхна музей (мохкбовзаран Ӏаламан музей) а, цуьнан дакъош а:
  • Захаров Пётран цӀарах Нохчийн республикин гайтаман исбаьхьаллин музей а, цуьнан ши филиал а:
    • гайтаман цӀа;
    • гайтаман исбаьхьаллин ишкола-студи;

1990-гӀа шераш долалучу муьрехь Нохчийчоьнан музейш заза даьккхира. Музейн керла гӀишло ийцира, цу чохь музейн раритеташ гайта йаккхий майданаш а йара.

Tags:

Нохчийн Республикин Къоман Музей ХабарНохчийн Республикин Къоман МузейОьрсийн моттСоьлжа-ГӀала

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Рияд1897 шоОсла1907 шо1946 шоБелорусийн моттМаьрша гӀирсашФилософи1945 шо.tgНохчийчуьра олхазаршФеш-л'Еглиз.moВена.sbСуданСийлахь Петран КилсБадарж28 августТогӀси-ан-ВалуаМисарНохчийчоьЛоман Карабах1955 шо1929 шоГеографиКетар1964 шоБайтогӀеЛюдвинова (Вилейкан кӀошт)Кадыров, Рамзан АхматовичФонтен-УьтегӀтЛатинан АмерикаБартбуохарЙоза1963 шоӀусман-ХьаьжиӀиракъКъурайшБежӀуьнан баппаКадыров, Ахьмад АбдулхамидовичГуьржийчоьФгӀенуа-ле-ГгӀан.roГвиней-Бисау1957 шоАйдамиров, Абузар Абдулхакимович1934 шоГватемала1951 шоЭрзурумЦавкиси1982 шо1968 шоРиудеканес2004 шоБӀешоСен-Гальмье.mxМежиева, Макка Шахидовна27 августИсландиПлуазиРамаданЛамазРадоиняАрктикаАфрика🡆 More