Жимачу Альбикин Берийн Дийцарш

«Жимачу Альбикин берийн дийцарш» — иза Нохчийн Республикехь берашна лерина дуьххьарлера сериальни киншкин издани йу.

Цуьнан йукъара тираж 10 000 сов йу. Киншкийн автор йу берийн йаздархо йолу а, Нохчийн Республикин «Бералла» цӀе йолчу берийн довзийтаран журналан коьрта редактор йолу а, Россин Федерацин, Нохчийн Республикин хакъйолу культурин белхахо йолу а, Россин йаздархойн союзан декъашхо йолу а, «Кхиаво йешархо» цӀе йолчу бераш йешарна марзбечу серлонан а, искусствон а, культурин а гӀуллакххойн Россин ассоциацин декъашхо а йолу Сайдумов Мадин йоӀ Зулай.

Жимачу Альбикин берийн дийцарш
Арахецар
«ЧӀобиг»
Автор Сайдумов Мадин йоӀ Зулай
Йазйина мотт нохчийн, оьрсийн
Дуьххьара зорба тоьхна 2021

«Жимачу Альбикин берийн дийцарш» цӀе йолчу сери итт дийцарх лаьтта. ХӀора дийцар шена къастийнчу киншкаца арахецна а йу

Серин коьрта турпалхо Альбика цӀе йолу нохчийн йоӀ йу. Жима Альбика — иза хӀинца дика девза хазачу, аьрхачу, чӀогӀа хьекъалечу, дикачу нохчийн жимачу йоьӀан беран васт ду. Изданин агӀонаш тӀехь къона йешархой Альбикица, цуьнан доттагӀашца цхьаьна, гуттар дикано вуо эшочу, шатайпана башхачу дуьнен чу ловза оьху.

Жимачу Альбикас а, цуьнан доттагӀаша а дика гӀуллакхаш до, дийнаташна дола до, Ӏалам Ӏалашдо, лардо. Жимачу Альбикин васт атта дагахь лаьтташ ду, цуьнгахь шортта бакъхьара амалан билгалонаш къаьста: дикалла, гӀиллакхалла, эсалалла, хӀуманан терго йеш хилар. Россин а, Белорусин а берийн библиотекаш чу кхечира Альбикех лаьцна дийцарийн киншкаш. Нохчийн Республикин массо а маьӀӀехь бераша чӀогӀа хазахетарца доьшу жимачу Альбикин дийцарш.

Дийцаршкара шолгӀачу тӀегӀанера турпалхой бу: Санет, Эниста, Зараъ, Белита, Коьра, Хьасипат, Хьалимат, Шари-Бари, ТулгӀа иштта кхиберш а. Серин кхийолу персонажаш хӀорш йу: Ӏахар ЧӀобиг, цициг Муркензи, котам Къурдалг, котам кӀорни Ӏаьржалг, уьнтӀепхьид Жора ишшта кхийерш а. 2021 шеран керла хилам а, Нохчийн Республикерчу берашна боккха литературин кхаъ а хилла дӀахӀоьттира хаза серильни издани. Цхьана киншки тӀехь шина маттахь ду дийцар далийна: цкъа оьрсийн маттахь, тӀаккха изза дийцар нохчийн маттахь а. Цо атта до нохчийн маттахь йешар даржо а, марздан а. Дийцарийн коьрта турпалхо Альбика цӀе йолу жима йоӀ йу, цуьнан доттагӀий а бу. Уьш Нохчийчоьнахула лела беркате гӀуллакхаш а деш, цара диканаш до, вуочунна дуьхьало а латта йо.

Иллюстратор-суртдиллархо Чамаев Сай-Эминан йоӀ Эсет. Нохчийн матте гочдархо: Абдулкадыров Турпал-Ӏелин Адам. Корректор Хаисев Вахин йоӀ Амнат.

«Бералла» цӀе йолчу журналан издательство, 2021 ш. Киншкех лаьцна хаамаш лаьтта Россин пачхьалкхан библиотекан ресурсехь. «Жимачу Альбикин берийн дийцарш» дӀадовзийтира «Все начинается с детства» цӀе йолчу йерригроссин киншкийн фестивлехь (Красноярск, 2021 ш.). Нохчийн Республикехь цунах шуьйра пайдаоьцу школазхойн а, ишколийн а учрежденешкахь. Киншкашна йоккха терго йира библиотечни йукъарлоша а. Карарчу серин киншкийн хьокъехь видео а йаьккхира, дӀа а гайтира Островскийн цӀарахчу Центральни берийн библиотеко (Минск гӀ., Беларусан Республика) а, Ю. А. Гагаринан цӀарахчу библиотеко а ("Космическая библиотека, Москох гӀ., Россин Федераци).

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Бералла (журнал)НохчийчоьСайдумова Зулай

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Ӏаьржа хӀордКинешман кӀоштУмханов, Шарип ИсаевичАллахӀСлонск-ДольниШамтосе-суьгӀ-ЛуагӀОлхазаршXXI бӀешоНохчийн ВикипедиМиланБексултанов, Муса ЭльмурзаевичЭль-Мираж (Аризона)ТуьркМежиева, Макка ШахидовнаДебёсин кӀошт1950 шоМухьаммадАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀДуьххьара нохчийн-оьрсийн тӀомСатуев, Хусейн Джунидович1913 шоОлеттХьунГарволевоКавказМамакаев, Мохьмад АмаевичЗовашенГӀиргӀазойчоьКоьрта агӀоОтово2009 шоХункар-мохкИспанхойн моттБергман, ИнгмарКианетиФакундо АранаСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомСаратовХорватийн моттКазаньВашингтон (Колумби гуо)Ахмадов МусаХарачойн ЗеламхаВилкова, Екатерина НиколаевнаСервантес, Мигель деЕвропаКиранц1 апрельКапитализм1894 шоАвстралиАФерменташМонголиЛондонВинтер-Спрингс (Флорида)1979 шоЛенин, Владимир ИльичМоскохОьрсийн моттНатахтариYouTube1852 шо🡆 More