Дуьненайукъара йукъаметтигийн тео́ри — дисциплина, шен гуранчохь дуьненайукъара йукъаметтигашка теоретикийн хьажарца гуш йолу.
И дисциплино лар а хьо, анализ а йо дуьненайукъара йукъаметтигийн йукъара законийн концепцийн кепара. Оле Холстис йаздо дуьненайукъара йукъаметтигийн теорино болх барах иштта, бес-бесара бӀаьргаш долчу куьзганчохь санна дуьненан хазалла бес-бесара го, амма мадарра ца го. Масала, реалисто дуьненайукъара йукъаметтигашкара билгал белхаш тергал ца бо, ткъа конструктивисто иза чӀогӀа ладаме болх лору. Дуьненайукъара йукъаметтигийн уггар гӀарайаьлла кхо теори — реализм, либерализм, марксизм.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн тео́ри йекъа йиш йу принципашца: «позитивистийн/рационалистийн» теореш, пачхьалкхан хьажамехь фокусаци йо анализ тӀехь, «пост-позитивистийн/рефлективистийн», шена йукъабалабо шорбина кхетам, пачхьалкхан хьажам боцуш, кхерамазаллин (дуьненайукъара политика лело оьздангаллин, экономикийн, социалан факторшна чот лелор). Билдаккха деза, бӀоста ойла йолу дуьненайукъара йукъаметтигийн теореш дукха хьолахь геополитикехь цхьаьна хуьлу. Масала, конструктивизм, институционализм, марксизм, кхин а. ТӀаккха а, тахана уггар йаьржина йу реализман а, либерализман а дуьненайукъара йукъаметтигийн ишколаш. ТӀекхеташ бу социалан конструктивизман агӀончаш.
Дуьненайукъара йукъаметтигаш теоретикехь Ӏамор доладелла Хьалхара Дуьненан ТӀом чекхбаьлчи, Уэльсан Университетехь дӀайиллира дуьненайукъара йукъаметтигийн кафедра. Ӏаморан шолгӀа тулгӀе йолайелира XX бӀешеран 30-гӀа шераш чекхдовлуш. ГӀарабевлла талламхой бу Э.Х Карр The Twenty Years' Crisis, Ганс Моргентау Politics Among Nations. Дуьненайукъара йукъаметтигийн дуьххьара ишколаш шина тӀеман йуккъерчу муьрехь болх тӀеберзира дуьненайукъара политикин ницкъийн баланс лелоран принцип, коллективан кхерамазалла принципе дехьайаккхаре. Оцу ойланчех олура «Идеалисташ». Оцу некъан уггар чӀогӀа критика лору Каррас йукъайалийна йолу «реалистийн» анализ.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн теорешкара кхетамбаларан а, материалан а агӀонаш йу дуьненайукъара йукъаметтигийн теорешна классификацин доза тухург. Кхетамбаларан теореш — йу теоретикийн анализ ца йан луш йолу хӀума санна дуьне гуш ериг, иза долуш дерг ду, тӀеиэца дезаш а ду. Материалан теореш Ӏамайо теоретикийн анализ гӀирс санна, кхетам луш болу гуонахьара долушдолчух кхета.
Реализм йа политикин реализм йу хьалхе йолу дисциплина ша йукъайаьлчихьа а. ХӀокху теорин бух бу Фукидидан, Макиавеллин, Гоббс Томасан белхаш. Хьалхара реализман амалш билгальян мегар ду тӀемаш йукъара идеалистийн ойланийн реакци санна. ШолгӀа Дуьненан тӀом болабалар реалисташ тидара идеалистийн ойланаш кӀезиг хиларан ду бохуш. Ю Реализма бу кхин дуккха а некъаш, амма бух тӀиера принципаш йуьсу статизм, дийна йисар, йозуш ца хилар, ша тояр.
Реализмо ло масех коьрта хьекъал: къоман пачхьалкхаш цхьалха йу, арахьара политика лелайо географин принцип тӀе а тевжина дуьненайукъара йукъаметтигийн анархин системера ловзархой а болуш. Дуьненайукъара анархин системан таро йу пачхьалкхийн йукъаметтиг дӀанисйан. Муьлхха а къоман пачхьалкх йа хьалхе йолу ловзархо дуьненайукъара аренин. ТӀаккха, лакхара кхолламан пачхьалкхан кеп даиман а вовшешца къовсамехь йу. Пачхьалкх автономин рационалан ловзархо хилла тайп-тайпана кепара лела, тӀехьайаьлла лела шен хьашташна а, коьрта Ӏалашо йолуш — латто а, чӀагӀйан а шен кхерамазалла, цунах доьзна суверенитет а, дийна йисар а. Реализмо чӀагӀдо, шен хьашташ тӀехьайаьлла лелаш, пачхьалкхо гулйо ресурсаш, тӀаккха тӀехьалон пачхьалкхийн йукъаметтигийн амал билгалйолу гулйинчу ресурсийн барамца. Цуо билгалйоккху пачхьалкхийн ницкъийн тӀегӀа. Пачхьалкхан ницкъ, шен рогӀехь, билгалбоккху тӀеман, экономикин, политикин таронашца.
Цхьаболу реалисташ лору, пачхьалкхашка агресси тӀехьлон йуьсуш йу, ткъа лаьттан экспансино доза хӀоттадо дуьхь-дуьхьал йолчу пачхьалкхашна. Кхин реалисташ (тӀелеташ болу/ларлуш болу реалисташ) лору, пачхьалкх даиман а тергоеш хуьлу шен кхерамазаллин а, ша латтаран а. Махкларбаран агӀора хьаьжча, кхерамазаллин дилемма кхоллало, кхерамазалла чӀагӀйича кхоллало жима гӀуо хьал, хӀунда аьлча мостагӀчо шен тӀеман ницкъ чӀагӀбийр бу, паритете кхачархьама а, цул тӀехьа хьалхе латто а.
Неореализм йа структуран реализм — иза реализм кхиор ду, дуьххьара гайтина Кеннет Уолтца шен Дуьненайукъара политикин теореш. Неореализман масех некъ бу. Дукха хьолахь неореализмах «хӀинцалера реализм» олу. Уолтцан неореализмо чӀагӀдо, структуран эффект тергалйан йеза тайп-тайпана пачхьалкхийн лелар дуьйцуш. Структура аьлча кхетам хуьлу a) дуьненайукъара йукъаметтигийн система болх байтаран коьрта принцип анархи йу, б) таронаш пачхьалкхашна дӀасайекъар. Уолтца шеконе хӀоттайо гӀиллакхан реалистийн тӀегӀойла пачхьалкхийн ницкъан деккъа тӀеман ницкъан агӀора, цуьнан меттана цуо дӀабоьллу пачхьалкхан ницкъан кхетам пачхьалкхан тайп-тайпанчу сферашкара (социалан, оьздангаллин, экономикин, политикин) тароне хьаьжжина йолу комбинаци санна.
Либерализмал хьалха «идеализм» хилла. Идеализме, йа утопианизме, критикица хьовсура реалисташ. Дуьненайукъара йукъаметтигашкахь идеализм (иштта олу «Вильсонианизм», ассоциации йо америкин президентаца Вильсон Вудроца) — иза пачхьалкхан арахьара политика муьтӀахь йу чоьхьара политикин хьашташна боху принцип хьоьхуш йолу политикин ишкол йу. Сурт довзалц дало мегар ду цхьа масал: идеалист даггах теша тарло, шайн пачхьалкхехь къоьллица болу къовсам бан беза дозанал арахьарчу къоьллица. Вильсонан идеализм хьалхе йара либерализман, иза шуьйра къобал йира ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча.
Либерализмо чӀагӀдо, пачхьалкхан таронаш йац, ткъа пачхьалкхан гӀоле хетар ду пачхьалкхийн лелар билгалдоккхуш уггар хьалха. Пачхьалкхе цхьалха ловзархочунга санна хьоьжуш йолу реализмах къаьстина, либерализмо могийта плюрализм пачхьалкхан белхан. Цигара схьа, гӀоле хетар къестор ду пачхьалкха тӀиера пачхьалкха тӀе кхаччалц, оьздангалле, зависимо от культуры, экономикин системе йа политикин режиме хьаьжжина. Либерализмо иштта лору, пачхьалкхийн йукъаметтиг чекхйолуш йац пачхьалкхан кхерамазаллин балан тӀехь, кхин а хуьлу йукъаметтигаш коммерцин фирмашкахула, кхолламашкахула, адамашкахула. Цуьнан тӀехьло, дуьненайукъара йукъаметтигийн анархин системан меттана, йукъабалабо кхетам ДЮ системан боккха чолхе хӀоттам. Масала, цхьана пачхьалкхан киноиндустрихула таро йу йаржо цуьнан оьздангалла дуьненан тӀехь — иза ду дуьненайукъара йукъаметтигашкара оьздангаллин ницкъан гуш долу масала. Кхин цхьа хьекъале хӀума ду хӀокху теорера, массарна а пайда хир бу коопераци яхь а, вовшех дозуш а хилахь — иза машаран закъалт ду.
Неолиберализм, либералан институционализм йа неолибералан институционализм — иза либерализм кхиор ду. ХӀокху теорис чӀагӀдо дуьненайукъара политикин институтийн таро ло пачхьалкхашна аьттонца дуьненайукъара йукъаметтигашна коопераци йан. Цуьнан коьрта ойла тида мегарду иштта: интенсификаци а, дуьнен тӀехь паргӀата базар йаржар а, экстенсиван — дуьненайукъара масштабехь, интенсиван — йукъараллин дахаран массо сферашна. Иштта, неолиберализмо гойту принципиалан гергарло глобализацица, экономикин сферехь муххале а. Дуьненан экономикин йукъайоьдуш, паргӀата дуьненайукъара базар йолало дуьххьар дӀа Ӏаткъам бан дуьненайукъара йукъаметтигашна — айало транснкъаьмнийн корпорацийн роль. Оцу хьолашкахь пачхьалкхан хьал ладаме хуьлу, амма хьалхара роль ца хуьлу.
Пост-либералан теорин цхьаьна версис гойту, таханлера глобализацин дуьненан гуранчохь пачхьалкхаш, факт хилла, коопераци йан езаш йу, шен кхерамазалла а, суверенан хьашташ а кхочушдархьама. Классикан либерализман башхаллаш суверенитет а, автономи а кхетамийн реинтерпретацехь йу. Автономи хуьлу дика бален концепци, дӀахиллайолу иштта гӀиллакхехь болчу кхетамах, масала, паргIато, шаялар, фактор, тӀаккха чолхе кеп оьцу цуо. Ладаме ду алар, автономи уьйр йу пачхьалкхан таронца дика урхалла дан. Цунах терра, суверенитет дӀахуьлуш йу бакъо кхетамах декхарш кхетаме. Глобализаци йинчу дуьненахь дуьненайукъара кхолламийн таро йу декъаяло суверенан пачхьалкхаш жоьпалле тайп-тайпана гӀуллакхаш бахьнехь. Оцу хьоло даладо суверенитета шен дуьххьарлера маьӀна дайаре. ТӀаккха а, ца оьшу хӀара теори нийсачех цхьаъ лара. Пост-либералан теори интерпретаци йан цхьа агӀуо бен хила йиш йац — бан а бац, йа хила йиш а йац дуьненайукъара кхоллам, глобалан цхьаьнаэшаралла а, кхерамазалла а латто, дӀабаккха анархин бала дуьненайукъара йукъаметтигийн системера, боху ойла. Амма и бала дӀабаккха гӀерташ бу, цундела дуккха а пачхьалкхаш шешша дӀало цхьайолу шайн бакъонаш йуьззина автономи а, суверенитет а дуьхьа, вуьшта аьлча пачхьалкхаш дӀало цхьа дакъа шайн суверенитетах дуьненайукъара кхолламна, цара цуьнца хийцина оцу пачхьалкхийн хьашташ лардийр ду. Пост-либерализман кхин цхьа верси йу, йукъараллин ницкъаш кхетаман дика гуш хилар билгалчу пачхьалкхан а, дуьззина дуьненайукъара йукъаметтигийн системан а. Политикин системан пачхьалкхан политикин дахаран кхечу сферашкара йукъараллин декъах кхеташ дацахь, кхетар вац билгалчу пачхьалкхийн ницкъ айабаларх, охьабожарх, гӀелбаларх. Цул сов, йукъараллин ницкъийн политикин а, экономикин а болу, пачхьалкхан меженаш а, институташ а гойту цхьа эмпирийн тешаллаш, вайн хенахь дуьненайукъара йукъаметтигийн билгал хийцамаш хилар.
Конструктивизм кхетайо неореалистийн а, неолибералийн а ойланаш шеконе йоху теори санна. Конструктивизман коьрта принцип — дуьненайукъара политика шеконехь йоцу ойланийн, коллективан мехаллийн, оьздангаллин, социалан идентификацин Ӏаткъамца кхоллаяларх. Конструктивизмо гойту, долушдерг кхоьллина социалан мехаллин бух тӀехь, цара ло керла маьӀна материалан дуьнена (социализман гергара идейш). ХӀара теори кхоллаелла дуьненайукъара йукъаметтигийн а, керла дуьненайукъара ницкъаш кхолларан теорин ролан Ӏилманан методан гонахьарчу къийсаман бух тӀехь.
Реалистийн а, либералийн а шийла тIом чекхбериг хилар дийцар гӀалат дара, цуо цӀеххьана айбира конструктивистийн авторитет. Конструктивизм луьй либерализман гӀиллакхийн статистийн некъан а, реализман дуьненайукъара йукъаметтигийн анализан а, тергон акцент йо, дуьненайукъара йукъаметтигаш — социалан конструкци хиларна. Дуьненайукъара йукъаметтигашкахь реализман гӀуллакх коьртаниг кхерамазаллиций, материалан ницкъаций долучу, ткъа либерализм экономика вовшенцаязаре а, пачхьалкхан чоьхьара политикин факторашка а хьоьжучу хенахь, конструктивизм дуьненайукъара йукъаметтигийн системехь алсама ойла тӀеягӀийтина идейн анализан ролан. «Идейш» конструктивисташ кхетадо Ӏалашо, кхерамаш тийсар, кхерам, тождествош, хьолах кхетаран кхин элементаш, цара дуьненайукъара йукъаметтигашкахь Ӏаткъам бо пачхьалкхан а, пачхьалкхан йоцучу а объекташна. Конструктивисташна, дукха хьолахь идейн фактораш беххачу муьрехь Ӏалашо а, жамӀ а долуш хета, иза йу гӀолен агӀо материалистийн теорел (реализм, либерализм). Масала, конструктивисташ билгалдоккху, АЦШ эскар совдаккхар гӀуочу агӀора кхетор ду Кубехь йа Россехь (исторера гома пачхьалкхаш), ткъа Канадехь а, Йоккха Британехь а (исторера АЦШ гергара пачхьалкхаш) дикачу агӀор кхетор ду. Цундела, дуьненайукъара йукъаметтигашкахь цхьа хӀума гар къаьсташ хуьлу пачхьалкхаш йолчу хьолах доьзна. Цул сов, конструктивисташна ца хета дуьненайукъара йукъаметтигийн системехь анархи даиман йолу консистенци, гайта гӀерта и хӀоттам цхьанакепара ца хилар а, субъективан хилар а Вендт Александран дешнашца: «Анархи — иза йу, шех пачхьалкхаш йийриг». Конструктивисташна кхин а хета, социалан барамаш хан дӀа мел йоьду къоман кхерамазаллел дуккха а дика дуьненайукъара политика кхуллуш а, хуьцуш а санна (реалистийн коьрта концепци).
Марксистийн а, неомарксистийн а дуьненайукъара йукъаметтигийн теори йу куьзганахь гушдолу сурт ду реалистийн/либералийн пачхьалкхе хьежаран, дов латтош а, коопераци еш а хаддаза, амма оцу теореш дуьненайукъара йукъаметтигийн системехь дукха хан дӀало экономикин а, материалан а аспекташна. Марксистийн некъо гойту историн материализман йоккха роль, экономикин гӀуллакх адаман исторехь хьалхе йолуш хилар, цуьнца цхьаьна социалан классах марксизмехь Ӏаморан гӀирс бо. Марксистийн некъо гойту дуьненайукъара система интеграци йина, шен Ӏалашо алссама капитал гулдар йолуш, капиталистийн система санна.
Дуьненайукъара йукъаметтигийн теорехь марксистийн хазачех цхьа некъ бийцина Валлерстайн Иммануила — дуьне-системан анализ. Оцу анализо гойту, глобализацин гуран чохь капитализмо кхоьллина масех кхиъна индустриалан мохк, цара йацайо массо а йисина кхуьуш йолу пачхьалкхаш. ССРС а, коммунистийн система а йоьхначул тӀехьа, марксизм тахана денйаларан муьрехь йу.
Марксизман критика йу, иза чӀогӀа сацар материализман тӀехь.
Кеп:Гоч йанза 3, кхин а либералан реализм, рационализм йа британин институционализм санна йевзаш йолу, дуьненайукъара тӀегӀанахь анархи йоллушехь (дуьненан тхьамда а, дуьненан правительство ца хилар) «пачхьалкхийн йукъаралла» хиларан ойлане тевжа. Тамашийна ду, теорин цӀере хьаьжна ца Ӏаш, оцу ишколан дукхах болу векалш британхой а, йа ингалсхой а бац.
Функционализм кхиана европин интеграцин хьал тӀехь. Уггар уллора йу реализман ойланашна, амма къаьста цунах шен коьрта Ӏалашо пачхьалкхан шайн хьашташ ца хитторца, ткъа пачхьалкхийн тобанийн йукъара хьашташ хитторца. Пачхьалкхашна йукъара интеграцин процесс йолаелча иза сацо чӀогӀа хала ду.
Критикан теори (инг. Critical Theory) — талламан некъ бу дуьненайукъара йукъаметтигийн теорин гуран чохь, кхоллабелла, ницкъ болуш хилла 1970-1980-гӀа шерийн чеккхенашкахь, ассоциаци йо, уггар хьалха, талламхойн иштта цӀарашца, масала Р. Кокс, Э. Линклейтер.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Дуьненайукъара йукъаметтигийн теори, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.