Адаман Даьӏахкийн Чарх

Адаман даьӀахкийн чарх, йа Адаман скелет (лат.

Skeleton) — кхиинчу адаман скелет 200 сов дьаьӀахках хуьлу.. Дукхачу хьолах хоттаргашца а, кӀозйухаргашца а, вовшахтесна йу скелетан даьӀахкаш. Дуьненчу долаш беран даьӀахкаш мелла а алсам хуьлу, амма доккха мел хуьлу, цхьацйолу даьӀахкаш чӀагӀлуш вовшах кхета. Боьршачу стеган даьӀахкийн чарх итт кийла гергга хуьлу, зударийниг — ворхӀ кийла гергга. ДаьӀахкийн йоккха-жимий, стомма-юткъий хиларх хӀутту адаман дегӀан сурт-кеп.

Адаман Даьӏахкийн Чарх
• 1 — туьта,
• 2 — некхан ваз,
• 3 — куьг-меженан даьӀахкаш,
• 4 — букъсурт,
• 5 — юхан даьӀахк,
• 6 — ког-меженийн даьӀахкаш,

Этимологи

Дешан схьадалар ду ширачу желтойн меттара «σκελετος». Цуьнан маьӀан «дакъийна» бохург ду. Ишшта нохчийн маттаца дуьстича карадо вайн, нохчийн дош «дакъа» «дакъийна» бохучух тера хилар. Ӏилманчаш дийцарехь, хьалха заманчохь стагдӀаволлар маьлха кешнашкахь хилла, Малхо белларш «бакъбора», тӀаккха цунах даьлла олуш ду и дош.

Дакъош

Адаман скелет 205—208 даьӀахках хотталуш йу. Царах 32-34 шалха йу, кхийерш цхьацца бен йац. Адаман даьӀахкийн чархан билгалдоккху 6 доккха дакъа

1 — туьта — 23 даьӀахках,

2 — некхан ваз — 25 даьӀахках ,

3 — куьг-меженан даьӀахкаш — 64 даьӀахках,

4 — букъсурт — 32—34 даьӀахках,

5 — юхан даьӀахк — 2 даьӀахках,

6 — ког-меженийн даьӀахкаш — 62 даьӀахках

Сте йа боьрша хиларан башхаллаш

Сте а, боьршачу а нехан скелетан башхаллаш йоккха йац. Дукхачу хьолахь и башхаллаш гучайолу йу даьӀахкийн томмалиций, шораллийций. Масала, зударийн юхан даьӀахкаш мелла а шуьйрий, томмий хуьлу. И доьзна ду зударийн берадаран Ӏалашо хиларна. Некхан ваз божарийнчулла готта хуьлу зударийн. Иштта божарий куьг-коган меженаш хуьла мелла томма а, онда а.

Билгалдахарш

Литература

Берсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.

Tags:

Адаман Даьӏахкийн Чарх ЭтимологиАдаман Даьӏахкийн Чарх ДакъошАдаман Даьӏахкийн Чарх Сте йа боьрша хиларан башхаллашАдаман Даьӏахкийн Чарх БилгалдахаршАдаман Даьӏахкийн Чарх ЛитератураАдаман Даьӏахкийн ЧархЛатинан мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Леннон, ДжонШвециБеркабер(6278) AmetkhanШира ЖелтойчоьВаллелагиМао ЦзэдунСосновка (Кременчуган кӀошт)Ахмадов МусаАбортЗе-Вудлендс (Техас)ДСофоклСент-Пол (Миннесота)Таравихь ламазАвиоЕраносIOSМиннеаполисЛатвиБрегуццоТаьӀна-цӀенНенан моттЧехиСпилберг, СтивенХӀейвалиТамсвегЗандакъойЛовинь (Польша)Пиляшкув (Мазовин воеводалла)НурнусНохчийчуьра акхаройБелорусашСтаре КуровоСулаТаркуйниЧембраЭлектрийн конденсаторПачхьалкхРоуэн ЭткинсонГомерШахматашПуэрто-РикоМакдоналдсВиллаваллелонгаЭнганойАллахӀИндуктивностин туьппалгНью-ЙоркСине (Франци)ВатиканУзбекистанДиговМажарийн моттУмханов, Шарип ИсаевичГарсиа Маркес, ГабриэльТгӀуьиГрабарка (гмина Нурець-Станция)Башкирийн АССР.nuКаллакЛазиноФлавон570 шоИталиГеографиДабаКаведагоФакундо Арана🡆 More