Кеннеди Дж. Уолтеран Цӏарах Совгӏат

Кеннеди Дж.

Уолтеран цӀарах совгӀат (инг. J. Walter Kennedy Citizenship Award) — баскетболан йаздархойн говзаллин ассоциацис (инг. Professional Basketball Writers Association ) йукъараллин а, диканаш даран а гӀуллакхехь ша гайтина ловзархочун йа тренеран хӀора шарахь луш долу КъБА совгӀат. СовгӀат дала долийна 1974/75 шарахь дуьйна, цӀе тиллина оцу даржехь 1963-1975 шерашкахь болхбинчу [a] лигин шолгӀачу комиссаран Кеннеди Джеймс Уолтеран цӀарах. Йаздархойн Ассоциацин декъашхой билгалвоккху лигин ловзархо, цул тӀаьхьа кхаж тосу 150 гергга ассоциацин декъахочо. Уггаре дукха кхаьжнаш гулбинчу ловзархочунна совгӀат ло. СовгӀат ло йукъараллин диканаш дарехь уггаре доккха дакъалаьцначунна. Масала, Гарнетт Кевинан совгӀат делла 2006 шарахь Катрина цӀе тиллина мох-дерцах зулам хиллачарна 1,2 млн АЦШ доллар даларна.

Титул хӀинца лелош верг ву «Кливленд Кавальерсан» форвард Джеймс Леброн. Йукъадаьккхинчу хенахь дуьйна, совгӀат делла 35-за. «Детройт Пистонсан» ловзархошна уггаре дукха кхаьчна совгӀат — 5. Цкъа бен ца делла сов шина ловзархочунна цхьаьна — 1985/86 шарахь Купер Майклан а, Спэрроу Рорин а. Дивац Владе а, Мутомбо Дикембе а, Нэш Стив а, Далемберт Самюэль а — АЦШ арахьа бина и титул йаьккхинарш бу. Мутомбос бен ца йаьккхина и титул шозза. Лейден Френк а, О’Тул Джо а бен вац ловзархо а воцуш и совгӀат делла. Лейденан совгӀат делира 1983/84 шарахь, иза «Юта Джазан» коьрта тренер волуш. О’Тулан совгӀат делира 1994/95 шарахь, иза «Атланта Хоксан» физикин кечаман тренер волуш.

Билгалдахарш

Хьосташ

Хьажоргаш

Tags:

Ингалсан моттКъоман баскетболан ассоциаци

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

1892 шоАфрикаБгӀуьйегӀ-суьгӀ-ФегӀТоронтоБеков, Тембот ДордагановичУжинов, Олег ВячеславовичКведа-СазаноЭстгӀеФилософи1894 шоКгӀапонн16 февральКомсомольски (Кизляран гӀалин гуо)Ненан моттИталиХиФинлянди1904 шоФранциМонреальТокиоНава-де-ла-АсунсьонУкраина1940 шоГватемала.mkЛибериУругвайХорвати.ro1897 шоДзюдо1918 шоБашкирийчоьНохчийПанамаХелхарПхьамтой1915 шоСуданНохчийн моттБайтогӀеРоссийн кӀошташМехкан урхаллаГвиней-БисауАмуран областьШинараГезлой-Эвла.uzХарьковГезлойОвенсборо (Кентукки)1929 шоМонкада-и-РешакЛавленд (Колорадо)ЛитератураБутанОьрсийн ВикипедиОсла1902 шоЙоккха БританиГрамматика1957 шоЖӀайрахан кӀоштКъаьмнийн ДоттагӀаллаНидерландашЧхаттисгархАмерикин Цхьаьнатоьхна Штаташ.sbБашас🡆 More