Байда йа Дежийла йа Дишни — буц йуу дийнаташ дажо гуттаренна а лелош долу, бецан ораматаш йолу йуьртабахаман латташ.
Механизацин йуьртабахам йукъабалале, байда аьхка коьрта хьост хилла дийнатийн йуурган, масала бежний, уьстагӀий, говраш. Байданаш хӀинци а лелайо дийнаташ дажош, йекъачу областашкахула латта кхечу хӀуман пайдехь доцучохь муххале а.
Байдаш къастайо: йекъа тогӀийн, хи диллина, уьшал хилла, ломан, кхин а. Тодаран тӀегӀанца байдаш декъало Ӏаламан а, культурин а декъашка. Культурин байдаш йо оханаш дӀа а дуьй лакхарчу сурсатийн бецашца, иштта байдин лакхара дааран мехалла хуьлу Ӏаламан байдашца дуьстича.
Байдин ораматаш хила тарло тайп-тайпана кенан ораматаш, кенан-кхоьшан культураш, кхин а докъаран культураш. Лаьттан тайпа, хӀора шеран температуран минимум, йочанаш — байдаш лелоран кепийн коьрта факторш йу.
Дуьненан байдин йерриг майдан барам 26% гергга бу, декъачу лаьттан майдан барамех.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Байда, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.