Керлагвинейн Хӏорд

Керлагвине́йн хӀорд я Бисмаркан хӀорд (инг. Bismarck Sea) — Тийна океанан малхбузера гӀайренаш йукъара хӀорд, къилбаседехь а, малхбалехь а, къилбехь а доза тоьхна Бисмаркан архипелаго, малхбузехьа — Керла Гвиней гӀайренца; зӀе ю Витязь хидоькъечухула Соломонан хӀордаца.

ХӀордан Йуккъера кӀоргалла ю 1700 м, максимум кӀоргалла — 2665 м. Керлагвинейн хӀордан майда — 310 эз. км² гергга.

Керлагвинейн хӀорд
инг. Bismarck Sea
Керлагвинейн Хӏорд
Амалш
Майда310 эз. км²
Дуккха кӀоргалла2665 м
Лаьтта меттиг
HGЯO
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ХӀордан бух шортта кегийра гунаш а, ТӀапломан гӀайренаш а долуш аккумулятиван акъари ю. ХӀордан акваторехь хуьлу лакхара сейсможигаралла, сих-сиха хуьлу хин бухара мохкбегор.

Бердаш нийса ду. Дукха маржанийн рифаш ду. Керла Гвиней гӀайренан уллохула сихаллийца 0,5—0,75 м/с чекхдолуш ду Керлагвинейн хилелар. ГӀайренаш юкъахула хаало хӀорд чӀогӀа тӀекхетар.

Хин тӀехулара температуран юккъера барам 28 °С. Дуралла 34‰, океанан юккъерчу барамал лахара ю, алссама атмосферан йочанаш хилар бахьнехь. ХӀорд чу кхета даккхий хиш Сепик а, Раму а (ший а Керла Гвинейн къилбаседа-малхбален бердаца).

Коьрта порташ: Маданг Астроляби айман Керла Гвиней гӀайренан берд тӀехь, Рабаул Керла Британи гӀайрен тӀехь.

Керлагвинейн хӀордан акваторехь долу дерриг бердаш а, гӀайренаш а, хӀинца ду Папуа — Керла Гвинейн.

Керлагвинейн хӀордан географи толлуш боккха болх бина оьрсийн хӀордан экспедицеш (масала, «Витязь» корвет-кеманахь), уьш боьзна бу Н. Н. Миклухо-Маклайн белхашца, цуьнан сийнна цӀе тиллина Керлагвинейн хӀордан бердайистан — Миклухо-Маклайн берд.

Истори

1910 шарахь дуьйна ингалсан картографехь цӀе йелла Бисмаркан хӀорд, хийцина германхойн Пруссийн арахьара гӀуллакхийн министран Бисмарк Оттон сий деш.

Хаза факташ

1943 шеран 2—4 мартехь хӀорда чохь хилла америкин-австралийн а, японан а эскаршна юкъахь боккха тӀом. Японан канон тӀелетта бартхойн авиацис 1943 шеран 3—4 мартехь бухадахийтира бархӀ эскаран транспорт а, диъ эсминец а.

Литература

  • Керлагвинейн хӀорд — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 

Кеп:Тийна океанан хӀордаш

Tags:

Ингалсан моттМетр

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

YouTubeДегӀастаРасаев ХьусейнПутин, Владимир ВладимировичАвстралиВикипедиМонголиУфа1852 шоНохчийчоьАляскаИспанхойн моттВашингтон (Колумби гуо)БераххиларСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомМамакаев, Мохьмад Амаевич24 апрельДебёсин кӀоштСаратовКорнице (Польша)ХӀиндонезиНесерхоев, Изновр НесерхоевичЭджворт (Пенсильвани)Хорватийн мотт2010 шо1909 шоПетарбухСулейманов, Ахьмад СулеймановичОьрсийн моттОтово1991 шоСлонск-Дольни1807 шоКапитализмСтране2012 шоФакундо АранаСебиев РамзанКиранц22 апрельКейЛенин, Владимир ИльичОбровСтом тоьхна хьокумБадуев, СаьӀид Сулейманович1913 шоЕвропаВинтер-Спрингс (Флорида)ЭмкалшВайнах махкахбахарАллахӀДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарXXI бӀешо2008 шоМежиева, Макка ШахидовнаUbuntuКаспий-хӀорд🡆 More