Хи Али

А́ли йа А́луо — гуттаренна долу йа цхьацца хенахь хуьлу жима охьадоьду хи, шораллехь масех дециметр тӀиера масех метр кхаччалц.

Дукха хьолахь алин дохалла 3—5 км хуьлу, ткъа кӀоргалла наггахь а сов ца йолу 1,5 метрал, амма къастийна доза дац алин а, жимачу эркан а йукъахь.

Йукъара хаамаш

Алин сихалла, дукха хьолахь, дикка чехка хуьлу (масех метр секундехь).

Али кхоллало догӀан хих, ло йа ша бешна хих, лаьттан бухара хиш бухара арадевлчи.

Алиш декъало гуттаренна дерш а, заманан (дакъалуш дерш) а, акъарин а, ломан а.

Алин харш дукха хьолахь ситтина хуьлу; Ӏаламан алин харшаш кӀезиг хийцало, амма цхьацца бахьнийн Ӏаткъамца (боьран эрози, токхам, мохк бегор) тарло дикка хийца шен латтар, кеп, барам. Алин амалехь ю готта атагӀа а, гӀийла къаьсташ тогӀи а. Заманан (дакъалуш долу) алиш хийца тарло харш а, охьадоьду агӀо а хӀора шарахь ала мегар долуш. Дукха хьолахь алин агӀо хийцало адаман Ӏаткъам бахьнехь.

Картографехь «али» термин леладо Ӏаламан охьадоьду хишна, нагахь цуьнан дохалла 10 километр ца кхачахь (гуттаренна йа заманан делахь а). 10 километр сов Ӏаламан охьадоьду хишна лелайо термин «эрк». Йукъарадаккхар ду Ӏам чуьра йа эрк чуьра догӀу Ӏаламан охьадоьду хиш, шен рогӀехь, уьш чукхета кхечу эркашна, алишна, тӀаккха уьш хуьлу оцу эркийн йа алийн харшан дакъа (хӀунда аьлчи эркан новкъара Ӏам хих дуьзина ор лара мегар ду). Иштта хишшах, нагахь уьш тоъал даккхий делахь, эрк ала мегар ду. Иштта эркаш шорта долу цхьацца меттигашкахь (масала, Колыма хин лахенашкахь), царна лелайо башха термин «виска» (амма иза шуьйро ю, цунна чудогӀу хершан Ӏаьмнаш коьртачу хих туху алиш а, эркаш а). Кхин цхьаъ йукъарадаккхар — нагахь али йа эрк меттигерачу бахархоша шайн ламастехь олуш делахь тӀаккха цара ма-аллара хуьлу.

Билгалдахарш

Хи Али 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «али»

Tags:

Эрк

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Абу ДжаьхӀльИбраьхӀимЖиздра1957 шоЛагӀеКраснолесье (Нестерован кӀошт)Сантьягу-ду-КасенСловени2013ДоазиБуьртиг-йалтаAppleЛюксембург, РозаЛямца1 июньКабаташ (БейогӀлу)Форкс (Вашингтон)ДураццаноMain PageХабувкаМина (Арканзас)Азуданж1963 шеранУсть-Кубинскан кӀоштНенан моттУмханов, Шарип ИсаевичКалемкоьй (Милас)Езин1948 шоЙакакоьй (Милас)Смоктуновский, Иннокентий МихайловичВикилармаNGC 5342ОндфонтенАпартеидПриднестровье (эвла)Тэтчер МаргаретКошвалиСосеТхэквондоКлирвотерГӀотоФулоньНохчийн РеспубликаСулейманов, Ахьмад СулеймановичХӀинди-Европин меттанашОьрсийн моттГуьржийн моттГожице (Тарнобжезькан повет)1 июльПьемонтПневмониӀа (шеран зама)Хантиев (Ахметханов), Кана-ШейхКхаараМейфлавер-Вилледж (Калифорни)ЭрмалойчоьОстраваМатгӀенгемФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)ДийцарКарелийн Автономин Советийн Социалистийн Республика2004 шо(3155) лиАЦШ долларБеркаберВашингтон (штат)Ленин, Владимир Ильич🡆 More