Лайлатул-Къадр, Къадр буьйса (Ӏаьр.
Рамазан беттан тӀаьххьарчу итт буьйсанах цхьаъ йу иза. Иза хьехийна йу Сийлахьчу Къуръан чохь а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ дахар дӀайаздарехь а. Пайхамаран суннатехь деана ду тӀаьххьарчу итт дийнахь и буьйса лахарна тӀехьехар, къаьсттина шалза йолчу буьйсанашкахь.
Лайлатул-Къадр | |
---|---|
МаьӀна | Къиношна гечдар доьхуш доӀадар |
ХӀоттийнарг | Мухьаммад ﷺ |
Даздо | бусалбанаша |
Даздар | Маьждиг |
Ламасташ | Маьждигехь ламазаш а, доӀанаш а дар |
Доьзна | Рамазанца |
Медиафайлаш Викилармехь |
Ӏаьрбийн маттахь къадр (قدر): «къаддара», «йукъаддиру» олучу хандешан масдаран цӀердош ду. Ша къадр дош Ӏаьрбийн маттара гочдича, цуьнан маьӀна хуьлу «нуьцкъалла, сийлахьалла, сий, дикалла, кхел, кхоллам, билгалдаккхар». Къадр олу Дала шеца сацамбинчу а, шеца хьукмадинчу а хӀуманах.
Лайлатул-Къадр аьлла цӀетилларан бахьанина Ӏеламнаха масийтта цӀе хьахийна:
Бусалбанаш тешаш бу Дала Лайлатул-Къадран болх базбина хиларх, Цо аьлла: ﴾Стено хаийтина хьоьга [хӀай Мухьаммад] хӀун йу и Къадр [Кхелан] буьйса?﴿. Вуьшта аьлча, оцу буьйсанан боккха болх стено бойзийтина хьуна. Цо билгалдина и буьйса эзар баттал йеза хилар, Цо аьлла: ﴾Къадр буьйса йеза йу эзар баттал﴿. Вуьшта аьлча, цу буьйсанна йина йолу дика Ӏамал, йеза хуьлу Далла гергахь, эзар баттахь йинчу Ӏамалал.
Сийлахьчу Къуръан чохь 97-гӀа сурат ду Къадр буьйсанах лаьцна:
- Бакъдолуш, Оха доссийна и [Къуръан] Къадр буьйсанна.
- Мичара хиира хьуна [хӀай Мухьаммад] Къадр буьйса хIун йу?
- Къадр буьйса [Ӏамалйарехь] тоьлуш йу эзар баттал.
- Оцу [буьйсанна] чохь охьадуьссу маликаш а, са (Жабраил) а, шайн Де́лан пурбанца массо́ а омранца.
- Ма́ьрша йу иза [бусалба на́хана] сатассалц.
— Аль-Къадр сурат 97:1-5, Къуръан
Иштта пайхамаран хьадисашкахь а хьехийна иза:
Iаишата дийцина, Делан элчано ﷺ элира аьлла: «Лайлатул-Къадр буьйса ларйе, (мархин беттан) тIаьххьарчу итт буьйсанах шалза буьйсанашкахь».
— Шалзангахь Лайлатул-Къадр лахар, Сахьихь аль-Бухари, № 2020
Абу ХIурайрата дийцина, Делан элчано ﷺ элира аьлла: «Лайлатул-Къадр буьйса бакъхиларх теша а тешаш, шена ме́л хиларе дог а дохуш, цу буьйсанна Iибадатдинчунна гечдийр ду цуьнан хьалха дӀадаханчу къиношна».
— Марха, Сахьихь аль-Бухари, № 1901
Iаишата дийцина: “Ас элира хӀай Делан элча ﷺ, дийцахьа суна, Лайлатул-Къадр буьйса тӀеаний сайна хиъча, цу чохь хӀун ала деза ас? Цо ﷺ элира: «Ахь ала: Везан Дела, бакъдолуш, Хьо Гечдийриг ву-кх, гечдар дезаш а ву-кх Хьо, гечдехьа суна [АллохӀумма, иннака Ӏафуввун, тухьиббул-Ӏафва, фаӀфу Ӏанний]»”.
— Пайхамаран доӀанийн кортош, Ат-Тирмизин сунан, № 3513
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Лайлатул-Къадр, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.