Талхигова, Роза Шахидовна

Роза Талхигова (1965 шеран 3 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн поэтесса а, Нохчийн йаздархойн союз декъашхо а (1996 шо), Российн йаздархойн союз декъашхо а (2002 шо), Российн журналистийн союз декъашхо а йу (2003 шо).

Талхигова Роза Шахидовна
Талхигова, Роза Шахидовна
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, Поэт
Йина терахь 1965 шеран 3 июль({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (58 шо)
Йина меттиг
Корматалла поэт
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да ШахӀид
Бераш 2 йоӀ

Биографи

Йина 1965 шеран 3-гӀа июлехь Соьлжа-ГӀалахь. Дуьххьара байт цо итт шо кхаьчча йазйина. Цо Нохчи-ГӀалгӀайн республикин литературин къийсамашкахь дакъалоцар, даимма а лакхара меттигаш йохара. 1983 шарахь Саид Бадуев цӀарах болу къийсамехь шозлугӀа меттиг йаьккхира цо. Кест-кеста цо йазйина байташ республикера журналашка а, газеташка а тӀейокхура. Цкъаццкъа иза радиос а, телевиденис а йистхила кхойкхура.

Цо школа чекхйаьккхинчулатӀехь 1984 шарахь цуьна байташ къоначу тобанан цхьанатоьхна арахоьцушйолу «Ӏуренна аз» цӀе йолу байташан гуламан йукъайахара. 1985 шарахь арайелира цуьна шозлугӀа сборник «ОрамаштӀе хьалвахар».

1990 шарахь цо чекхйеккхира Москвара Горький цӀарах йолу литературин институт. Цул тӀеха цо «Вайнах» цӀе йолу литературин а, исбаьхьаллийн а журнал байтан дъека редакторан болх бина, Нохчийн Республикин адамийн бакъоний векал аппаратехь коьрта специалист болх бина.

Цо йазйина байташца йаьккхина эшарш лоькхуш бу масийтта бевзаш болу нохчийн а, российн а эшархой.

Библиографи

  • тобан гулам «Утреннее эхо» («Ӏуренан аз», 1984 шо);
  • тобан гулам «Восхождение к корням» («ОрамаштӀе хьалвахар», 1985 шо);
  • сборник «Оглянувшись в листопад» («ГӀашэгартӀе йухахьажар», 2007 шо)

Хьажоргаш

Tags:

19651996 шо2002 шо2003 шо3 июльНохчийНохчийн РеспубликаПоэтРСФСРСССРСоьлжа-ГӀала

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ФизикаБаскетболБексултанов, Муса ЭльмурзаевичКавказБоргӀалЭлектроника(6921) Janejacobs1903 шоМахабхаратаРенчеАрхимедКинешман кӀоштНохч-ГӀалгӀайн АССРОстров СтржибраАутагейми (гуо, Висконсин)Кук, ДжеймсМухьаммад.ar.gaКлуж-НапокаМаржинализмБорзФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)Шлезвиг-ГольштейнМарикопа (гуо, Аризона)ИзмирШеран заманашДайер (гуо, Теннесси)ЕгӀменЙогаКрофордсвиль (Арканзас).luБабье (Украина)Полякийн моттВикиманиСейшелан гӀайренашПрудники Низовые6 августКосмМоскох.lyШтутовоГрибоедов, Александр СергеевичМаймалУкраинийн моттКриштиану РоналдуИбрагимов, Канта ХамзатовичТаьӀна-цӀенМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичСингапурДахарНенан моттРабиӀул-аввалАнна ИоанновнаГарволевоГайтукаева, Бана МустафаевнаЛамазТокФранциКиранцЖурналистика15 мартБисултанов, Апти ДибаевичДуров Павел🡆 More