Прейсиш-Эйлаура Тӏом

Прейсиш-Эйлаура тӀом — ЙоьлгӀа коалицин тӀеман уггаре цӀийне тӀом.

Хилла 1807 шарахь. Оцу тӀамтӀехь вийна а, чевнаш йина а хилла 50 000 стаганна.

Прейсиш-Эйлау
Коьрта конфликт: ЙоьлгӀа коалицин тӀом
Наполеонан тӀемаш
Прейсиш-Эйлаура Тӏом
Терахь 1807 шеран 7-8 февралехь (26-27 январехь)
Меттиг Прейсиш-Эйлау, Прусси
ЖамӀ Цхьан а ца тоьлла. Шинне а агӀоно шайн толам кхайкхийна.
МостагӀий

Францин байракх Франци

Российн байракх Росси
Пруссин байракх (1803—1892) Прусси

БӀаьччаш

Францин байракх Наполеон I
Францин байракх Иоахим Мюрат

Российн байракх Беннигсен
Пруссин байракх (1803—1892) Лесток

Массон ницкъаш

65 000 салти
300 йоккха топ

Беннигсен: 67 000 салти
Лесток: 9 000 салти
Всего: 76 000 гергга салти
400 йоккха топ

Белларш

15 000 — 29 000 байина а, чевнаш йина а

15 000 — 26 000 байина а, чевнаш йина а

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ТӀемал хьалхара хьал

1807 шеран январехь Нойденбурган гуонахьара шен эскаран гӀуо Ӏаьнан Ӏойлина реза воцуш Ней, Наполеонан омре а ца хьоьжуш шен лаамца гӀуллакх лело волавелира, дошлой хӀиттийра Гуттштадте а, Гейльсберге а. Ший а гӀала Кёнигсбергант 50 км бен гена йацара.

Оьрсийн эскаран коьртабаьччана Беннигсенна и дошлой корпус Нейс меттаха йаккхар Кёнигсберган даккхийчу ницкъашца тӀелатар долош ду моьттура. И гӀала Малхбален Пруссин коьрта гӀала йара, цигахь йара бартхойн эскарийн коьрта ларманаш. Цул сов, Кёнигсберг цхьаъ бен йоцу ладаме гӀала йара пруссин паччахьан Фридрих Вильгельм III-гӀачун Ӏедалан кӀелара, бартхой муьлххачу мехах, царна йукъахь политикин хьесапашца а и гӀала латто йезаш бара.

Оьрсийн эскар сихха Ӏаьнан Ӏойла йитина, Варшава йолчохь [[Эссен, Иван Николаевич|Эссенан баьччаллехь 20 000 салти витина, гӀоьртира Гейльсберган агӀорхьа. Беннигсен, аьтту агӀора ларвеш вара пруссин Лестокан корпусо (10 000 гергга стаг), сацам бира Пассарга эрк долчохь кхечу эскарах дӀахадийна Бернадотан 1-ра эскаран корпусна тӀелата, цул тӀаьхьа Висла эрках бевлла, Сийлахь эскаран коммуникацеш дӀахедо йезара.

Алсама болу мостагӀан ницкъаш тӀелатарна, Бернадот, оьрсийн эскарш, французашкара аьттонца тӀом бина йаьккхина Морунгенехь севццачу хенахь, Торнехула йухавелира Остероде. 28 январехь оьрсийн эскар тӀелатарх хиича, Наполеон йуьхьанца чӀогӀа реза вацара Ней шен лаамехь леларна. Амма, оццу хенахь шелонаш лилхира, некъаш декабрехьчул дика лелалуш дара. Наполеона сацам бира, оьрсийн эскаран гуо а бина, хӀаллакдан Ӏалашо йолуш, йенехь санна манёвр йан.

Прейсиш-Эйлаура Тӏом 
ТӀом болабалале эскар меттаха далар.

Цунна императоро лахара омраш делира:

  • Бернадотанна Торне йухаволуш, мостагӀ тӀаьхьа дӀавига;
  • 5-гӀа корпусна Варшава ларйе;
  • Удинона 6000 салтичуьнца Остролёнке гӀо коммуникацеш ларйан;
  • Сийлахь-Доккха Эскаран ницкъаш тӀелета кхаа могӀара Алле эркан аьтту бердаца: аьтту агӀорхьа — Даву (20 000 салти), йуккъехь Мюрат дошлошца, Сульт (берриш 27 000), гварди (6 000), Ожеро (15 000), аьрру агӀорхьа Ней (15 000). Всего 83 000.

Манёвран аьтту боьзна бара операцин къайлаллех. Цундела Наполеон Варшавера Вилленберге вахар а дуьйцура инспекций ан вахана бохуш. Амма лардалар эрна хилира.

ГӀазакхаша Бертье волчура Бернадот волчу воьду геланча лецира. Беннигсенна хиира французийн йерриг планаш, цуо сихха дуьхьала болх бира. Дерриг оьрсийн эскар гулдала доладелира Янковон гергахь. Цул тӀаьхьа оьрсийн эскар йухадала дезара Алленштайн йолчу, Аллех далархьама. Оцу хенахь Мюрата а, Сульта а дӀалаьцнера Алленштайн, ткъа французийн 4-гӀа корпус Наполеонан омарца Гуттштадт тӀейолайелира, оьрсийн эскар йухадолуш иза схьалацархьама. Шайн дошлошкара мостагӀчунна хиира, оьрсаша Янковохь дуьхьалонан позицеш лаьцний, Алленштейнехула йухадовлалур доций хиина, Беннигсена сацам бира тӀом бан.

Наполеона сацам бо сихха тӀелата. Амма Сультан корпус 3 февралехь йеса меттиган тӀелета — Беннигсен цӀеххьана планаш а хийцина йухавала сацам бина. Наполеонна ца хаара мичхьа гӀоьртина оьрсийн эскар. Цундела цуо дохуьйту шен эскар кхаа могӀара: Даву — Аллен тогӀица, малхбалехьа боьду некъ хадорхьама; коьрта ницкъаш — Лансбергхула а, Эйлаухула а; Ней — Пассаргехула. Бернадотанна Наполеона омар делла цасоццуш лахка Лестокан пруссихой аьлла.

МостагӀ гуттаренна а ларлаьцна вогӀура оьрсийн арьергардан. ЧӀогӀа гӀоьртина а, цӀий Ӏанош а хилира 6 февралехь хилла Гофера тӀом. ШолгӀачу дийнахь къиза тӀом хилира Цигельхофехь, баьччаллехь эла Багратион а, инарла Барклай де Толли волу оьрсийн эскаран арьергардан а, Мюратан а, Сультан а корпусашна йукъахь.

1807 шеран 7 февраль

Прейсиш-Эйлаура Тӏом 
Исбаьхьалча Г. Гобо. Пруссера Илавин гергара тӀом

Наполеон, шеца Сийлахь эскаран дакъий бен доцуш, оьрсашца тӀом бан ойла йолуш вацара. 7 февралехь цуо Ожерога элира: «Суна хьехар дина Эйлау тахана сарахь йаккха аьлла, амма, и буса бо тӀом безаш ца хиларал сов, суна ца лаьа сайн йукъ дукха хьалхататта сан аьтту агӀо Даву схьакхаччалц а, аьрру агӀо Ней схьакхаччалц а. Иштта со кханналц хьожуш Ӏийр ву хӀокху акъарин тӀехь, артиллери хилча дика позици йара хӀара гӀашлошна. Кхана, Ней а, Даву а моггӀара дӀахӀиттича, тхо массо а мостагӀчунна тӀелетар ду».

Оццу хенахь Беннигсена омар дира Багратионега, 4-гӀа гӀашлойн дивизица французаш Прейсиш-Эйлаура арабаха аьлла. Эла ша хьалхаваьлла тӀелата бигира гӀашлой. Бист ца хуьлуш оьрсий кхаа могӀанца гӀалин тӀе а баьхкина, Багратионан омарца хьалха хьевдира «Ура!» маьхьарца. МостагӀ йухакхоьссира. Ах сахьт даьлча французаша контртӀелетира кхаа агӀора цхьана хеннахь, амма йуккъехь совцийра Пскован а, Софийн а мушкетёраша, Москохан гренадерийн а, 24-гӀа иччархойн а полкаша, аьтту агӀор резерван дошлойн корпус контртӀелетира французийн дошлошна, иза Беннигсена дийцира шен кехатехь Паччахьна: «Хьан Сийлаллин Лейб-Кирасирийн, Ингерманландан, Каргополан драгунийн полкаш а, Елисаветградан гусарийн а тӀелетира тхуна агӀонна тӀехула чекхбовла гӀертачу мостагӀчун дошлошна, уьш дуккха а байира», — иза бахьнехь мостагӀа тӀе ца летиш йухавелира. Аьрру агӀор мостагӀ йухатуьйхира 8-гӀа дивизин артиллерица, ткъа гӀоьнна бахкийтина кхийсархой баржийра Изюман гусараша.

Прейсиш-Эйлаура Тӏом 
АгӀонийн йуьхьанцара хьал. Французаш цӀечуьнца, Оьрсийн эскар баьццарчуьнца, Пруссин эскар — синачуьнца гайтина.

Иштта буьйцу гӀала къуьйсу тӀом Жоминис: «Эйлау гӀалин чуьра тӀом гӀийла бацара. Голицынан дивизис гӀолаьцна, Барклай де Толлис, шозза йухатуьйхира иза буьйсанан боданца, французаша, Легранаан дивизис кхузлагӀа тӀелетта бен ца йаьккхира гӀала».

Оьрсийн хьосташа дуьхьала дерг чӀагӀдо: «Буьйсано тӀом сацийра. ГӀала тхоьгахь йисира».

ЖамӀ

Буса оьрсийн эскар йухадала доладелира. Французийн ницкъ бацара цунна дуьхьало йан. Цигахь хиллачу цхьамма дуьйцу цунах хилларг: «Хьалха цкъан а ца Ӏаьхкина оццул дукха декъий иштта жимачу аренехь. Массанхьа а Ӏанийна цӀий дара. Деина а, догӀу а луоно къайладохура догӀмаш адамийн бӀаьрера». Дуьйцу, мудира Нейс, байиний, чевнаш йиний иттаннаш эзаршка хьоьжуш, элира: «ХӀара хӀун нах байар ду, цхьан пайда а боцуш!»

СовгӀаташ

ТӀамехь дакъа лацарна дукха совгӀаташ дира. ТӀамах лаьцна хаам Петарбуха кхочушехь, кхоьллира тӀеман орденан къасторан билгало, иза лерина йара эскаран лахарчу чинашна. 1807 шеран 31 августехь леррина тӀамехь дакъа лаьцна эпсарна совгӀат дан, кхоьллира «Прейсиш-Эйлаухь толам баккхарна» жӀар. Кхин а 18 эпсарна кхечира 3-гӀа тӀегӀанера Сийлахь Георгийн орден, ткъа 33 эпсарна — 4-гӀа тӀегӀанера Сийлахь Георгийн орден, йара мелла а Сийлахь Владимиран орденаш. Дошлойн инарлин Л. Л. Беннигсенна совгӀат дира Сийлахь асхьабан Андрей Первозваннин орденца а, валлалц 12000 сом пенсица а.

Иэс

Прейсиш-Эйлаура Тӏом 
Прейсиш-Эйлаура тӀеманна лерина иэсан дакъа, архитектор Ф. А. Штюлер, 1856 ш.
  • 1856 шарахь Пруссин паччахьан Фридрих Вильгельм IV-чунна лаамца Прейсиш-Эйлаура тӀамехь дакъа лаьцна пруссин а, оьрсийн а эскаршна лерина, Малхбален Пруссера Прейсиш-Эйлау гӀалин йистехь (хӀинца — Калининградан областан Багратионовск гӀала) хӀоттийра пруссихойн архитекторан Ф. А. Штюлеран неоготикин обелиск, цунна тӀехь йоза дара: «1807 8 февралехь 1807. Лестокан, а Дирикен[de] а, церан тӀеман доттагӀийн а сийлахь иэсан» (нем. Dem glorreichen Andenken L'Estocqs, Dierikes und Ihrer Waffenbruder). Обелисках кхин а олу «Кхаа инарлина хӀоттийна иэс», хӀунда аьлча цунна тӀехь Бенигсенан, Лестокан, Дирике барельефаш йу. Тахана иза Калининградан областан федералан маьӀна долу оьздангаллин тӀаьхьенан объект йу.
  • 1946 шеран 7 сентябрехь РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиуман омарца Прейсиш-Эйлау гӀалин цӀе хийцина оьрсийн баьччин, Прейсиш-Эйлаура тӀамехь оьрсийн эскаран аръергардан баьччин инарла П. И. Багратионан цӀарах Багратионовск гӀала аьлла.
  • 1954 шеран 9 майхь Багратионовск гӀ. йуккъера майданахь хӀоттийна, калининградера скульпторо Аврамченко Оксанас (1911—1976) йина, П. И. Багратионан бюст.
  • Багратионовск гӀалахь болх беш йу мехкан историн музей, экспозицин ладаме дакъа лерина ду Прейсиш-Эйлаура тӀаманна.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Tags:

Прейсиш-Эйлаура Тӏом ТӀемал хьалхара хьалПрейсиш-Эйлаура Тӏом 1807 шеран 7 февральПрейсиш-Эйлаура Тӏом ЖамӀПрейсиш-Эйлаура Тӏом СовгӀаташПрейсиш-Эйлаура Тӏом ИэсПрейсиш-Эйлаура Тӏом БилгалдахаршПрейсиш-Эйлаура Тӏом ЛитератураПрейсиш-Эйлаура Тӏом ХьажоргашПрейсиш-Эйлаура ТӏомТӀом

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Колленьо(2455) Сомвилль(2102) Тантал(4007) ЭвриалФашизмИспаниФондоGoogleБарак ОбамаДивецПаагӀДоналд ТрампДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациБеркаберКампегӀвен18 июньТрансформаторКастельфондоВашингтон (гуо, Орегон)СократРингвуд (Нью-Джерси)Оренбурган областьБисертьСарноникоДорсиноЗандакъойРаздумовоБилгалдаккхаран буьйсаМавританиКаллакДиговИсламМасхадов, Аслан Алиевич10 апрельСоветийн Союзан Коммунистийн партиМансеЛейкгерст (Нью-Джерси)Дженнетабат (Каракойунлу)ГендаргнойХуанхэХьевхьа цӀогуниеКӀонцергЦуьрихНохчийн моттТеркель а, бохам аВальдаВатиканЭрмалойн моттФоксбург (Пенсильвани)Гуанчжоу(810) АтоссаТехасПодгайска27 мартГомерӨзбек тылВисокосан шоБутт (планета)Сен-Жуьльен (Кот-д’АгӀмогӀ)HTMLАрко (Итали)ЭлистаКальдонаццоКастель-Кондино(831) СтатираКаменка (Плюссан кӀошт)Лель, Екатерина НиколаевнаПачхьалкхийн могӀам🡆 More