Мелардой

Мелардой — нохчийн тайп.

Тайпан векалш тайт-тайпанчу гаплотобанашкара бу J1, G2, L2, R2. Цуо гойту уьш цхьаьна дех бевлла ца хилар, ткъа тайпанан цӀе схьабевллачу эвланах йаьлла хилар. Бекъало гаранашка: Асухин (L2), Саламгир (R2), ТӀурло (G2).

Къена тайпа
Мелардой
Хьамид Турлов
Хьамид Турлов
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам йукъа ца догӀу
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннийш)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
Мелардой Росси: хууш дац
Мелардой Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Охьаховшар

Нохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс, дӀайазбина тайпан векалш хӀокху эвланашкахь: Майртуп, Лаха Невре, Аьчка-ХитӀе, ткъа гӀараваьлла нохчийн литераторо Бечуркаев Ӏарбийс ялийна эвланаш: ГихтӀа, Курчалой-ГӀала, Доча-Борзе, Зандакъ, Шела, Дишни-Ведана, МахкатӀе, Жима АтагӀа, Устрада-ГӀала, ГӀой-Йист, Хьалха-Марта, Шалажа, Лаха Невре, Девкар-Эвла, ЧӀулга-Йурт, ткъа иштта ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан эвланашкахь а, гӀаланашкахь а), ЧӀулга-Йуртара кхелхина мелардой беха Бена-Йуртахь. Нохчийн мелардой боцуш, тайпана йукъабогӀу Ярмаркинон (Хаси-Эвлан гена йоццуш), Мелардан (Гумбетан кӀошт, ДегӀаста) бахархой.

Истори

Дукха хьосташ а, шеш мелардоша а чӀагӀдо, тайпанан жӀайхойн бух бац бохуш. Мелардоша шеш лору вайн махка баьхеина Ӏаьрбийн тӀемлойн тӀаьхьенех. Тайпанан векалш элий бара Ломан ДегӀастахь, тӀаккха уьш кхайкхира Нохчийчу. Нохчийн элаша олалла дора ГӀебартахь а, ДегӀастанахь а. Церан мехах эскар дара, иза латтара уггаре майра нохчийн тӀемлойх. Мелардоша царна алапа лора, ишттачу хьолаца гӀебарташна а, ломан дегӀастахошна а тӀехь Ӏедал карахь латтадора. Имам Шемал Ӏедале веъча церан Ӏаткъам дӀабелира.

Тайпана векалш бу элийн некъий ТӀурлогӀар, схьабевлла АйдемиргӀеран кӀентах Мухьаммадах, хӀинца ДегӀастанан Гумбетан кӀошт йукъахь йолчу Мелардара, уьш бара нохчаша шайна йукъахь низам лато кхайкхина.

Йоккхачу АтагӀехь ваьхна, лераме волу къурайшин Сайдахмедов Катин дика хаара мелардой тайпанан истори. Советийн Ӏедалан муьрехь дукха нах гулбелира Олхазаран кӀотарахь стаг вуьтийтуш. Цигахь вара лераме Кати а. Нохчаша цуьнан сий деш, лерамбеш дов дерзийтира. Цуьнга хаттар делира мелардойн тайпанах. Цуо жоп делира, уьш схьабевлла Ӏаьрбойчуьра, девзаш долчу тайпах. Оцу къамелан тешаш хилира Дочу-Борзе эвлара бахархой Джабраилов Султан а, Дамазов Муса а. Султан хӀинца а веха Дочу-Борзехь.

Билгалдахарш

Литература

    Книги
    Йаззамаш
  • Арби Бечуркаев. Кто такие мелардой? // Ежемесячный литературно-художественный журнал «Вайнах». — 2011. — № 11. — С. 96.

Tags:

Мелардой ОхьаховшарМелардой ИсториМелардой БилгалдахаршМелардой ЛитератураМелардой

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

БавариНохчийн ВикипедиАбсолютизмФутболШайх Мансур1348 шоЛабенщинаКлиматГитлер, АдольфМамакаев, Мохьмад АмаевичКосмКоьрта агӀоСтржибрна СкалицеMediaWiki570 шоАутагейми (гуо, Висконсин)Украинийн моттХӀиндонезиДахарБиблиДестин (Флорида)Принстон.ugВикиманиАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀШолгӀа дуьненан тӀомУстарбовоКалифорни1801 шоЛозно-АлександровкаБелопольеКнауАхматова, Раиса СолтамурадовнаЕзидаш.arИслам2015 шо.luМомсарХьарамСуьмер (Даргечит)22 февральWhatsAppСулейманов, Ахьмад СулеймановичФинлянди.cc1944НакхармозийЧудово (маьӀнаш)Дайер (гуо, Теннесси)1600 шоЙогаФилиппинашРингвуд (Нью-Джерси)Дамаскас (Арканзас)Нохчийн Республика ИчкериБарт (йукъаметтиг)Уфа6 августАьккхийПутин, Владимир ВладимировичХьиджаз🡆 More