1905—1907 Шерашкара Революци Россехь

1905 шеран оьрсийн революци, я Хьалхара оьрсийн революци, — 1905 шеран январера 1907 шеран июнь кхаччалц болчу муьрехь Российн имперехь хилла хиламаш.

1905—1907 шерашкара революци Россехь
Якобстадера гайтам. 1905 шеран гуьйре
Якобстадера гайтам. 1905 шеран гуьйре
Меттиг
Меттигаш
Терахь  1905 9 (22) январь —   1907 3 (16) июнь
Бахьна Латтан къоьлла; белхалойн бакъонаш йохаяр; болчу гражданийн маршонан тӀегӀанан реза ца хилар; либералийн а, социалистийн а партийн болх; контрреформаш. Императоран абсолютан монархи, къоман йукъара векалийн меже а, конституци а ца хилар.
Коьрта Ӏалашо Белхан хьолаш тодар; ахархойн пайденна латташ юхадекъар; мехкан либерализаци; гражданийн маршо шоръяр;
ЖамӀ Парламент кхоллар; КхоалгӀа июнан харцам, паччахьан бакъонашна доза тохар; уггаре кхиина реформаш дӀаяхьа хьажийна йолу Ӏедалийн барамера-реакцин политика; мелла а латтан бала дӀабаккхар, белхалойн баланаш дисар, къаьмнийн гӀуллакх дисар.
Вовшахтохархой Социалистийн-революционерийн партия, РСДБП, Маршаяккхаран барт, СДКПиЛ, Польшин социалистийн парти, Литван, Польшин, Российн йукъара жуьгтийн белхалойн барт, Латышийн хьуьнан вежарий, Латвин социал-демократин белхалойн парти, Белоруссин социалистийн громада, Финляндин жигара дуьхьало яран парти, Поалей Цион, «Бепиг а, паргӀато а», обаргаш, кхин берш
ДӀайахьаран ницкъаш белхалой, ахархой, интеллигенци, эскаран цхьацца дакъош
Декъахойн барам 140 эзар — 2 миллион
МостагӀий Эскаран дакъоша; императоран Николай II-гӀачуьн агӀончаша, тайп-тайпан черносотенцийн кхолламаша.
Кхелхина 9000
Чов йина 8000
Лецна хаамаш бац
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Адам политикин лозунгашца алссама гӀаттаран бахьна хилира «КӀиранан дийнан ций Ӏанор» — 1905 шеран 9 (22) январехь Петарбухехь императоран эскарша коьртехь мозгӀар Гапон Георгий волу белхалойн машарен демонстрацин тоьпаш тохар (96 вийна, 333 човйина, царех тӀаьхьа вела кхин а 34 стаг, — Полицин департаментан директоро А. А. Лопухина хаам бина 9 январан хиламех чоьхьарчу гӀуллакхийн министран А. Г. Булыгине шен февралан докладехь).

Оцу муьрехь стачкин болам шуьйра баьржира, эскарехь а, флотехь а карзаха бовларш а, гӀаттамаш а хилира, иза бахьнехь монархин дуьхьала массаш евлира. Николай II-гӀачун 1905 шеран 6 августан «Пачхьалкхан Дума кхолларах» манифестаца, кхоьллира Пачхьалкхан Дума паччахь волчохь законаш дийцаре доху меже санна. Амма карзахдийларш ца совцура.

ГӀаттаман жамӀ хилира конституцин хийцамаш — 1905 шеран 17 октябран манифест, цуо совгӀат дира гражданийн маршонца: стагах куьйгаш ца Ӏиттар, эхь-бехкенан маршо, дешан маршо, гуламийн маршо, ассоциацийн маршо. Манифестаца йира Пачхьалкхан кхеташонах а, Пачхьалкхан думех лаьтта Парламент.

Революцин тӀаьххье реакци хилира: 1907 шеран 3 (16) июнан «КхоалгӀа июнан харцам». Йоцучу хенахь, цхьан баттахь, кхоьллира правительство, цунах дукхах болчара олу «Хьалхара хана йолу»

Иза йолуш хийцира Пачхьалкхан думе харжаман бакъонаш паччахьегахьа болу депутаташ совбахархьама; меттигера Ӏедалша 1905 шеран 17 октябран манифестехь юьйцу маршонаш тергал ца йора, дукхаха болчу мехкан бахархойн уггаре ладамениг юьртабахамах дерг дара, иза кхочуш ца дира.

Иштта, Хьалхара оьрсийн революци кхоьллина социалан дуьйлина хьал, дуьззина мадина дацара, цуо некъ биллира тӀаьхьа 1917 шарахь революцин гӀаттамна.

Революцин бахьнаш

Промышленность йожаро, ахча лелар дохаро, ялта ца кхиаро, Оьрсийн-туркойн тӀом болуш тӀекхетта доккха пачхьалкхан декхаро Ӏедалан меженаш хийца еза хьал хӀоттийра. Натуралан бахаман ладамаллин мур чекхбалар, промышленностан хьесапийн прогрессан жигара кепан, XIX бӀешахь оьшура радикалан керла хӀуманаш администрированехь а, бакъонехь а. ГӀопаллин бакъо дӀаяккхарца а, бахамаш предприятешца хийцарца а оьшура законашдахаран Ӏедалан керла институт. Ӏедалан реза ца хилар доьзна дара кхин а тӀеман аьтту ца хиларца а (оьрсийн-японин тӀом), мехкан доккхаха долу декъехь дахаран тӀегӀа лахара хиларца, къоьллица, ткъа кхин а гражданийн маршонан тӀегӀанах тоам цабарца: яцара дешан а, зорбанан а маршо, законехь цхьабосса хилар, стагах хьакхавала цамагар.

Ахархолла

Ахархой уггаре доккъа чкъор дара Российн имперехь — берриг бахархойх 77 % гергга. 1860—1900 шерашкахь бахархой сиха тӀекхетаро, цхьанна кхочу лаьттан дакъа охьадаьккхира 1,7 – 2-зза, ткъа оцу хенахь ялтин юккъера барам 1,34-зза бен тӀе ца кхеттера. Оцу дисбалансан жамӀ хилира гуттуренна а бужу ахархойн цхьаьна синна кхочу бепиган барам бара, цуьнца доьзна, берриш ахархой эцча экономикин хьал талхар.

Цул сов, Европехь баккхий экономикин хийцамаш хилира, цуьнан бахьна дара цига дораха америкин буьртиган ялта кхачар. Цуо Российн доккха зулам дира, хӀунда аьлча ялта коьрта экспортан сурсат дара.

Стага муха гойтур бу, кхиор бу шен къинхьегам, шена хууш хилча, ша лелош долу латта цхьа хан яьлчи кхечуьнца хуьйцур хилча (йукъаралла), цуьнан къинхьегаман «стоьмаш» законашца а доцуш доькъур хилча весетан бакъонца, Ӏадатца. Иза жоьпаллехь вара кхечу стага охьа ца йехкина налогех… иза дӀасаваха йиш йоцуш, шениг дита йиш йоцуш вара, цӀа дукха хьолехь олхазаран бенал къиен дара, паспорт дацара, иза далар хьаькаман ламе хьаьжжина дара, цхьаьна дешца аьлча, цуьнан Ӏар-вахар цхьаьна агӀора хьайбанчух тера дара, башхалла яра хьайбанан дас шен даьхний кхобура, хӀунда аьлча иза цуьнан бахам болун дела, ткъа Российн пачхьалкхан и беркат сов долуш дара, ткъа сов хӀуман мах ца хуьлу.

1880-гӀа шераш чекхдовлуш бепиган жигара экспорте курс йина российн правительство, хилира ахархойн даарийн сурсатийн хьал талхийна кхин цхьа фактор. Финансийн министро Вышнеградскийс аратеттина, «ДӀадуур дац, амма ара-м доккхур ду» боху лозунго, гойтура правительство хӀуъу а дина а бепиган экспорт ян гӀертар, цу тӀе чохь ялта ца кхиача а. Иза дара 1891—1892 шеран мацаллин цхьа бахьна. 1891 шеран мацаллин тӀера йуьртан бахаман къоьлла тӀаьхь-тӀаьхьа лорура яхъелла а, Юккъера Российн экономикин кӀорга цамнар а.

Ахархойн лаам бацара айа шен белхах хуьлу эвсаралла. Бахьнаш охьадехкира Виттес шен дагалецамашкахь иштта:

Демографин агӀора тӀекхета бахархой бахьнехь, гуттара а жима хуьлу лаьттан декъан барамо («латта ца тоар») далийра 1905 шеран революцехь российн ахархойн йукъара латта дехаран лозунгашка, мехкадайшкара схьа а даьккхина латта декъар.

Революцин юьхьиг

1905—1907 Шерашкара Революци Россехь 
Г. А. Гапон «Оьрсийн фабрикийн-заводийн белхалойн гуламехь». Булла Карлан сурт

1904 шо чекхдолуш махкахь ирбелира политикин къовсам. П. Д. Святополк-Мирскийн правительствос кхайкхийна йукъараллех тешаран курсо жигарабаьккхира оппозицин болх. ХӀетахь оппозицин коьрта ролехь яра либералан «Маьршадахаран барт». Сентябрехь «Маьршадахаран бертан» а, революцин партийн а векалш гулбелира Парижан конференцехь, цигахь дийца даьккхира паччахьан Ӏедалца цхьаьна дов латтор. Конференцин жамӀашца тактикин барт бира, цуьнан формула яра: «цхьацца тӀе а лата, цхьанне етта а етта». Ноябрехь Петарбухехь «Маьршонан берто» кховдорца, ткъа резолюци хӀоттийнера Земски гуламо, тӀедуьллура халкъан вакилат а, политкин маршонаш а. Гуламо метах йаьккхира земски петицийн кампанеш, цара тӀедуьллура чинхойн Ӏедална доза тохар, йукъаралле пачхьалкхан урхалле кхайкхар. Правительство цензура лагӀъяр бахьнехь земски петицийн тексташ зорбане кхочура, уьш массара йийцаре йохура. Революцин партеш гӀолоцура либералашна, студентийн гайтамаш хӀиттабора.

1904 шо чекхдолуш хиламашна йукъаозийра мехкан уггаре боккха белхалойн кхоллам — «Петарбух гӀалин оьрсийн фабрикийн-заводийн белхалойн гулам». Кхолламан коьртехь лаьттара мозгӀар Гапон Георгий. Ноябрехь «Мукъабахаран бертан» декъахойн тоба цхьаьнакхийтира Гапонца а, «Гуламан» куьйгаллера гуонца а, кховдийра цаьрга политикин чулацам болу петицица арабовлар. Ноябрехь-декабрехь петицица арабовлар дийцадаьккхира «Гуламан» куьйгаллехь. Декабрехь Путиловн заводехь дар-дацар хилира виъ белхало дӀавоккхуш. Вагонийн цехан дечиг кечйаран пхьолгӀин говзанчо Тетявкина хьалхий-тӀаьхьий дӀаваьккхира виъ белхало — «Гуламан» декъахой. Дар-дацар талларо гайтира, говзанча харц хилар, кхолламан мостагӀалла долу дешнаш алар а. Заводан администрацина тӀедиллира дӀабаьхна белхалой метахӀиттабе, говзанча Тетявкин дӀаваккха балхара аьлла. Администрацис тӀедиллар кхочуш ца дича «Гуламан» куьйгалло болх сацо кхерам тесира. 1905 шеран 2 январехь «Гуламан» куьйгалхойн хийшаршкахь сацам бира Путиловн заводехь забастовка йан, ткъа тӀедиллинарг кхочуш ца дахь — цунах массеран забастовка йан, иза петицеш йан лело.

«Хьомсарнаш, даларх кхера оьшуш дац! Далар хӀун ду! Вайн дахар даларал кхераме дац? Маьхкарий, хьомениш, ма кхерийша даларх…».

В. М. Карелинин Василеостровски кӀоштан белхалойн гуламал хьалхара къамел

1905 шеран 3 январехь сецира 12 500 белхало волу Путиловн завод, ткъа 4 а, 5 а январехь царна тӀекхийтира кхин а масех завод. Путиловн заводан Администрацица дина дийцарша жамӀ ца дира, 5 январехь Гапон массашна йукъакхоьссира паччахье гӀо дехаран ойла. 7 а, 8 а январехь забастовка дехьайелира гӀалин йерриг предприятешна, цунах йукъара забастовка хилира. Забастовкехь дакъалецира Петарбухан йерриг 625 предприятис, 125 000 белхалочо. Оцу деношкахь Гапона а, белхалойн тобано а хӀоттийра императоран цӀарах Белхалойн хьаштех лаьцна петици, цунна чохь экономикичаьрца цхьаьна могӀара дара политикин амалера тӀедахкарш. Петицис тӀедуьллура къайлаха, цхьабосса дуьххьала дӀа харжамашкахь халкъан вакилат кхайкхар, гражданийн маршо йаккхар, халкъан хьалха министраш жоьпаллехь хилар, урхалла законашца хиларан гарантеш, 8 сахьтан белхан де хӀоттор, пачхьалкхан чоьтах дерриг йукъара дешар хилар, кхин шортта а. 6, 7, 8 январехья петици дӀадийшира «Гуламан» дерриг 11 декъехь, цунна кӀелатесна дара иттаннаш эзарш куьйгаш. Белхалошка кхойкхура кӀирандийнахь, 9 январехь, Ӏаьнан гӀалин майдане, паччахье петиции массара а дӀайалархьама.

1905—1907 Шерашкара Революци Россехь 
"ЦӀий Ӏанийна кӀиранде". Коссак Войцехан сурт.

7 январехь петицин чулацам бевзира паччахьан правительствон. Цунна чуьра паччахьан Ӏедална дозатохаран политикин тӀедахкарш, тӀеоьцийла дацара урхаллера ражан. Правительствон хаамашкахь церан маххадабора «кӀоршаме» аьлла. Урхаллера гуонехь петици тӀеэцар хьехош а дацара. 8 январехь Святополк-Мирский председатель волчу правительствон хийшамашкахь сацам бира белхалой Ӏаьнан гӀалин тӀе ца кхачийта, ткъа эшахь уьш ницкъашца совцор. Оцу Ӏалашонца сацам бира коьртачу новкъашкахь эскаран гӀарулаш хӀитто, цара белхалойн гӀалин йукъа догӀу некъаш къовла дезара. ГӀалин чуозийра эскар, барам 31 000 сов салти а волуш. 8 январан сарахь Святополк-Мирский вахара Паччахьан Йуьрта император Николай II волчу бинчу балхах дерг дийца. Паччахьо дӀайаздира цунах дерг шен тептарехь. Операцин йукъара куьйгалла тӀедиллира Гвардин корпусан баьччин эла С. И. Васильчиковн.

Революцин жамӀаш

  • Россехь парламентаризм кхиаран йуьхьиг: кхоьллина Пачхьалкхан Дума, ткъа хьалха хилла Российн империн Пачхьалкхан кхеташонах йина парламентан лакхара палата;
  • паччахьан Ӏедална доза тохар;
  • йукъайаьккхина демократин маршонаш, царна йукъахь дешан а, дин лелоран а маршо;
  • магийна говзберташ, кхоллало къайлаха доцуш политикин партеш;
  • юридически дӀайаьккхина цензура;
  • буржуазин таро хилира мехкан политикин дахарехь дакъалаца;
  • белхалойн хьал тоделира, белхан де дацдира 9—10 сахьте кхаччалц;
  • тодина цхьа могӀа кегийра къаьмнийн (полякийн, латышийн, литвахойн) хьал, цуо къоман кхетам айина;
  • ахархойн таман махбалар дӀадаьккхина, уьш дӀасалеларан маршо йаьлла;
  • Земски хьаькаман Ӏедална доза тоьхна;
  • белхан алапа айар

Ибаьхьаллин литературехь сурт гайтар

  • Андреев Леонидан дийцар «Ирхъоьллина ворхӀаннах дийцар» (1908). Дийцаран бух хилла хилам бу — ирхъохкар хилла Лисийн Нос олучу меттигехь, Петарбухан герга 17.02.1908 ш. (шира хотӀан), социалистийн-революционерийн партин Къилбаседа областан ТӀома лела тӀеман тобан ворхӀ декъахо вара иза .
  • Андреев Леонидан повесть «Сашка Жегулёв» Архивйина 2020-02-25 — Wayback Machine (1911). Повестан бух тӀе йиллина хьалхара оьрсийн революцин заманара гӀараваьллачу экспроприаторан, 1909 шеран апрелехь полицис Гомель гӀалан гергахь вийначу Савицкий Александран истори.
  • Толстой Леван йаззам «Вист ца хуьлуш ца Ӏало!» (1908) байаран кхелех.
  • Дорошевич Власан дийцаран гулам «ШайтӀанан мох а, тӀаьхьарчу хенан кхин кхолламаш а».
  • Бальмонт Константинан байт «Вайн паччахь» (1907). ГӀараяьлла гучудаккхаран байт.
  • Пастернак Борисан поэма «Девятьсот пятый год» (1926-27).
  • Осоргин Михаилан роман «Сивцев Вражек» (1928).
  • Житков Борисан роман «Виктор Вавич» (1934).
  • Гайдар Аркадийн повесть «Дахар хӀумма а ца хета (Лбовщина)» (1926).
  • Гайдар Аркадийн повесть «Хьуьнан вежарий (Давыдовщина)» (1927).
  • Катаев Валентинан повесть «КӀайнло ша лаьтта гата» (1936).
  • Горький Максиман романаш «Самгин Климан дахар», «Нана».
  • Васильев Борисан роман «Хиллера суьйре, хиллера Ӏуьйре» — ISBN 978-5-17-064479-7.
  • Замятин Евгенийн дийцарш «Лела ца хуург» а, «Кхо де».
  • Варшавянка — революцин эшар, 1905 шарахь шуьйра яьржира.
  • Сийлахь империн тӀаьхьашкахь — Пикуль Валентинан шина жайнин тӀера историн роман. Дуьххьара арахецна 1964—1966 шерашкахь.
  • Успенский Леван автобиографин повесть «Записки старого петербуржца».
  • Акунин Борисан жайна « Алмазан хьоркуна» Том 1.
  • Степанов Александран роман «ЗвонарёвгӀеран доьзал».
  • Андриканис Е. Н. «ШайтӀанан бенан» хӀусамда. — 3 изд. — М., 1965.

Иллюстрацеш

Хьажа кхин а

  • Росси 1905–1907 шерашкахь: Энциклопеди
  • Троцкий Лев 1905 шарахь
  • Революцин терроризм Россий имперехь

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Кеп:Йаккхиййн пачхьалкхийн дипломати 1871—1919

Tags:

1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Революцин бахьнаш1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Революцин юьхьиг1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Революцин жамӀаш1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Ибаьхьаллин литературехь сурт гайтар1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Иллюстрацеш1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Хьажа кхин а1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Билгалдахарш1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Литература1905—1907 Шерашкара Революци Россехь Хьажоргаш1905—1907 Шерашкара Революци РоссехьРоссийн импери

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

AppleАламидаПермийн мохкАпостол ПавелКолленьоСен-ПотанЗеленогорск (Петарбух)570 шоЛанмодеЦуруев, Шарип МовладовичХашалдаИспанхойн моттАтин АтабиМежгорьен кӀоштСацаран хьаьркашКаньо (Тренто провинци)АмазонкаВьетнамПолелюмКъонахаллаБратиславаСен-Жиль-дуь-МенеСент-ИжоБисултанов, Апти ДибаевичВисаитов, Мавлид АлероевичАмерикин Цхьаьнатоьхна Штаташ11 июльДекартГитлер, АдольфИсламНохчийн Республикин шатлакхан иллиКаллакХуда ЯмаПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаЦуьрихМух меркаЛатернсНохчийн Википеди(2884) ReddishСаракаев, Хамзат Ибрагим-БековичЛейкгерст (Нью-Джерси)Хасимиков СалманИбрахӀимНохчийчуьра акхаройЙеараБунойСофоклЛазиноЧанакьяВиньола-ФалезинаHTMLБакохХалкъашна йуккъера валютан фондХьекъал.jpЧелябинскан областьБутт (планета)Праттвилл (Алабама)Пачхьалкхийн могӀамАндалоСан-ДжиминьяноКриштиану РоналдуСен-ТгӀимоэльПедивильяноКамподенно1981 шоАвианекъ.idЛе-КильоКапутанТейтум (Нью-Мексико)Рождествон гӀайре (Кирибати)🡆 More