Канберра Кэпиталз

«Канберра Кэпиталз» (инг. Canberra Capitals) — австралин профессионалан зударийн баскетболан клуб, ловзу зударийн къоман баскетболан лигехь.

Командин база ю Канберрехь (Австралин коьрта гӀалин мохк). 2014 шарахь дуьйна командин долахо ю University of Canberra Union. ХӀинца «Кэпиталзан» спонсор ю Канберрин университет.

Канберра Кэпиталз
Canberra Capitals logo new.png
Кхоьллина шо 1984
Стадион AIS-арена
ГӀала Канберра, АКГӀ
Долахо University of Canberra Union
Коьрта тренер Горисс Пол
[Официальный сайт Официалан сайт]
Форма
Канберра Кэпиталз
Форма
Канберра Кэпиталз
ЦӀера
Канберра Кэпиталз
Форма
Канберра Кэпиталз
ХьошалгӀара

Клуб йиллина 1984 шарахь, шен дебютан шо лигехь дӀадаьхьна 1986 шарахь, 1985 шарахь Австралин зударийн баскетболан конференцехь тоьллачул тӀаьхьа. Юьхьанца клубан баккхий кхиамаш бацара ЗКъБЛехь, амма 1999 шерал тӀаьхьа «Кэпиталз» хилира лигехь ондачу командех, цунна йукъа дуьненан уггаре дикачех ловзархо Джексон Лорен а, коьрта тренер Граф Кэрри а вар бахьнехь. Команда цхьайттаза левзира ЗКъБЛ йоккха финалехь, толам баьккхира 2000, 2002, 2003, 2006, 2007, 2009, 2010, 2019, 2020 шерашкахь, ткъа кхин а ийшира шеран коьртачу матчехь 2001 а, 2011 а шерашкахь.

ЗКъБЛ яккхийчу финалашкахь ловзар

«Канберра Кэпиталз» клуб левзина ЗКъБЛ цхьайтта йоккха финалехь, царех иссаннехь толам баьккхира (тӀаьххьара кхиам ЗКъБЛ рекорд ю).

Шо Къовсамхо ЖамӀ Чот ДӀаяьхьна меттиг
1999/00 Аделаида Лайтнинг Толам 67:50 Клипсал-Пауэрхаус, Аделаида
2000/01 Сидней Пантерс Иэшам 65:69 AIS-арена, Канберра
2001/02 Сидней Пантерс Толам 75:69 AIS-арена, Канберра
2002/03 Сидней Пантерс Толам 69:67 AIS-арена, Канберра
2005/06 Данденонг Рейнджерс Толам 68:55 Данденонг-стэдиум, Данденонг
2006/07 Сидней Юни Флэймз Толам 73:59 Пенрит Спортс-стэдиум, Пенрит
2008/09 Буллин Бумерс Толам 61:58 AIS-арена, Канберра
2009/10 Буллин Бумерс Толам 75:70 Стэйт-центр, Мельбурн
2010/11 Буллин Бумерс Иэшам 78:103 Стэйт-центр, Мельбурн
2018/19 Аделаида Лайтнинг Толам 93:73 AIS-арена, Канберра
2019/20 Саутсайд Флайерз Толам 71:68 AIS-арена, Канберра

СовгӀаташ

СовгӀаташ Ловзархой а, шераш а
ЗКъБЛ чемпион 9 (1999/00, 2001/02, 2002/03, 2005/06, 2006/07, 2008/09, 2009/10, 2018/19, 2019/20)
ЗКъБЛ йоккха финал 11 (1999/00, 2000/01, 2001/02, 2002/03, 2005/06, 2006/07, 2008/09, 2009/10, 2010/11, 2018/19, 2019/20)
ЗКъБЛ финалаш 15 (1992, 1999/00, 2000/01, 2001/02, 2002/03, 2003/04, 2005/06, 2006/07, 2007/08, 2008/09, 2009/10, 2010/11, 2018/19, 2019/20, 2020)
ЗКъБЛ MVP Лорен Джексон (1999/00, 2002/03, 2003/04), Эбби Бишоп (2014/15), Келси Гриффин (2018/19), Киа Нерс (2019/20)
ЗКъБЛ финалан MVP Кристен Вил (1999/00), Лорен Джексон (2001/02, 2002/03, 2005/06, 2009/10), Трейси Битти (2006/07), Натали Хёрст (2008/09), Келси Гриффин (2018/19), Оливия Эпупа (2019/20)
Уггаре дика дуьхьалонан ловзархо Марианна Толо (2016/17)
Уггаре дика къона ловзархо Эзийода Магбигор (2017/18)
Уггаре дика иччархо Джоди Мерфи (1992), Лорен Джексон (2002/03, 2003/04), Эбби Бишоп (2014/15), Киа Нерс (2019/20)
Уггаре дика тренер Джерри Ли (1991), Кэрри Граф (2006/07, 2007/08), Пол Горисс (2019/20)

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Канберра Кэпиталз ЗКъБЛ яккхийчу финалашкахь ловзарКанберра Кэпиталз СовгӀаташКанберра Кэпиталз БилгалдахаршКанберра Кэпиталз ХьажоргашКанберра КэпиталзБаскетболИнгалсан моттКанберра

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ОвташатЖанрХьабиб Ӏали аль-ДжифриАпартеидБрунейДемидоваБлюзПулемётЭссексХункар-мохкЭйфель, Гюстав АлександрЯнчаАбу Бакр ас-Сиддикъ4 сентябрьИбраьхӀимГӀийи-суьгӀ-Вьенн31 июльВаагнадзорСантьягу-ду-Касен1936 шоГӀиргӀазойчоьЛаха НевреГӀольвильШагӀсьеЧолманиМая (Рибейра-Гранди)Джулвез (коммуна)1948 шоЭль-АтасарНорт-Тастин (Калифорни)Руссо, Жан-ЖакКатехХасбулатов, Руслан Ӏимранан воӀКлючовецьXVI бӀешоАтагӀаБетпланКолбельКуен-ле-КуьвгӀиСен-ЛубуеВайнахВоля-ЖовтанецкиВикилармаДенверКастроверде21 июньИсламЧӀинхойАкротири а, Декелиа аМамакаев, Мохьмад АмаевичЛаосРуандаАлександровице (Малопольскан воеводалла)Къилба-Африкин РеспубликаБуьртиг-йалтаЛатинан моттБадуев, СаьӀид СулеймановичПеретаБӀарНурнусРасаев ХьусейнМаккаМилтон (Вашингтон)Цийн йозаКастеллаццо-БормидаЛинкольн, Авраам🡆 More