Дуьне́нан поли́тикин ка́рта — географин карта, гойту дуьненан мехкаш, церан урхаллин кепаш а, пачхьалкхийн хӀоттам а.
Политикин карто гойту коьрта политикин-географин хийцамаш: кхоллаелла керла маьрша пачхьалкхаш, церан хийцаелла статус, пачхьалкхаш вовшахкхетар, йекъайалар, суверенитет яр я ялар, пачхьалкхийн дозанаш хийцадалар, коьрта гӀала хийцар, пачхьалкхийн а, коьрта шахьрийн а цӀераш хийцаялар, пачхьалкхан урхаллин кеп хийцар, кхин дӀа а.
Политикин картин тӀиера хийцамаш хуьлу дукхаллин (пачхьалкхан керла карийна латташ тӀетохар, тӀемашкахь даьхна а, дайина а мехкаш, цхьаьнакхетар а, йохар а пачхьалкхаш, пачхьалкхаш хийцина мехкаш, кхин дӀа а) а, дикаллин (суверенитет яккхар, урхаллин кеп а, пачхьалкхан хӀоттам а хийцар, пачхьалкашна йукъара барташ кхоллабалар, кхин дӀа а) а. ТӀаьхьарчу заманахь дуьненан политикин картин тӀехь дукхаллин хийцамаш лагӀбелла, дукхах дерг хуьлу дикаллин хийцамаш.
Юьйцу процессаш Ӏамо дуьненан социалан-экономикин географин дакъанах, иштта «дуьненан политикин карта» олу.
Ширачу муьрехь дӀахӀуттуш, кхуьуш, юхуш яра шира пачхьалкхаш (Мисар, Карфаген, Желтойчоь, Рум); тӀаьхь-тӀаьхьа монархешкахь а, имперешкахь а чӀагӀло тхьамдалла; кхуьура тӀеман демократи. Яьржина яра кхаа тайпана пачхьалкхаш: авторитаран а, пхьолан а монархеш; импереш (царна чохь дацара билгала дозанаш марталлин политикин системан) а, гӀала-пачхьалкхаш (алсама билгала болу мехкан хӀоттам а, бахархоша политикин дахарехь жигара дакъалацар: Афина, Фива, Спарта, кхин а).
Кхузахь кхуьура деспотийн монархин Ӏедал, цуьнан концентраци а, централизаци а; европин пачхьалкхийн урхаллера килсан роль чӀагӀъялар; пачхьалкхаш гӀертар генара мехкаш схьадаха, ткъа кхин а кхоллаяла йолаелира чоьхьара базарш.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Дуьненан политикин карта, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.