Кузнецова, Ариадна Ивановна

Кузнецо́ва Ариа́дна Ива́новна (1932 27 январь, Москох — 2015 12 апрель, Москох) — советийн, российн йукъара а, оьрсийн а морфологин финн-угорийн а, самодийн а меттанийн лингвист говзанча.

Филологин Ӏилманийн доктор, профессор. 100 сов Ӏилманан белхан автор, царна йукъахь йу селькупийн меттан грамматика (соавтораллийца) а, оьрсийн меттан морфемийн дошам а (соавтораллийца).

Кузнецова Ариадна Ивановна
Кузнецова, Ариадна Ивановна
Йина терахь 1932 шеран 27 январь({{padleft:1932|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Йина меттиг Москох, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2015 шеран 12 апрель({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (83 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
Пачхьалкх Кузнецова, Ариадна Ивановна ССРС
Кузнецова, Ариадна Ивановна Росси
Ӏилманан кхоче йукъара а, оьрсийн а морфологи, финн-угорийн меттанаш, самодийн меттанаш
Ӏилманан дарж филологин Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор
Альма-матер Кеп:МПУ филологин факультет
Ӏилманан куьйгалхо В. А. Звегинцев
Боьвзу дешархой Т. Ф. Ефремова
Воьвзу сана лингвист селькупийн меттан грамматикин авторех цхьаъ

Биографи

1955 шарахь чекхйаьккхина МПУн филологин факультет. Диплом даьккхира Йукъара а, дустаран-историн а моттӀаморан кафедрехь (Ӏилманан куьйгалхо — профессор В. А. Звегинцев); МПУ чекхйаьккхича аспирантуре йахара. 1957 шарахь дуьйна Йукъара а, дустаран-историн а моттӀаморан кафедрехь хьехархо болх бан йолайелира, ткъа цул тӀаьхьа Структуран а, прикладни а лингвистикан кафедрехь (1960 - 1990 шерашкахь а, йуха 1998 дуьйна СПЛД ма коьллина).

1963 шарахь чекхдаьккхира кандидатан диссертации. Тема йара «МаьӀнийн йукъаметтигаш а, церан историн хийцамаш оьрсийн меттан боламан лексико-семантийн хандешан тобанехь (XI - XX бӀешерашкахь)», куьйгалхо вара В. А. Звегинцев (болх кхин а арахецна 2010 ш.), 1989 шарахь — йаздира докторан диссертаци «Параметрийн талламаш морфемикийн областера периферийн хиламийн» теманца. 1969 шарахь доцент хилира, 1993 шарахь — профессор. 1968 - 1977 шерашкахь куьйгалла дира коми-зырянашка, селькупашка, ненцашка, энцашка йолчу лингвистийн экспедешна тӀаьхь.

1991 шарахь хаьржира Финн-угорийн йукъараллин кхечу мехкийн декъашхо (Хельсинки гӀ.). 1990 - 1997 шерашкахь МПУ Финно-угорийн филологин кафедрин коьртехь йара; кафедра дӀайаьккхинчул тӀаьхьа болх бира Теоретикан а, прикладни а лингвистикан кафедрехь.

2000-гӀа шерашкахь къахьийгирп коьртаниг уралан меттанийн типологин баланашна тӀаьхь а, селькупийн мотт гойтуш а.

2015 шеран 12 апрелехь чӀогӀа цамгар лайна, 84-гӀа шо долуш Ариадна Ивановна йелира.

Доьзал

  • Да: Кузнецов Иван (Ийбу) Прохорович — полковник, тӀеман топограф, схьавалар тверан ахархойх дара
  • Нана: Кузнецова (Антонова) Зинаида Ивановна — ишколан хьехархо а, библиотекарь а, элех хилла
  • Майра: Кобзарев Игорь Юрьевич (1932—1991) — физик-теоретик
    • ЙоӀ: Кобзарева Елена Игоревна (1963—2014) — историк

Коьрта белхаш

  • Семантийн меттан системан кхетам а, иза талларан хьесапаш а. (Понятие семантической системы языка и методы её исследования (из истории разработки данной проблемы в зарубежном языкознании)). — М.: МГУ, 1963.
  • Селькупийн маттара очеркаш. Тазан меттан га. (Очерки по селькупскому языку. Тазовский диалект.) — М.: МГУ, 1980 (в соавт. с Е. А. Хелимским, Е. В. Грушкиной).
  • Оьрсийн меттан морфемийн дошам. (Словарь морфем русского языка.) — М.: Русский язык, 1986 (в соавт. с Т. Ф. Ефремовой).
  • Селькупийн маттара очеркаш. Тазан меттан га. (Очерки по селькупскому языку. Тазовский диалект (Учебное пособие)). — М., МГУ, 1993 (в соавт. с О. А. Казакевич, Е. А. Хелимским, Л. Ю. Иоффе).
  • Красноярскан мехкан Туруханан кӀоштара селькупаш II - III эзаршо декъалучу хенахь. (Селькупы Туруханского района Красноярского края на рубеже II и III тысячелетий (социолингвистическая ситуация и языковые изменения)). — Воронеж: Изд-во Воронежского гос. ун-та, 2007. ISBN 978-5-9273-1174-3
  • Оьрсийн боламан хандешнийн динамика XI - XX бӀешерашкахь. (Динамика русских глаголов движения с XI по XX век). — Воронеж: Изд-во Воронежского гос. ун-та, 2010.

Цунах лаьцна

Юбилейн жайнийн гуламаш

  • Лингвистический беспредел: Сборник статей к 70-летию А. И. Кузнецовой / Сост.: Т.Б. Агранат, О.А. Казакевич. — М.: Изд-во Моск. ун-та, 2002. — 358 с. — ISBN 5-211-04759-1.
  • Лингвистический беспредел — 2: Сборник научных трудов к юбилею А. И. Кузнецовой / Сост.: Т. Б. Агранат, О. А. Казакевич, Е. В. Кашкин. — М.: Изд-во Моск. ун-та, 2013. — 435 с. — ISBN 978-5-19-010876-7.

Билгалдахарш

Tags:

Кузнецова, Ариадна Ивановна БиографиКузнецова, Ариадна Ивановна ДоьзалКузнецова, Ариадна Ивановна Коьрта белхашКузнецова, Ариадна Ивановна Цунах лаьцнаКузнецова, Ариадна Ивановна Юбилейн жайнийн гуламашКузнецова, Ариадна Ивановна БилгалдахаршКузнецова, Ариадна Ивановна12 апрель1932201527 январьМоскохСелькупийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

БелокашАхматова, Раиса СолтамурадовнаКанадаСеэЙоккха БританиСулейманов, Ахьмад СулеймановичБепигАзнабайМежиева, Макка ШахидовнаМецаванМайкл ДжексонОксфорд (Огайо)Дебора ФалабеллаМоскохШенесе-БуьйонМаьрша гӀирсашПарижШахидов, Адам СайдалхановичБорзКурдулиСоьлжа-ГӀалаИсландиСуботкаВыдропужскИтапесерика-да-СерраЖабраилов, Лукман ЗайнайдиевичЭггингенФольгариПекинСеда ДудуркаеваНохчийн моттСанта-Софи1193 шоНохчийчоьнан историЭнциклопедиГангток12 сентябрьЕвроКъонахаллаМао ЦзэдунНенан моттКоблевоВикихаамашКъемат-деГегамаванВенесуэлаХьажФутболех ловзаран дуьненан чемпионатДжайнизмГайдарбеков, Гайдарбек АбдулаевичРасаев ХьусейнӀаьрбийн Цхьаьнатоьхна ЭмираташФакундо АранаПетриковТӀехиина леларгКиранцИнгалсСаХӀиндонези871 шоМагелланан хидоькъеАль-ХьадасСвенск1919 шоApple🡆 More